• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт

Дакъа 16: сийлахь-везачу АЛЛАХIан дешан хьокъехь

Опубликовано: 15 марта 2009

«Церан (малекийн) дегнаш кхерамах паргIат девлча, цара олу (вовшашка хотту): «ХIун элира шун Дала?». Цара жоп ло: «Бакъдерг (элира), Сийлахь-Везаниг, Сийлахь-Воккханиг ма ву И»» («ас-Сабаъ»: 23).

Бухарин «Сахьихь» жайнахь Абу ХIурайрас дийцина хьадис ду, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:

«Цхьана гIуллакхан хьокъехь АллахIа стиглахь сацам бечу хенахь малекаша шайн тIемаш ластадо, Цуьнан дашна муьтIахь хуьлуш, иза тIулга тIе зIе тоьхна яьллачу гIовгIанах тера хуьлу. Иза (дош) царна (малекашна) юккъе дIакхочу. «Церан (малекийн) дегнаш кхерамах паргIат девлча, цара олу (вовшашка хотту): «ХIун элира шун Дала?». Цара жоп ло: «Бакъдерг (элира), И - Сийлахь-Везаниг, Сийлахь-Воккханиг ма ву!». Цхьаъ вукхунна тIехула а хIуттуш, тIекIел хьаладоттаделлачу шайтIанаша (церан тIекIел хьаладоттадалар куьйган пIелгех тера хуьлу, Суфьян бин Iуйайната цуьнан сурт ма хIоттора) къайллаха ладугIу АллахIан Даше. Шайна хезна долу Дош хIораммо а шел лахахь долучуьнга дIакховдадо, цо шел лахарачуьнга кховдадо, иштта лакхара чу охьа кхаччалц, эххар а тIаьхьа холмачхочуьнга я хиндерг дуьйцучуьнга  дIааллалц (я дIакхачадаллалц). И охьадохьуш догIург (шайтIа) оьхьабужу седа тоьхна дожо а тарло, цо и шел лахарачуьнга дIакхачадале хьалха. Цунна тIе ца кхиа а тарлуш бу иза (седа), цо шел лахарачуьнга и дIадалале хьалха. Ткъа оцу бакъдолучух бIе бакъдоцург эдо (юкъа туху) цара. Наха олу-кха: «ХIокху-оцу дийнахь цо ца элира вайга хIараъ-изаъ?». Стиглара хезна долу оцу юккъера и бакъ долу Дош бахьана долуш, цо тешабо бо уьш цуьнах» (Бухари, Муслим). 

Наввас бин СамIана (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:

«Стигланаш егайо АллахIа къамел дечу хенахь, Шен хаамехь омранаш дIакхачон лууш, я къемате ирча къовкъар до цо, доллучунна ницкъ кхочуш а, Сийлахь-Воккха а волучу АллахIана хьалха кхералой. И хезча, ерриге стигланийн охIла АллахIана суждане южу, стелахаьштиг тоьхна кхетам чуьра баьхча санна. Хьалха корта хьалаайбо Жабраила, тIаккха АллахIа Шена дIакхачо лиъна болу хаам дIаолу цуьнга. Цул тIаьхьа Жабраил малекашна тIедоьду. ХIора стигланна иза тIех мосазза долу а, оцу стиглана тIерачу малекаша хотту цуьнга: «ХIай, Жабраил! ХIун эли вайн Дала?». Жабраила жоп ло царна: «Бакъдерг, И - Сийлахь-Везаниг, Сийлахь-Воккханиг ма ву!». ТIаккха цара массара а олу Жабраила аьлларг. Цул тIаьхьа Жабраила дIакхачабо хаам, доллучунна ницкъ кхочуш а, Сийлахь-Воккха а волучу АллахIа шега омра динначе» (ибн Абу Хьатим, ат-ТIабарани).

Гочдинарг: Турпалан кIант Фарукъ.

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2025, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft