• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт

Дакъа 20: дикачу стеган кошана уллохь АЛЛАХIана лолла дан мегаш цахилар дуьйцу дакъа...

Опубликовано: 28 апреля 2009

20. Дикачу стеган кошана уллохь АллахIана лолла дан мегаш цахилар дуьйцу дакъа, ткъа оцу дикачу стагана лолла дар-м дуьйцийла а яц

 

Бухарин а, Муслиман а «Сахьихь» жайнашкахь далош Iайшатан (АллахI реза хуьлда цунна) хьадис ду:

 

«Умму Салама АллахIан элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьа килс йийцира, шена Эфиопехь гина хилла йолу, оцу чохь хилла суьрташ (иконаш) а. Цо элира: «Шайн цхьа дика стаг я АллахIан дика лай велча, цуьнан кошана тIехь зихIарт (маьждиг) дугIу цара, оцу чохь цуьнан суьрташ а дохку. АллахIана гергахь са чохь долучу хIуманех уггаре а вониш бу уьш»» (Бухари, Муслим, Насаъий).

 

Цхьана хеннахь ши питана дина цара: кешнийн питана а, суьртийн питана а.

Иштта Бухарис а, Муслима а дийцина, цо (Умму Салама) дийцира аьлла:

 

«Валале хьалха, сауьйзуш а волуш, шен коч юьхьа тIе тийсара цо. ТIаккха цо шена хорам бича, тIера дIайоккхура цо и. Цо элира: «АллахIан неIалт хуьлда жуьгташна а, керстанашна а, шайн пайхамарийн кешнех зихIарташ (маьждигаш) дина болучу!». Цо вай лардалийтаран дуьхьа схьахьедар дина, вайна цара динарг кхераме хилар хоьуьйтуш. Цуьнан и дешнаш ца хиллехьара, йиллиначу меттигехь дIавоьллина хир волуш вара иза. Амма и ца дина, хIунда аьлча лаьтташ кхерам хилла дела, цуьнан кошах зихIарт (маьждиг) дан мегаш» (Бухари, Муслим).

 

Муслима схьадийцина Жундуб ибн IабдуллахIан хьадис. Цо элира:

 

«Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ша валале пхи де хьалха олуш хезна суна: «Со цIена ву АллахIана хьалхахь - шуна юккъехь сайн доттагI ца хиларехь. АллахIа Шен доттагI вина соьх - Цо ИбрахIимах шен доттагI ма-варра. Сан сайн умматах цхьаъ доттагI лаца везарна тIедаьлча - аса Абу Бакар къастор ма вара. Боккъалаъ, шул хьалха хиллачара шайн пайхамарийн кешнех зихIарташ (маьждигаш) дина. Ва амма, аша ма дойла кешнех зихIарташ (маьждигаш), хIунда аьлча аса доьхку шуна и»» (Муслим).

 

Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ша валале хьалха цуьнах тера мел дерг дихкина, неIалт а аьлла цо иза динчунна, оцу хьокъехь лакхахь далийначу хьадисаша тоьшалла ма-дарра.

 

Ца магийначу юкъа догIуш ду: кешнашкахь ламаз дар а, цигахь зихIарт (маьждиг) дина дацахь а. И маьIна долуш ду Iайшатан дешнаш: «Цуьнан кошах зихIарт (маьждиг) дан тарлуш кхерам бара лаьтташ». Дера, АллахIан элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) асхьабаш дукха гена-м хилла цуьнан коша тIехь зихIарт (маьждиг) дарна. Ма-дарра аьлча, муьлхха а меттиг, ламаз дан хьажийна йолу, маьждиг лоруш ю, хIунда аьлча пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «…Латта - суна маьждиг а, цIена а дина»» (Бухари, Муслим).

 

Ахьмада даладо, дика иснад а йолуш, тIаьхьадогIу ибн МасIудан хьадис, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:

 

«Уггаре а вон нах - шаьш дийна а болуш, шайна къематде тIекхочуш берш а, кешнех зихIарташ (маьждигаш) деш берш а бу» (Абу Хьатима далийна хIара хьадис шен «Сахьихь» жайнахь. Ахьмада а, ибн Хьиббана а бакъ долу хьадис ду аьлла и).

 

Гочдинарг: Турпалан кIант Фарукъ.

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2025, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft