• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт

Дакъа 27: холмачалла дIаяккхаран хьокъехь

Опубликовано: 04 августа 2009

Джабира дийцина:

«Пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) (кхечу холмачаллин гIоьнца) холмачалла дIаяккхар муха ду хаьттича, цо аьлла: «Иза – шайтIанан гIуллакхех цхьаъ лоруш ду»».

Ахьмада дийцина и хьадис. ЧIогIа дика иснад а йолуш, Абу Дауда а далийна и, цо аьлла:

«Цуьнах лаьцна Ахьмаде хаьттича, цо жоп делира: «Ибн МасIудана дерриге ца дезара и»».

Бухарис дийцина Къатадатан хьадис:

«Аса ибн ал-Мусаййабе хаьттира: «Шена жайнаш даьхна (молханаш лелийна, холмач йоьллина) волу стаг шен зудчунна улле а ца вахалучу хьоле ваьлла хилча - дуьхьал молханаш а лелош, иза тован мегаш ду я дихкина ду и?». Цо жоп делира: «Цхьа а телхина (вон) хIума дац и лелорехь, хIунда аьлча, цуьнах бахьана а дина, диканиг лууш бу уьш. Пайдехь дерг - дихкина дац»» (Бухари: 10-198).  
 

Иштта Хьасан ал-Басарийн тIаьхьадогIу дешнаш а ду дийцина:

«Холмачалла дIа ца яккхало холмачхочуьнга бен».

Ибн ал-Къаййима аьлла:

«Шена холмачалла (молханаш) лелийнарг лелийначу холмачаллех (молханех) дIацIанвар шина кепара хуьлуш ду.

Цхьаъ - цуьнах террачу холмачаллин (молханийн) гIоьнца дерг ду. Иза ду и – шайтIанна дечу гIуллакхех цхьаъ лоруш дерг а, Хьасанан къамелехь дуьйцуш дерг а. И бахьана долуш холмачалла дIаяккха дарба лелош верг а, шена холмачалла (молханаш) лелийнарг а - шайтIанна герга воьду, цунна дукхадеза гIуллакх а деш, ткъа оцу кепара холмачалла (лелийна молханаш) юхадерзор кхетам боцуш ду.

ШолгIаниг - шена холмачалла лелийначунна дарба лелор ду: Деле дехаршца а, АллахIе верзарца а, молханашца а, магийначу доIанашца а. Ткъа оцу кепара долу дарбанаш лелор - мегаш ду».

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2025, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft