389. Салим ибн IабдуллахI ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезира шена аьлла: «ЖIаьла кхобуш волучу (стагана) ял - хIора денна ши къиратl кIезиг луш ю, нагахь (оцу стага иза) талла эха, я даьхний лардан (хьажийна) дацахь».
Салима дийцина: Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) олура аьлла: «Хен жIаьла а доцург», хIунда аьлча ша а ма варий иза шен долахь лелош ялтанаш долуш» (ал-Бухари: 5481, Муслим: 1574)
390. Рафиl ибн Хадижа (Аллахl реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа тхо Аллахlан элчанца (Аллахlера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьаьна Тихlама (олучу меттигехь йолучу) Зил-Хьулайфе кхаьчначу хенахь нахе чlогlа мацалла хlоьттинера. Цигахь церан кара хlонсан эмкалш а, уьстагlий а даьхкира. Пайхамар (Аллахlера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) нахана уггаре а тlаьхьа хlоьттина вогlуш вара. Хlетахь (наха), сих а белла, (оцу карадеъначу хlонсах даьхнина) арсаш а хьаькхна, (жижиг кхехкон дагахь) яйнаш хьалаоьхкира. Тlаккха Пайхамара (Аллахlера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), дlаlанаде уьш аьлла, омра дина. Яйнаш тlекlел а диттина, дlаlанийра цара. Цул тlаьхьа (хlонс яьккхиначарна юккъехь и) дlасайийкъира (Пайхамара (Аллахlера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)), итт усьтагl цхьана эмкале а нисбеш. Циггахь (оцу хlонсана юкъарачу эмкалех) цхьа эмкал дlаедира, ткъа уьш иза схьалаца тlехьабевлира. Амма уьш кlелбиссира (иза схьацалацалуш). (Гlазотан) бlонна юкъахь говраш ерш а бара жиммал. Царех цхьана стага, шен пха схьа а эцна, (леррина lалашо а лаьцна) дlахийцира. (И (пха) тlе а кхетта), Аллахlа сацийра иза (эмкал). (Пайхамара (Аллахlера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) элира: «Хlокху дийнатийн (адамех) къехкар ду-кха, (акхачу дийнатийн) санна. Цундела (дада а дедда, лаца ца луш) шаьш кlелдиссиначу (дийнатна) - хlокхунна диннарг де аша». (Рафиl ибн Хадижа) аьлла цуьнга: «Хlай, Аллахlан элча! Кхана мостагlчунна дуьхьал кхета дезар долуш ду вайн, ткъа вайгахь арсаш а дац, (уьрсан метта) эрз хьакха мегар дуй оха?» Цо жоп делира: «Цlий дlахоьцуш йолу хlума а хьаькхна, (хьокхучу хенахь) Аллахlан цlе а яьккхина хlума - яа мегаш ю, (амма) церг я мIара хьаькхна (йийна йолу хlума ма яа). Аса дуьйцур ду хьуна (цуьнан бахьана хlун ду): цергах дерг аьлча - иза даьlакх ю, ткъа мIарах дерг аьлча - иза (керста) эфиопхойн урс ду» (ал-Бухари: 3075 Муслим: 1968).