Сийлахь-Везачу а, доллучунна ницкъ кхочучу а АллахIа аьлла:
«Цуьнца (КъурIанаца) дIахьедар де (хьехам бе) ахьа шайн Далла хьалха дIагулбийриг хиларах кхоьруш болучарна, царна И воцург кхин доладийриг а, я шапаIатхо а хир воцуш долучу. АллахIах кхера мега уьш» («ал-АнIам»: 5I).
Иштта аьлла Цо:
«Ала: «АллахIан ду дерриге шапаIат»» («аз-Зумар»: 44).
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«Хьаьнга далур ду Цунна хьалха шапаIат, Цуьнан пурба а доцуш?» («ал-Бакъарат»: 255).
Иштта аьлла Цо:
«Мел дукха малекаш ду-кха стигланашкахь шайн шапаIато бан цхьана а тайпана пайда боцуш, АллахIа Шена луучунна а, Ша реза волучунна а (шапаIат дан) царна пурба ца лахь» («ан-Наджм»: 26).
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«Ала: «Кхайкха АллахI санна аша деланаш лериначаьрга». Дай бац уьш уггаре жимачу мискъалан - стигланашкахь а, лаьттахь а, цигарчу цхьана а хIумангахь а декъашхой а бац уьш, я царна юккъехь Цуьнан гIоьнчий а бац» («Сабаъ»: 22).
Абу ал-Iаббас ибн Таймиййас аьлла:
«АллахIа дацаре дина цаьргарчу дикане мушрикаша дог мел дохуш дерг. Цо Ша воцучу муьлхха а цхьаьннан долахь я паччахьалла, я цуьнах цхьа дакъа хилар дина дацаре, иштта Шен гIоьнчий хилар а. Оцу кеппара, дуьссуш дерг цхьа шапаIат дар ду, делахь а и дан таро хин ерг Цо пурба делларг хир ву (аьлла) билгалваьккхина».
Дала аьлла:
«Цара шапаIат а дийр дац, И (АллахI) резахиллачарна бен» («ал-Анбияъ»: 28).
Ткъа мушрик-нехан дегайовхо йолу шапаIат къематдийнахь данне а доцуш хир ду, хIунда аьлча КъурIано а юхатеттина и.
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«Ван а веана, шен Далла хьалха суждане а вахана, Цунна хастам бийр бу цо юьххьехь, шапаIатана тIера дIаволалур вац иза. Цул тIаьхьа эр ду цуьнга: «Хьалаайбе корта, ала, схьахезар ву хьо, деха, лур ду хьуна, шапаIат де, къобалдийр ду хьан шапаIат»».
Мухха а Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттина:
«Муьлаш бу и шайна хьан шапаIат хьакъ а хилла ирсан дай хин болу нах?». Цо жоп делла: «Уьш дера бу дог цIена а долуш, «Кхин Дела вац, АллахI воцург» аьлларш» (ал-Бухари, ан-Насаъи, Ахьмад).
Иштта долу и шапаIат, АллахIан пурбанца, АллахIана хьалхахь дог цIена (ихлас) долучарна хир долуш ду, АллахIаца накъостий нисбиначарна хир долуш дац и.
Цуьнан дух: Хастамечу АллахIа Шен дог цIена болучу лайшна дика до, царна церан къиношна гечдеш, Ша шапаIат дан пурба делла болучийн доIанашкахула, вуьшта аьлча: шен пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), цуьнан сий деш, иза «хастамечу метте» кхачош.
Ткъа шапаIатах дерг, АллахIа КъурIанехь дацаре деш долу, - иза шех эдина ширк долу шапаIат ду. И бахьана долуш, АллахIа цхьацца хьелаш билгалдаьхна, Шен пурбанца и (шапаIат) тIедуьтун долу. Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) довзийтина шапаIат пайде дера долуш ца хилар - муваххьидашна а, АлахIан динна тешаме хиллачарна а бен.
Гочдинарг: Турпалан к1ант Фарукъ.