Сийлахь-Везачу а, доллучунна ницкъ кхочучу а АллахIа аьлла:
«ХIай, Китабан охIла! Барамал тIех ма дийла шайн динехь. АллахIан хьокъехь бакъ дерг бен ма ала» (171: 4).
Бухарин «Сахьихь» жайнахь далийна тIахьадогIучу Сийлахь-Везачу АллахIан къамелан ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дина долу тидар:
«Цара элира: «Ма биталаш шайн деланаш, ма биталаш: Вадда а, СуваI а, ЙагIус а, ЙаIукъ а, Наср а»» («Нухь»: 23).
Цо (ибн Iаббаса) аьлла:
«Уьш - Нухьан къомах хиллачу дикачу нехан цIераш ю. Уьш беллачу хенахь церан къоманна дагчу тесира шайтIано: уьш гуллуш хиллачу меттигашкахь, церан суьрташ а дохкуш, йина хIуманаш (хIолламаш) йогIар а, царна церан цIераш тахкар а. Юьхьанца царна лолла ца дина цара, амма уьш (и хIуманаш) йоьгIна болу нах белча, Iилма а дицдича, царна лолла дан буьйлабелира уьш».
Ибн ал-Къаййима аьлла:
«Цхьаболчу салафаша аьлла: «Уьш беллачу хенахь церан кешнашна тIехь доггаха лолла дира наха. Цул тIаьхьа церан суьрташ тIехь долу хIолламаш дIахIиттийра. Оцу юккъе кхачам боллуш дуккха а хан яьлча - царна лолла дан буьйлабелира уьш»».
Iумара (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:
«Со ваз ма войла аша, керста наха Марьяман кIант ма вазварра, хIунда аьлча со - лай ву. Аш ала (сан хьокъехь): АллахIан лай а, Цуьнан элча а» (Бухари, Ахьмад).
АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«Вазварах ларлойла шу, цIарах аьлча: билггал, вазвар дара шул хьалха хилларш хIаллакбина дерг» (Ахьмад, Насаъий, ибн МажахI, ибн Iаббас).
Муслима далийна ибн МасIудан хьадис, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:
««ХIаллакьхилла барамал тIех буьйлуш берш!» - Юха-юха а олуш, кхузза аьлла цо и». (Муслим, Ахьмад, Абу Давуд).
Гочдинарг: Турпалан кIант Фарукъ.