Муслиман «Сахьихь» жайнахь ду пайхмаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьаболучу зударша дийцинарг, цкъа пайхмара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:
«Нагахь стага, хиндерг дуьйцучунна (хIума хуучунна, яйнарг а, лачкъийнарг а юуьйцучунна) тIе а вахана, цуьнга муьлхха а цхьа хIума а хаьттина, цуьнан дашах (цо аьллачух) иза тешахь, - цо шовзткъа дийнахь дина ламазаш къобалдийр дац» (Муслим: 2230, Ахьмад: 5-380, 4-68).
Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:
«Хиндерг дуьйцучунна тIе а вахана, цо хьехначух (аьллачух) иза тешнехь - и бахьанехь цо керстаналла дина Мухьаммаде (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) доссийначуьнца» (Абу Дауд).
Хьакиман жайнахь ду тIаьхьадогIу «сахьихь» хьадис. Бухарин а, Муслиман а хьадисаш цIена лоруш болучу бехкамашца догIуш а ду и. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:
«Хилларг-лелларг дуьйцучунна а, хиндерг (къайлахдерг) дуьйцучунна а тIе а вахана, цо хьехначух иза тешнехь - и бахьана долуш керстаналла дина цо Мухьаммаде (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) доссийначуьнца» (Ахьмад: 2-429, Хьаким, БайхIакъий; «сахьихь» хьадис ду и).
Iимран ибн Хьусайна дийцина, пайхмара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:
«Тхоьх вац - муьлхха а цхьа вон хIума билгало лоруш верг а я царех тешаш верг а, хиндерг дуьйцург а я цаьрга ладугIуш верг а, холмачалла лелориг а я холмачаллера гIо лоьхуш верг а. Хиндерг дуьйцучунна тIе а веана, цо аьллачух тешначо - и бахьанехь керстаналла дина Мухьаммаде (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) доссийначуьнца» (Баззара дийцина и хьадис дикачу иснадаца).
Цуьнах терра ибн Iаббасан хьадис а ду ат-ТIабаранийс «АвсатI» жайнахь дийцина, дика иснад а йолуш, хIара «тIе а веана…» боху дешнаш доцурш.
БагIавийс аьлла:
«Хиндерг дуьйцург (ал-Iарраф) - иза цхьацца билгалонийн гIоьнца долуш дерг дуьйцу ша бохург ву (лачкъийна хIуманаш а, яйна хIуманаш а и.дI.кх.а)».
Цхьаболчара аьлла:
«Иза (ал-Iарраф) - хиндерг (къайлахдерг) дуьйцург ву. Хиндерг дуьйцург - тIейогIучу хенахь хинболу хиламаш буьйцург ву».
Иштта аьлла ду:
«Иза (ал-Iарраф) - стеган дагчохь йолу къайлаха ойланаш юьйцург ву».
Абу ал-Iаббас ибн Таймийас аьлла:
«Ал-Iарраф - иза юкъара цIердош ду, хиндерг дуьйцучух а, седажайна хьоьжучух а, гIамаршна тIехь пал туьйсучух а олуш, оцу кеппара кхолламаш бийца (йозанаш дийца) хаьа бохучух а».
Ибн Iаббаса аьлла элпаш (лоьмарш) язъечеран а, седарчашкахула хиндерг дуьйцучеран а хьокъехь:
«Иза лелочу цхьанна а АллахIана гергахь цхьа диканан дакъа хир ду аьлла ца го суна».