370. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ХIокху тхан гIуллакхехь (бусалба динехь) цуьнах доцург юкъадаьккхиначуьнгара - и цо (юкъадаьккхинарг) тIеоьцур долуш дац (къобалдийр долуш дац)» (ал-Бухари: 2697, Муслим: 1718).
Оцу хьадисан кхечу хаамехь аьлла: «Цхьамма тхан гIуллакхца (бусалба динаца) цхьаьна ца догIуш долу муьлхха а цхьа хIума дахь - иза тIеоьцур долуш дац (къобалдийр долуш дац)».
371. lайшата (Аллахl реза хуьлда цунна) дийцина: «Абу Супьянан хlусамнана йолучу lутбан йоlа Хlиндас, Аллахlан элча (Аллахlера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)
волучу чу а яьлла, хаьттира: «Хlай, Аллахlан элча! Абу Супьян бlаьрмециг стаг ву. Суна а, сан берана а хьакъ долучу кепара напкханцакхачо еш вац иза. Цундела, цунна
а ца хууш, цуьнан ахчанна тlера схьаэца дезаш нисло сан.
И бахьанехь къа хьаьрчий-техьа соьх?». Цо жоп делира: «Цуьнан бахамна тlера схьаэца ахьа – хьайна а,
хьайн берашна а (нахана юккъехь лелаш болучу бармца) оьшуш дерг» (ал-Бухари: 2211, Муслим: 1714).
372. Умму Саламас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шен хIусаман неIарехь къийсалучу нехан чIогIа хьоькху маьхьарий хезира. Ткъа цо, ара а ваьлла, цаьрга элира: «Со – шу санна адам ду, ткъа нах соьга бовлу, шайна юккъехь къийсамаш эгна болу. Шух цхьаъ шен тоьшаллаш говзза охьадийца, корматалла йолуш хилар нисделла, ткъа цуьнгара сайна хезнарг бакъ а тарделла, цунна пайдехьа къастон а тарлуш ду дов. (ХIоранна а дIахаийла шуна): нагахь аса бакъонца цуьнан вешина кхача дезаш долу хьакъ цунна дIалахь – иза (жоьжагIатин) цIеран дакъа ду. Цундела, шена лаахь - схьаоьцийла цо и, шена лаахь - схьацаоьцуш дуьтийла цо и» (ал-Бухари: 2680, Муслим: 5/1713).
373. Iабд ар-Рахьман ибн Абу Бакра (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Сан дас, шен (дешнаш) аса дIаяздина волучу, IубайдуллахI ибн Абу Бакре (кехат) яздира, иза Сижистанехь кхиэлахо волучу хенахь. (Оцу кехатахь яздора): «Къийсалучу шинна юккъе кхиэл ян ма (гIерталахь), хьо оьгIазвахана а волуш, хIунда аьлча, боккъалаъ, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна ву со: «Цхьаьнненан а бакъо яц - оьгIазвахана а волуш, къовсам баьллачу шина (адамна) юккъехь кхиэл ян (гIерта)» (ал-Бухари: 7158, Муслим: 1717).
Кхечу хьадисехь аьлла: «Цхьана а кхиэлахочуьнан бакъо яц - ша оьгIазвахана а волуш, къийсамехь волучу шина (стагана) юккъехь кхиэл ян (гIерта)».
374. Абу Бакара (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, цкъа АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: ««Уггаре доккха къа довзийта аса шуна? Уггаре доккха къа довзийта аса шуна? Уггаре доккха къа довзийта аса шуна?». Наха элира: «Довзийтахьа, хIай АллахIан элча!». Цо элира: «Иза – АллахIца накъостий нисбар ду, дега-ненега лацадогIар а ду». Оцу ерриге хенахь дIатаьIна Iуьллуш вара иза. Циггахь, охьа а лахвелла, элира цо: «Боккъалаъ, иза – аьшпаш а, харцтоьшалла а ду! Боккъалаъ, иза – аьшпаш а, харцтоьшалла а ду!». И дешнаш, юх-юха олуш, бехира цо, сан (коьрте хIара) ойла яллалц: «ХIан-хIа, соцур вац иза»» (ал-Бухари: 2654, Муслим: 87).
375. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Наха беш болу хIора лехам реза (кхочуш) беш белахьара цхьаболу нах - кхечу нехан дахар а, бахамаш а лехабевр бара. Мухха делахь а, чIагIо жоьпахочо ян езаш ю». (ал-Бухари: 4552, Муслим: 1711).