• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт

Дакъа 18: сийлахь-везачу АЛЛАХIан дешан хьокъехь

Опубликовано: 25 апреля 2009

«Боккъалаъ, хьоьга нийсачу новкъа нисвалур вац хьайна везнарг. Цхьа АллахI ву нийсачу новкъа нисвийриг муьлхха а Шена лууш верг. Цунна гIолехь хаьа нийсачу новкъа нисван везарг» («ал-Къасас»: 56).

 

Бухарин «Сахьихь» жайнахь, шен дас дийцира аьлла, ибн Мусаййиба даладо:

 

«Абу ТIалиб вала воллучу хенахь, иза волчу веана АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна). Оцу хенахь леш волучунна уллохь IабдуллахI ибн Абу Умаййа а, Абу ЖехIал а хилла. Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Сан деваша! Алахь: «Дела вац, АллахI воцург» - АллахIана хьалхахь и дешнаш схьадалор дара аса хьо бусалба хиларна тоьшаллина». И олучу хенахь чохь хиллачу шимма хаьттина Абу ТIалибе: «Iабдул МуттIалибан динна тIера вохаволлу хьо?». Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) кхин цкъа а аьлла леш волучуьнга. Чохь волучу шимма юха а шаьшшимма хьалха делла долу хаттар делла. Эххара а цо аьлларг «Со Iабдул МуттIалибан динна тIехь ву» дара. (Абу ТIалиб) юхахьавелира, «Кхин дела вац, АллахI воцург» ца олуш. ТIаккха пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Билггал, хьуна гечдар доьхур ма ду аса, сайна и дихкина мел доцу»».

 

ТIаккха Сийлахь-Везачу АллахIа доссийна:

 

«Пайхамаран а, муъма нехан а бакъо яц мушрикашна гечдар деха, уьш мел гергара белахь а, - шайна хиъначул тIаьхьа, уьш жоьжагIатахь хир болуш хилар» («ТовбахI»: 113).

 

Ткъа Абу ТIалибан хьокъехь АллахIа доссийра пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIаьхьадогIу аят:

 

«Боккъалаъ, хьоьга нийсачу новкъа нисвалур вац хьайна везнарг. Цхьа АллахI ву нийсачу новкъа нисвийриг муьлхха а Шена лууш верг. Цунна гIолехь хаьа нийсачу новкъа нисван везарг» («ал-Къасас»: 56).

 

Гочдинарг: Турпалан кIант Фарукъ.

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2025, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft