Сийлахь-Везчу АллахIа аьлла:
«ШайтIа ду иза шен гIоьнчашца шу кхерош. Ва амма, царех ма кхера шу, Соьх кхера - нагахь шу иман диллина делахь» («Али-Iимран»: 157).
АллахIа аьлла:
«АллахIан маьждигаш дендо АллахIах а, къематдийнах а тешначо, ламаз дечо, закат лучо, АллахI воцучух цхьаннех цакхоьручо. Уьш нийсачу новкъа нисбелларш бу» («Товбат»: 18).
Сийлахь-Везчу АллахIа аьлла:
«Нахана юкъахь олуш берш бу: «АллахIах тешна тхо». Амма АллахIан дуьхьа царех цхьа зен хьакхаделча - адамашкара питана (зен, хало) АллахIан Iазапех терра хетало царна» («ал-Iанкабуту»: 10).
Абу СаIийда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, цкъа АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шега тIаьхьадогIург элира аьлла:
«Хьан Делах тешар гIийла хиларан (тоьшалла ду хьуна): нагахь хьо нах резабар леха волахь, АллахI оьгIаз а вохуьйтуш, нагахь хьо АллахIа хьайна деллачу рицкъанна царна (нахана) хастам бан а волахь, иштта АллахIа хьайна ца деллачу (рицкъанна) хьо цаьргара бехк баккха а волахь. ЧIогIа хьаьгначуьнан хьагамо дахьац АллахIан рицкъа тIе, цалуучуьнан гамоно духа а тохац иза».
Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:
«Нах оьгIазбахаре а ца хьоьжуш, АллахI резахилар лоьхуш волучунна - АллахIа Шен дика а лур ду, нах реза а бийр бу. АллахI оьгIазвахаре а ца хьоьжуш, нах резахилар лоьхуш волучунна - АллахIа Шен оьгIазло юттур ю цунна тIе, нах а бийр бу Цо цунна оьгIазе» (хIара хьадис шен «Сахьихь» цIе йолучу жайнахь ибн Хьиббана а, шен «ал-Хьилйат» цIе йолучу жайнахь Тирмизис а далийна ду).