391. Анас ибн Малика (Аллахl реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа
Пайхамара (Аллахlера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)
гlурбанна шишша маlа йолу ши уьстагl бийра. Шен ког дийнатан вортанан агlонна тlе а биллина, Аллахlан цlе а яьккхина, «Аллахlу акбар» аьлла, Аллахl сийлахь а вина, шен куьйга урс
хьаькхира цо цаьршинна». (ал-Бухари: 1712, Муслим: 1966).