• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт

Дакъа 25: холмачаллин цхьадолу тайпанаш кхетор

Опубликовано: 04 августа 2009

Ахьмада аьлла:

«Мухьаммад ибн ЖаIфара дийцина, Iавфа дийцина Хьаййан ибн ал-Iалаъ дийцира аьлла, КъатIана ибн Къабиса дийцина, шен дена пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо  а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Iийафа, тIаркъ, тIийарат а - жибтах лоруш ду».

Iавфа аьлла:

«Iийафа - олхазар муьлхачу агIор тIема долу хьаьжжина, цуьнца тида а тидина, хиндерг дийцар бохучу маьIнехь ду, ткъа тIаркъ – пал тосуш, лаьтта тIехь сизаш хьекхар ду».

Ал-Хьасана (Басрерчу) аьлла:

«Жибт - шайтIанан аз ду» (оцу хьадисан иснад чIогIа дика ю, штта и дийицина Абу Дауда, ан-Насаийс, ибн Хьиббана).

Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:

«Седажайнин (астрологин) муьлхха а цхьа дакъа Iамийначо - холмачаллех цхьа дакъа Iамийна, кхин сов Iамийначо - оццул сов холмачалла Iамийна» (хIара хьадис Абу Дауда далийна, «сахьихь» бакъ иснад а йолуш).  

Насаийс далийна Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина хьадис, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:

«Шад а бина, цул тIаьхьа оцу тIе туйнаш тоьхначо - холмачалла лелийна, ткъа холмачалла лелийначо - ширк дина. Муьлхха а цхьана хIуманах возуш верг (коча хIума оьллинарг) - цуьнах тешийна вуьтур ву» (ан-Насаий, ат-Тирмизи, Ахьмад, ал-Хьаким; хьадисан иснадехь - Iабдур-Рахьман ибн Абу Лейла ву, иза дагахь латтар гIийла долуш хилла, делахь а, хIокху хьадисан маьIна тIечIагIдо кхечу ривайаташа а).

Ибн МасIуда дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:

«Аса шуна дийца холмачаллех лоруш дерг? Иза - мотт беттар (барт бохон шинна юккъехь къамел дIасакхехьар) а, нахана юккъехь эладиттанаш даржор а ду» (Муслим: 2606).

Бухарис а, Муслима а далийна ибн Iумаран хьадис (АллахI реза хуьлда цаьршинна), АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:

«Хазачу къамелехь а ду, мелла делахь а, холмачаллех дакъа» (вуьшта аьлча: хазачу къамело, бозбуанчалло санна, Iехаво).

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2025, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft