Дакъа 6: Тавхьидан а, «дела вац, АллахI бен» бохучу тоьшаллин а тидар
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«Цара шайга кхойкхуш берш (пайхамарш, дика нах, малекаш) - уьш шаьш а бу шаьш шайн Далла герга хин болу некъаш лоьхуш (дика Iамалш ярехь), кхечарал хьалхе яккха а гIерташ. Цуьнан къинхетаме догдохуш бу уьш, Цуьнгарчу Iазапах кхоьруш а бу уьш. Боккъалаъ, хьан Делан Iазап - цуьнах лардала хьакъ долуш ду» («Исраъ»: 57).
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«ХIан, ИбрахIима аьлла шен дега а, шен халкъе а: «Боккъалаъ, со цIена ву - оцу аша лолла (Iибадат) дечарех массарех, со кхоьллинарг воцучух. Боккъалаъ, Цо вуьгур ву со нийсачу новкъа». Цо дитира и дош (АллахI бен кхин дела цахиларан тоьшалла), шен тIаьхьенехь дуьссур долуш, церан нийсачу новкъа тIе нисбала йиш хилийта» («аз-Зухруф»: 26-28).
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«Деланаш а бина, къобалбира цара шайн Iелам-нах, Iибадатхой, АллахI а витина» («Товбат»: 31).
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«Нахана юкъахь бу‚ АллахI а витина, Цуьнга нис а бина кхечу деланашна лолла дийриш - уьш (шайн деланаш) беза а безаш, АллахI ма-веззара. Амма Делах тешначарна - АллахI сов веза» («Бакъарат»: 165).
Муслиман «Сахьихь» жайнахь хьадис ду, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:
««Дела вац, АллахI бен» аьлла, АллахI воцучу доллучунна Iибадат дар охьатесначуьнан бахам а, са а хьарам ду. Цуьнан хьесап Сийлахь-Везачу а, доллучунна ницкъ кхочучу а АллахIехь ду».
Турпалан кIант Фарукъ