• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт

Дакъа 31: сийлахь-везчу АЛЛАХIан дешан хьокъехь

Опубликовано: 07 ноября 2009

«Нахана юккъехь бу, [кхиберш нисса] Аллах1аца нисбеш берш‚ Аллах1 ма-веззар уьш беза а безаш».  («Бакъарат»: 165).


Сийлахь-Везчу Аллах1а аьлла: «Ала: нагахь шуна шайн дай а, шайн к1ентий а, шайн вежарий а, шайн х1усамнаной а, шайн доьзал а, шаьш гулбина бахам а, махлелор а, и сацарна шу кхоьруш долу, шу царна реза хилла йола х1усамаш а, нагахь (и дерриг) шуна Аллах1алла а, Цуьнан элчаналла а, Цуьнан некъахь дечу жих1адалла а хьоме хилахь - Аллах1а Шен омар д1адалале хьоьжуш 1ойла шу». («Товбат»: 24).   

Анаса (Аллах1 реза хуьлда цунна) дийцна, Аллах1ан элчано (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шух цхьа а ийман диллина хира ма вац, цунна дукхах везнарг Со хиллалц, шен бералла а, делла а, бисина массо нахалла а». (Бухари: 1/55,  Муслим: 44).

Царшиммо  далийна кхин а Анаса дийцина долу цхьа хьадис, Аллах1ан элчано (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Стаганна ийманан марзо кхетар ю, шегахь кхоъ синхаам карийчахь: цунна дуьненахь долчу дерриг х1уманалла а Аллах1 а, Цуьнан элча а дукха везалахь, цунна ц1енна Аллах1ан дуьхьа кхи стаг а везалахь, иштта цунна Аллах1а ша цунах к1елхьара ваьккхинчул т1аьхьа юханехьа керстаналле верзар а цадезалахь, ша ц1ерга кхоссар цадезаре терра» (Бухарий: 1/56-58, 68 иштта 12/218,  Муслим: 43).

Кхоьча ривайатехь аьлла: «Адаманна ийманан марзо хаалур яц,  … », - кхид1а долу къамел хьалхарниг санна ду.

Ибн 1аббаса дийцина: «Аллах1ан дуьхьа веза воьлларг, Аллах1ан дуьхьа ца веза воьлларг, Аллах1ан дуьхьа доттаг1алла лелон воьлларг, Аллах1ан дуьхьа мостаг1алла лелон воьлларг, и бахьана долуш Аллах1ан доланехь хир ву. Аллах1ан лайна ийманан марзо хаалур ма яц, я цуьнан деха ламазаша а, марханаша а дан г1о а ма дац цунна, иза -  иштта хиллалц. Наха тахана дуьненан дуьхьа лелош долу вежаралло а, доттаг1алло а цхьа а пайда бохьур болуш бац царна» (Ибн Жарир).

Сийлахь-Везчу Аллах1ан къамелан «…церан уьйраш хедар ю…» хьокъехь Ибн 1аббаса аьлла: «вуьшта аьлча; безам а, уьйраш а».

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2025, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft