Дакъа 3: Теша ма-веззара АллахI цхьаъ хиларх тешнарг - ялсамани чу гIур ву, хьесап а доцуш
АллахIа (Лекха ву И) аьлла:
«Боккъалаъ, имам (баьчча) вара ИбрахIим - АллахIана муьтIахь а волуш, Дела цхьаъ а веш. Мушрикех а вацара иза» («Нахьл»: 120).
АллахIа (Лекха ву И) аьлла:
«Шайн Делаца нисбина накостий ца лоцуш берш а» («ал-Муъминун»: 59).
Хьусайн бин Iабдуррахьмана дийцина:
«СаIид бин Джубайр волчохь вара со цкъа, цо хаьттира: «Седа хьанна гира шух, сийсара охьабоьжна болу?». Аса жоп делира: «Суна гира». Цул тIаьхьа аса элира: «Амма со ламазехь вацара, (дIаьвшечу гезиго) лаьцна (къовзийна) Iаш вара со». Цо хаьттира: «ХIун дира ахьа тIаккха?». Аса жоп делира: «ДоIанаш дийшира аса». Цо хаьттира: «ХIун дага деана дира ахьа и (я мича хIуманна тIетевжина дира ахьа и)?». Аса жоп делира: «ШаIабис тхайна дийцина хьадис дага а деана». Цо хаьттира: «ХIун дийцина цо шуна?». Аса жоп делира: «Цо тхуна дийцира, Бурайдат бин Хьусайба дийцира аьлла: «Дуьхьал доIанаш деша мегаш ду - бIаьрг хиларна а, саьрмико я сту лоцучу гезиго лацарна а». Цо элира: «Шена хезнарг схьаэцначо дика а, нийса а дина - вай цунна х1уммаъ ца боху. Амма ибн Iаббаса дийцина тхуна, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Умматаш гайтира суна (стигала ваьккхиначу буса). ТIаккха цхьа пайхамар гира суна нахах - кIеззигчу тобанца, кхин пайхамар а - цуьнца цхьаьна цхьа-ши стаг а волуш, кхин пайхамар а - цуьнца цхьаьна цхьа а воцуш. ЦIеххьана дуккха а нах хIиттира суна хьалха, тIаккха сан ойла хилира - иза сан уммат дукха аьлла. Амма соьга элира: «ХIара – Муса а, цуьнан къам а ду». Со цхьана агIор дIахьаьжча, ткъа цигахь кхин а дуккха а нах гира суна, соьга элира: «ХIара ду хьан уммат. Цаьрца цхьаьна кхузткъе итт эзар ялсамане гIон верг ву, хьесап а, Iазап а доцуш». Цул т1аьхьа, хьала а гIаьттина, шен цIа чу вахара иза. ТIаккха ойла еш къамеле бевлира нах, оцу ялсамане боьлхучеран хьокъехь царех цхьаболчара элира: «Схьахетарехь, АллахIан элчанан накъостий (асхьабаш) хилларш хир бу уьш». Ткъа вукхара элира: «Доллачул хьалха - бусалба динехь бина а, АллахIаца цхьа а накъост ца нисвина а берш хир бу уьш». Кхин а шайн дагахь дерш элира цара. ТIаккха АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) уьш болчу чувеара, ткъа цара дIадийцира цуьнга шайна хеттарг, цо элира: «Уьш – шайна доIанаш дешар ца лоьхуш берш а бу, (дегIа тIера меттигаш дарбанна) яга ца йийриш а, и ца лоьхурш а, харц хьесапех ца тешаш берш а, шайн Далла тIе болх буьллуш берш а бу». ТIаккха Iуккаша бин Мухьсина, хьала а гIаьттина, элира: «АллахIе дехахь - со царех цхьаъ вар». Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Цаьрца хир ву хьо». Цул тIаьхьа кхечу цхьамма а, хьала а гIаьттина, аьлла: «АллахIе дехахь - со а хилийтар царех цхьаъ». Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Оцу тIехь Iуккашас хьалхе яьккхи хьол а»» (Бухари, Муслим, Тирмизи).
Турпалан кIант Фарукъ