• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт

Дакъа 10: АЛЛАХI воцучуьнан дуьхьа (цIарах) урс хьакхар

Опубликовано: 30 декабря 2008

Дакъа 10: АллахI воцучуьнан дуьхьа (цIарах) урс хьакхар

АллахIа (Лекха ву И) аьлла:

«Ала: «Боккъалаъ, сан ламаз а, сан гIурба дер а (я Iамал, Iибадат), сан вахар а, сан валар а – Iаламийн Далла АллахIан дуьхьа ду, Шеца нисбала накъостий боцучу. И суна тIедиллина, со муьтIахьчарех (бусалбанех) хьалхарниг а ву»» («ал-АнIам»: 162-163).

Цо аьлла:

«Цундела хьайн Далла ламазаш де, гIурба де» («ал-Ковсар»: 2).

Iелас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) диъ хIума дийцира шена аьлла:

«АллахIа неIалт аьлла - АллахI воцучуьнан дуьхьа (цIарах) урс хьакхначунна. АллахIа неIалт аьлла - шен дена-нанна неIалт аьллачунна. АллахIа неIалт аьлла - динехь керла хIума юкъадаьккхиначунна лочкъийла еллачунна. АллахIа неIалт аьлла - декъначу латтанан дозанаш хийциначунна» (Муслима дийцина).

ТIарикъ бин ШихIаба дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:

««Цхьа стаг ялсамани чу вахана - моза бахьанехь, цхьа стаг жоьжагIати чу вахана - моза бахьанехь». Наха хаьттина: «Ва муха нисделла и, хIай АллахIан элча?». Цо жоп делла: «Цкъа ши стаг хилла шайн цIу йолучу цхьана керста нахана тIехволуш. Цунна тIехвала цхьанненна а бакъо луш ца хилла цара, цунна тIера (аьлла) сагIа даккхалц (гIурба деллалц). ЦIу-динерачара оцу шиннах цхьаьнга аьлла: «СагIа даккха (гIурба де)». Цо жоп делла: «Соьгахь-м яц сагIа даккха хIуммаъ». Цара аьлла: «Моза бей а бе ахьа сагIина (гIурбанна)». Цо оцу цIунан дуьхьа моза сагIина (гIурбанна) бийча, маьрша витира цара иза. И бахьанехь жоьжагIати чу вахана иза. ЦIу-динерачара вукхуьнга аьлла: «СагIа даккха». Цо царна жоп делла: «Доллучуна ницкъ къочуш а, Сийлахь-Воккха а волу АллахI воцучуьнан дуьхьа (цIарах)  цхьанненна а сагIа доккхур долуш вац со-м». Цуьнан корта баьккхира цара, ткъа иза ялсамани чу а вахара» (Ахьмад).

Гочдинарг: Турпалан кIант Фарукъ

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2025, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft