• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт

Дакъа 30: догIа делхар седарчийн д1ах1иттарех дазор

Опубликовано: 04 ноября 2009

Сийлахь-Везчу Аллах1а аьлла: «… (Аллах1а шайна деллачу) ризкъан шукар дан дезачу меттана, шайна дог1а делхийтинарг Аллах1 хилар харц до аша?» («Вакъи1ат»: 82).

Абу Малик ал-Аш1арийс (Аллах1 реза хуьлда цунна) дийцна, Аллах1ан элчано (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Сан умматехь жох1лаллех буха дисина диъ 1адат ду, цара диттане а дуьтур доцуш: ц1е яхана йолу схьаваьллачу меттигех дозалла дар, тайпанаш (я тукхамаш) емалдар,  дог1а делхар седарчех дазор, беллачарна т1ехь тийжар. - Цул т1аьхьа т1етуьйхира цо. - Нагахь тийжиначо ша ялале хьалха тоба ца дахь, къематадийнахь 1аьржа силаман духар т1ехь г1аттор ю иза, к1омарех юьзна». («Муслима»: 943).

Зайд бин Халида (Аллах1 реза хуьлда цунна) дийцина: «Аллах1ан элчано (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Хьудайбехь ша хьалха а ваьлла 1уьйра ламаз дайтира тхоьга. Цу буса ч1ог1а дог1а деънера. Ламаз динчул т1аьхьа нахана т1е а вирзина элира цо: «Шайн Дала х1ун аьлла хаьий шуна?».  Наха жоп делира: «Аллах1ана а, Цуьнан элчанна а дика хаьа цунах дерг». Т1аккха элира пайхамара: «Цо аьлла: «Сан лайшна юккъехь гучубевлла Сох тешаш берш а, Сох цатешнаш берш а. Нагахь стага вайна дог1а Аллах1ан комаьршо а, Цуьнан къинхетам а бахьанехь дог1у бахахь - иза Соьца ийман диллина ву, седарчашца керстаналла дина ву. Нагахь стага вайна дог1а седарчийн д1анисдалар бахьанехь деана ду бахахь - иза Соьца керстаналла дина ву, седарчашца ийман диллина ву» (Х1ара хьадис - Бухарис: 2/277, 433 кхин 7/338; Муслим: 71).

Цунах терра долу Муслима дийцинчу хьадисехь Ибн 1аббаса аьлла, цхьаболча наха элира аьлла: «Х1оккх-оцца цхьана седано элиркх бакъдерг». Т1аккха, т1аьхьара аят доссийра Аллах1а: «Х1ан-х1а, Аса ч1аг1о йо седарчий охьаэгачу меттигех! Ткъа х1ара ч1аг1о, шуна хиъча, йоккха ю. Боккъала а, х1ара-м сийлахь Къор1ан дай, 1алашдечу Жайнара. Ц1еннарш бен хьакъа балац цунах. 1аламийн Делера охьадеана. Оцу дийцарца а терго яц шун?  (Аллах1а шайна деллачу) ризкъан (шукар дан дезачу меттана, шайна дог1а делхийтинарг Аллах1 хилар) харцдо до аша?» («Вакъи1ат»:82).

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2025, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft