293.
Жабир ибн IабдуллахIа (АллахI
реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «Пайхамара
(АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) сацам бира: валлалц пайда эца хьайна аьлла,
совгIатна дIаелла йолу хIуманаш
- шайна еллачарна юьсуш ю, аьлла».
Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)
магийна долу валлалц пайдаэца хIуманаш
дIаялар – хIокху
кепара аьлча нислуш ду: «ХIинца дуьйнна хIара хьан а, хьан тIаьхьенан а ю».
Амма нагахь хIуманаш йолучо алахь: «ХIара
хьан ю, хьо дийна мел ву» - ткъа и хIума, иза веллачул тIаьхьа, (йолучу
дега) юхаерзон езаш ю.
Муслиман хьадисехь аьлла: «Шайн бахамаш ларбе шайна, кхоамаза а ма
лелабе (уьш). Нагахь цхьамма шен бахам, валлалц пайдаэца аьлла, кхечуьнга
дIалахь - схьаэцначу ден дола болуш бу иза, (схьаэцнарг) дийна волуш баьлла ца
Iаш, веллачул тIаьхьа а, хIунда аьлча иза – цуьнан тIаьхьенна карабаха безаш
(бахам) бу» (ал-Бухари: 2625, Муслим: 1625).