Дакъа 15: Сийлахь-Везачу АллахIан Дешан хьокъехь
АллахIа (Лекха ву И) аьлла: «АллахIаца нисбина накъостий лору-те цара кхоьллина шаьш цхьа хIума а йоцурш, (мелхо а, кхиболу кхолламаш санна) шаьш кхоьллина хилларш, я царна гIо лаца а, я шаьш-шайна гIо дан а ницкъ а боцу?» («ал-АIраф»: 191-192).
АллахIа (Лекха ву И) аьлла: «Цул (АллахIал) сов аша шайга кхойкхуш берш шайн керахь хурмин логан чкъор долуш а бац. Аша цаьрга кхайкхича а, шун кхайкхар дац царна хезаш а, ткъа хезнехьара а шуна жоп лур а дацара цара. Къематдийнахь аша шайна диначу лоллина инкаре хир бу уьш. Цхьаммо хоуьйтур (дуьйцур) дац хьуна, Хуучо санна» («ФатIир»: 13-14).
Бухарин а, Муслиман а «Сахьихь» жайнахь Анасан хьадис ду: «Ухьуд гIазотехь пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хьаьжа тIера чкъор а хилла датIийна, церг а хилла кагйина. Мохь хьаькхна цо тIаккха: «Шайн пайхамарна чов йина долу халкъ (къам) декъала муха хир ду?». Циггахь (стиглара, Делера) хаам беана цуьнга: «Иза хьоьх Iотталуш дац (вуьшта аьлча: «Иза хьан керахь дац»)»» («Али-Iимран»: 128).
Бухарин «Сахьихь» жайнахь ибн Iумаран (АллахI реза хуьлда цунна) хьадис ду. АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна цунна, Iуьйра-ламазан тIаьххьарчу рукуIера шен корта хьалаайъича:
««Я, АллахI! НеIалт хилийта Ахьа хьенехана а, минехана а!» - ша аьллачул тIаьхьа: «СамиIаллахIу лиман хьамидахI, роббана ва лакал хьамд». Циггахь (АллахIера) хаам беана цуьнга: «Иза хьоьх Iотталуш дац (вуьшта аьлча: «Иза хьан керахь дац»)»» («Али-Iимран»: 128).
Кхечу хьадисехь дуьйцу: «АллахIе, неIалт доссор доьхуш, доIа деш хилла иза - Сафван бин Умаййатна, СухIайл бин Iамранна, Хьарис бин ХIишаманна. Циггахь (АллахIера) хаам беана цуьнга: «Иза хьоьх Iотталуш дац (вуьшта аьлча: «Иза хьан керахь дац»)»» («Али-Iимран»: 128).
Гочдинарг: Турпалан к1ант Фарукъ.