• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт

Дакъа 23: хIокху умматах цхьа дакъа цIунашна лолла деш хилар

Опубликовано: 26 июля 2009

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:

«Жайнех цхьа дакъа шайга делларш ца гина хьуна? Джибтах а, тIагIутах а теша уьш, гаурийн дуьхьа ала а олу цара: «ХIорш нийсачу новкъахь бу Делах тешначарел а»» («Нисаъ»: 51).

Иштта аьлла цо:

«Ала: «Аса дийций шуна АллахIана гергахь шайна кхин а вон бекхам хинберш муьлш бу? Уьш бу - АллахIа шайна неIалт аьлларш, И шайна оьгIазваханарш, Цо шайх маймалш а, хьакхарчий а йинарш, тIагIутана корта беттарш (Iибадат дийриш)»» («ал-МаидахI»: 60).

Иштта аьлла цо: 

«Ткъа шайна хетарг тIедаьккхиначара элира: «Оха билггал маьждиг дугIур ду царна тIехула»» («ал-КахIф»: 21).

Абу СаIийда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дийцира аьлла:

«Боккъалаъ, шайл хьалха хиллачеран Iадаташна тIахьахIуьттур долуш ма ду шу, массо хIума нисса цара санна а лелош. Нагахь уьш моьлкъанан Iуьрга болхахь – шу а гIур ма ду царех терра оцу чу». Наха хаьттира: «ХIай АллахIан элча, уьш (ахьа буьйцурш) жуьгтий, керстанаш буй?». Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) жоп делира: «Кхин муьлш хир бара уьш?» (Бухари, Муслим).

Муслима далийна Совбанан (АллахI реза хуьлда цунна) хьадис, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:

«АллахIа суна хьалха дIасадаржийра дерриге латта, суна ган а гира и малхбалехьара малхбузехьа кхаччалц. Боккъалаъ, суна гайтиначу махка тIехь Iедал сан умматан карахь хир ду. Ши хазна а елла суна: цIениг а, кIайниг а. Аса сайн Деле дийхира - Цо сан уммат хIаллакцадар, массарна боссош болу бохам а баийтина, цунна тIе церан шайн могIарера воцу арахьара мостагI цатасар а, церан мехкан дийналла а йохош. Сан Дала жоп делла: «ХIай Мухьаммад, Аса муьлхха а цхьа сацам бича, иза кхочуш хилаза ца болу.  Делахь, Аса хьан умматана дели - Айса иза хIаллакцадар, массарна боссош болу бохам а баийтина, Аса цунна тIе церан шайн могIарера воцу арахьара мостагI а тосур вац, шайн мехкан дийналла а ларйийр ю цара, луларчу мехкашкара бахархой царна дуьхьал бовлахь а, нагахь уьш вовшийн хIаллакбан а, йийсар бан а ца болахь» (Муслим: 2889). 

Ал-Баркъанийс «ас-Сахьихь» жайнахь уьзза хьадис далийна, тIаьхьадогIург кхин а оцу тIе а тухуш: 

«Бакъдолуш, со кхоьру сайн умматехь (нах) тилош болу имамаш бовларна. Нагахь царна юккъехь тур латахь - и хьалаайдийр дац къематде кхаччалц. Къематде а хIуттур дац - сан умматах дийна биссинарш мушрикех дIакхетталц, цуьнах цхьа дакъа цIунашна лолла дан доладаллалц а. Сан умматехь ткъе итт харцлуьйриг гучувер волуш ву, царех хIорамммо а ша-ша пайхамар дIакхайкхор ву - со воллушехь пайхамарех тIаьххьараниг, сол тIаьхьа кхин пайхамар хир вац. ХIетте а, сан умматехь массо хенахь а цхьа тоба хир ю - бакъонна тIехь а, толамехь а хир бу уьш, царна зен а дийр дац уьш гIоьнза теснабитиначо - Сийлахь-Везачу а, Беркатечу а АллахIан омра даллалц» (Абу Дауд, ибн Мажат, Ахьмад).

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2025, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft