Дакъа 4: Ширках ларвала а, кхера а везаш хилар
АллахIа (доллучунна Ницкъ кхочуш а, ТIехвоккха а ву И) аьлла:
«Боккъалаъ, АллахIа геч ца до Шеца накъостий нисбарна, диссинчу (я цул а лахарчу) къиношна гечдо Цо - Шена лиъначунна…» («ан-Ниáаъ»: 48).
ИбрахIим пайхамара (АллахIера маршо хуьлда цунна) аьлла:
«Со а, сан кIентий а ларбе Ахьа – цIунашна лолла дарах» («ИбрахIим»: 35).
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьана хьадисехь аьлла:
«Шуьгара даларна со кхоьруш волу уггаре кхерамениг - жима ширк ду». И хIун ду аьлла шега хаьттича, жоп делира цо: «МоттаргIа ю».
Ибн МасIуда дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:
«АллахI а витина, Цуьнга ша нисвиначуьнга кхойкхуш велларг - жоьжахате гIур ву» (Бухари).
Муслима далийна Жабиран (АлахI реза хуьлда цунна) хьадис, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:
«АллахIана хьалха хIоьттина верг, Цуьнца цхьа а хIума (декъашхо, накъост) нис а ца еш, - ялсамани чу гIур ву иза. Амма Цунна хьалха хIоьттина верг, Цуьнца муьлхха а цхьа хIума (декъашхо, накъост) нисйина а волуш, - жоьжагIати чу гIур ву иза» (Муслим).
Турпалан кIант Фарукъ