Дакъа 1: Дела цхьаъ вар дуьйцу жайна (тавхьид)
Къинхетамечу, Къинхетам бечу АллахIан цIарца!Хастам бу АллахIана! АллахIан къинхетам а, маршо а хуьлда Мухьаммадана а, цуьнан доьзална а!
АллахIа, Лекха ву И, аьлла:
«Адамаш а, жинаш а ца кхоьллина Аса - цаьрга Сайна лолла (Iибадат) дайтаран дуьхьа а бен» («аз-Зáрийат»: 56).
Иштта Цо аьлла:
«ХIора къоме элча вахийтина Оха: «АллахI цхьаъ ве, тIáгIỳтана лолла дарх а ларло»» («ан-Нахьл»: 36).
Иштта Цо аьлла:
«Хьан Дала тIедиллина хьуна Ша воцучунна цхьанна а лолла ца дар, дена-нанна чIогIа дика хилар а. Нагахь дех-ненах цхьаъ я ший а къанлахь, ткъа ма олийла ахьа цаьрга: «Тпуй», тIе а ма чийха царна, дош а лараме ала цаьрга. Къахеташ, муьтIахьаллин тIам охьа а таIабе царна хьалхахь, ала а ала: «Сан Дела! Къинхетам бе Ахьа царех, жима волуш цара со кхиочу хенахь соьх къинхетам ма-барра»» («ал-Исраъ»: 23-24).
Иштта Цо аьлла:
«Лолла де АллахIана, Цуьнца цхьаьна нисъяй цхьа а хIума, накъост а ма лаца» («ан-Нисаъ»: 36).
Иштта Цо аьлла:
«Ала: «СхьатIедуьйла, аса доьшур ду шуна шун Дала шуна цамагийнарг (хьарам динарг)». Цуьнца цхьаьна нисъяй цхьа а хIума, накъост а ма лаца, дена-нанна дика а хила. Шайн бераш а ма дайъа, къоьллех кхералой, Тхо ма дай шуна а, царна а рицкъа латториш. Боьха хIуманашна (даккхийчу къиношна, зинá санна долучу) улле а ма гIо, гуш долучарна а, хьулдиначарна а. Cа (адам) а ма де, АллахIа дихкина (хьарам дина) долу, нагахь и дан бакъо шун яцахь. ХIара АллахIа весет до шуьга, цуьнца кхеташ а, ойла еш а шу хилийтаран дуьхьа. Боберийн даьхнийна тIе (улле) а ма гIерта, цунна сов дика дерг дан Iалашонца а бен, иза гIеметта хIотталц. Барам-бустам а, терза а нийса леладе. Адамна тIе ца дуьллу Оха цуьнан ницкъ кхочуш дерг бен. Шаьш къамел дечу хенахь бакъдерг а ала, гергарачух хьакхалуш и делахь а. АллахIаца биначу бартана тешаме а хила (я АллахIаца бина барт а ларбе). ХIара АллахIа шуьга дина весет ду - хьехам дIалаца магар-кха аша. Иштта бу хIара Сан нийса некъ, ткъа тIаьхьа даза цунна, (кхечу) некъашна тIаьхьа ма даза, хIунда аьлча цара тилор ду шу Цуьнан некъа тIера (дина тIера). ХIара Цо шуьга дина весет ду - Делах кхоьруш хила магар-кха шу!» («ал-АнIам»: 151-153).
Ибн МасIуда аьлла:
«Мухьаммадан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) весет ган луучо, шена тIехь цуьнан мухIар а долуш, доьшийла Сийлахь-Везачуьнан дош: «Ала: «СхьатIедуьйла, аса доьшур ду шуна шун Дала шуна цамагийнарг (хьарам динарг)». Цуьнца цхьаьна нисъяй цхьа а хIума, накъост а ма лаца …» - хIокху дешнашна тIекхаччалц: «…ХIара - Сан нийса некъ бу» (ат-Тирмизи ]3072[).
МуIáз бин Жабала (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина:
«Цкъа виран тIехь пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIехьа тIехиъна а волуш, цо хаьттира соьга: «ХIай МуIаз! Хьуна хаьий-те АллахIан хьалхá лаьшна тIехь долу хьакъ хIун ду а, лаьшна хьалхá АллахIана тIехь долу хьакъ хIун ду а?». Аса элира: «АллахIана а, Цуьнан элчанна а диках хаьа-кха и». Пайхмара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «АллахIан хьалхá лаьшна тIехь долу хьакъ - цара Цунна лолла (Iибадат) дар ду, Цуьнца цхьаьна нисйина цхьа а хIума, накъост а ца лоцуш. Лаьшна хьалха АллахIана тIехь долу хьакъ - Цо Iазап цадалар ду, Шеца нисйина цхьа а хIума, накъост цалаьцначунна». Аса хаьттира: «ХIай Аллах1ан элча, нахе хаийтий аса и хаза кхаъ?». Пайхмара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) жоп делира: «ХIан-хIа, ма хаийта, цу тIе а тевжина (Iамалш ца еш) шайн сатедийр ду цара (Далла гIуллакх дарна тIехь, сутараллла юьтур ю цара, Iамалш кIеззиг ян хIуьттур бу уьш, шаьш ширк ца дичахьанна бохуш, и хаза кхаъ шайна бух лаьцна, ткъа цо дикане кхачор бац уьш, цундела ма хаийта царна)» (Бухари, Муслим).
Турпалан кIант Фарукъ