• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт

Дакъа 8: доIанех а, хIайкалех а лаьцна дерг

Опубликовано: 12 декабря 2008

Дакъа 8: ДоIанех а, хIайкалех а лаьцна дерг

Бухарин а, Муслиман а «Сахьихь» жайнахь ду Абу Башир ал-Ансара (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина хьадис. АллахIан элчанца (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) мосуьйттазза некъаца цхьаьна нисвелла хилла иза: 

«Цкъа, омра а дина, геланча  вахийтина пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна): «Эмкалийн вортанаш тIера дерриге тишделлачу зIенарх дина туьтеш дIадаха, хадонза цхьа а туьте ма дита (аьлла)».

Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла:

«ДоIанаш (юкъахь ширк долу),  хIайкалш, молханаш даор - ширк ду» (Ахьмад, Абу Дауд).

ХIайкалш – берашна тIе а, логах а ухкуш йолу хIуманаш ю, бIаьрг хиларх уьш лардаран а, кIелхьарадахан а Iалашонца. Нагахь уллуш дерг цIенна КъурIанах делахь - цхьаболчу салафаша магийтина и, царех цхьаболчара ца магийтина и, элчано дихкиначуьнах а лерина. Цамагийначарех ву - ибн МасIуд (АллахI реза хуьлда цунна).

ДоIанаш – Iаьрбоша «Iазаимаш» олу царех. Элчанан хьадисо, доIанаш мегаш хилар хаийта, цамегачарна юкъара даьхна юкъахь ширк доцу доIанаш. Юкъахь ширк доцуш долу доIанаш АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), бIаьрг ца хилийта а, саьрмако я сту лоцучу гезго катоьхча а, деша магийна.

Молханаш даор – наха лелош хIума ду, цара дийцарехь: зудчунна майра воьзуьйтуш а, майрачунна зуда йоьзуьйтуш а.

Ахьмада дийцина РувайфиIан дешнаш:

«АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) соьга элира: «ХIай РувайфиI, вехха ваха мега хьо (вахар деха хила тарло хьан). Цундела массо нахана дийцалахь: нагахь цхьамма шен маж дIаехкахь, тишделлачу зIенарх дина туьтеш охкахь, дийнатийн кхеллица я даьIахкаца цIано яхь - Мухьаммад оцу адамах цIена хилар»». 

СаIид бин Жубайра аьлла:

«Адамна (тIера) кочара хIайкал дIадаьккхинарг - цхьа лай хьалха витиначуьнах терра ву» (хIара хьадис ВакиIа дийцина).

Оцу хьокъехь ИбрахIима аьлла:

«Салафаша и хIайкал, мухха хилча а, ца магадора, КъурIанан аяташ делахь а я дацахь а» (ВакиI).

Турпалан кIант Фарукъ

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2025, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft