• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт

Дакъа 28: билгалонех тешар

Опубликовано: 04 августа 2009

АллахIа (Лекха ву И) аьлла:

«Боккъалаъ, цара вон билгало леринаг - АллахIера ду, делахь а, царех дукхах болучарна ца хаьа и» («ал-АIраф»: 131).

Иштта аьлла Цо:

«Цара элира: «Шун вон билгало - шуна шайна дуьхьал ера ю. Вон билгало муха лора аша, вочух шаьш лардича? ХIан-хIа! Дозанал совдуьйлуш къам ду шу» («Ясин»: 19).

Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: 

«Йолу цамгар (инфекци) – аьшпаш бу, вон тидарш – аьшпаш бу, тийжа бухIа – аьшпаш бу, сафар беттан бухахьара балар (беркате бац бохург) – аьшпаш бу» (Бухари: 10-182, Муслим: 2220).

Муслима дийциначу хьадисехь хIара тIетоьхна:

«…Седарчех хIума дазор – аьшпаш бу, зуламе синош – аьшпаш бу» (Муслим: 2220, 106).  

Бухарис а, Муслима а дийцина Анасан хьадис, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:

«Йолу цамгар (инфекции) – аьшпаш бу, вон тидарш – аьшпаш бу, ткъа дика билгало-м хаза хета суна». Цуьнга хаьттира: «Ткъа дика билгало хIун ю?» Цо элира: «Хаза дош ду»» (Бухари: 10-181, Муслим: 2224).

Абу Дауда, бакъ иснад а йолуш, Iукъбат бин Iамира дийцина хьадис даладо:

«АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) уллохь а волуш, билгалонех лаьцна къамел доладелча, цо элира: «Царех уггаре диканиг - дика билгало ю, бусалба стаг шен гIуллакхах вуха ца верзош йолу. Нагахь шух цхьанна шена цадезалуш долу муьлхха а цхьа хIума гахь, цо ала: «Я АллахI! Ахьа цхьамма дохьу дерриге диканаш, Ахьа цхьамма духатуху массо вонаш! ГIора дац, ницкъ а бац Хьоьгахь бен!» (Абу Дауд: 3719). 

Ибн МасIуда дийцина пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хьадис:

«Вон билгалонаш (вон тидамаш) – ширк ду. Вон билгалонаш (вон тидамаш) – ширк ду. Ткъа вайх хIорангахь а… Амма АллахIа генадоккху и, Шена тIе таваккал дахь» (Абу Дауд [3910], Тирмизи [4161]. ТIаьххьара дешнаш ибн МасIудан ду. Ибн Хьиббан [4271], ибн МажахI [3538]).

Ахьмада дийцина ибн Iамран хьадис, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:

«Вон билгало бахьанехь муьлхха а цхьа гIуллакх дитиначо - ширк дина». Наха хаьттира: «Цуьнан каппарат (бехк такхар) хIун ду?». Цо жоп делира: «Аша ала деза: «Я АллахI! Дика дац-кха - Хьан дика доцург, вон а дац-кха - Хьан вон доцург, кхин дела а вац-кха - Хьо воцург»» (Ахьмад: 2-220, Хайсамис «МажмуI аз-Заваид» жайнахь (5-105) аьлла: хьадис дийциначарех цхьаъ - ибн Лихьйа - тешаме вац, делахь а, биссинарш тешаме хила хьакъ бу).

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2025, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft