• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт

Дакъа 2: тавхьидан дозалла а, муьлхачу къинойх цо дIацIанво а

Опубликовано: 08 октября 2008

Дакъа 2: Тавхьидан дозалла а, муьлхачу къинойх цо дIацIанво а

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:

«Делах а тешна, шайн тешар зуламах (ширках) иэ ца динарш - кхерамазаллехь бу уьш, нийсачу новкъа тIе нисбелларш а бу уьш» («ал-АнIам»: 82).

Iубáдат бин ас-Сáмита (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: 

«Тоьшалла динарг: АллахI бен кхин Дела цахилар - Ша цхьаъ волу, Шеца цхьа а накъост а воцуш, Мухьаммад хилар а - Цуьнан лай а, элча а, Iиса хилар а - АллахIан лай а, Цуьнан элча а, Цуьнан дош а, Мареме кхачийна долу, Цуьнгарчу син да а, ялсамани бакъ хилар а, жоьжагIати бакъ хилар а, ткъа иза - ялсаманечу вохуьйтур ву АллахIа, цуьнан Iамалшка хьаьжжина» (Бухари, Муслим).  

Iитбанан хьадисехь боху: 

«…ХIунда аьлча, боккъалаъ, АллахIа жоьжагIатах хьалха воккху, ша аьлла верг: «Дела вац, АллахI бен», цуьнца АллахIан юьхь (реза ян) а гIерташ» (Бухари, Муслим).

Абỳ СаIúд ал-Худрийс дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дийцира, Мусас элира аьлла:

«Сан Дела! Iамадехьа суна аса даима Хьо хьехон волу а, цуьнца со Хьоьга кхойкхун волу а хIума!». Дала аьлла: «Алахь, хIай Муса: «Дела вац, АллахI бен!». Мусас аьлла: «Сан дела! Хьан берриге лаьш ма бу уьзза олуш!». Дала аьлла: «ХIай Муса! ВорхI стигал, оцу чохь мел дехачу хIуманца, Со воцург, иштта ворхI латта а терзанан цхьана кедахь хилча, «Дела вац, АллахI бен» (боху) дош вукха кедахь хилча, и дош чохь долу кад сов узур ма бара» (ибн Хьиббан, Хьаким). 

Тирмизис дийцина («хьасан» - «дика» хьадис ду а аьлла цо и), Анаса дийцина долу:

«Суна хезна, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш: «АллахIа, Лекха ву И, аьлла: «ХIай Адаман кIант, нагахь къиношца хьо суна дуьхьал вагIахь, латтанан доккхаллин барамехь дукха, ткъа хьо Суна хьалха дIа а хIоттахь, Соьца цхьа а хIума накъост нисйина а йоцуш, ткъа оццул дукха гечдар лур ма ду Аса хьуна и бахьанехь»». 

Тирмизис дийцина и хьадис Анасера, Дáрамийс а, Ахьмада а дийцина и хьадис Абу Заррера, ТIабаранис а дийцина и хьадис ибн Iаббáсера (чIогIа хьадис ду).

Турпалан кIант Фарукъ

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2025, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft