• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт

Дакъа 5: «кхин дела вац, АЛЛАХI бен» бохучу тоьшаллина тIекхайкхар

Опубликовано: 07 ноября 2008

Дакъа 5: «Кхин дела вац, АллахI бен» бохучу тоьшаллина ТIекхайкхар

АллахIа (Лекха ву И) аьлла: 

«Ала: «Иштта (я хIара) бу сан некъ. Аса а, суна тIаьхьабозучара а АллахIе кхойкху шеко йоцучу Iилманан буха тIехь. ТIехцIена ву АллахI, со мушрикех а вац» («Юсуф»: 108).

Ибн Iаббаса дийцина, МуIаз (АллахI реза хуьлда цаьршинна) Йемене вохуьйтучу хенахь, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цуьнга элира аьлла:

«Китабан охIланах болучу нахана тIевоьдуш ву хьо. Айхьа дуьххьара уьш тIекхойкхуш дерг хуьлийтийла ахьа - «Кхин дела вац, АллахI воцург» боху тоьшалла (кхечу ривайатехь боху: «АллахI цхьаъ варе кхайкха уьш»). Нагахь оцу тIехь уьш хьуна муьтIахь хилахь,  дIахаийта царна: АллахIа хIора дийнахь-буса пхиъ ламаз дар парз дина тIедиллина хилар. Нагахь оцу тIехь а уьш хьуна муьтIахь хилахь, дIахаийта царна: АллахIа закат парз а дина тIедиллина хилар - царех хьал долучаьргара схьа а оьцуш, царна юккъерачу къехошна пайдехь хьажош долу. Нагахь оцу тIехь а уьш хьуна муьтIахь хилахь: церан тоьллачу бахамна тIегIортарах ларлойла хьо, Iазапехь валлийначуьнан (я шена зулам дина волучуьнан) доIанах а кхоьрийла хьо - хIунда аьлча цунний, АллахIаний юккъехь пардо дац хьуна» (Бухари, Муслим).

СахIл бин СаIда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, Хайбар йоккхучу дийнахь АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:

«Кхана цхьана стеган кара байракх лур ма ю аса - АллахI а, Цуьнан элча а везаш волучу а, ша АллахIана а, Цуьнан элчанна а везаш волучу а. Цуьнгахула толам лур бу АллахIа». ТIаккха шайн еха буьйса гIовгIане, къуьйсуш яьккхира наха - шайх муьлхачуьнга лур ю-те байракх бохуш. Iуьйранна АллахIан элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIебахара уьш, царех хIора а и байракх шега яларе сатуьйсуш а волуш. Пайхамара хаьттира: «Iалий бин Абу ТIалиб мичахь ву?». Цхьамма жоп делира: «БIаьргашна хьу кхетар леткъош ву иза (я бIаьргаш лозуш ву иза)». Iела схьавало цхьаъ цунна тIаьхьа а вахийтина, иза схьавалийча - цуьнан бIаьргаш чу туй а хьаькхна, тIаьххье доIа дира цо цунна. Циггахь товелира Iела, цхьа а лазар ца хилча санна. АллахIан элчано, байракх цуьнан кара дIа а елла, элира: «Церан махка (уьш бехачу лаьтта) тIе меллаша дIагIо хьо. Цул тIаьхьа Исламе кхайкха ахьа уьш, дIа а довзийта ахьа царна - цара и (исламехь) тIелаьцча, лардан декхар долу Лекхачу АллахIан хьакъ. Аса дуй буу АллахIах: АллахIа хьо бахьанехь цхьа стаг нийсачу новкъа тIенисвар - иза диках ма ду хьуна цIечу эмкалел а» (Бухари, Муслим, Ахьмад).

Турпалан кIант Фарукъ

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2025, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft