Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«…Болх АллахIана тIебилла - нагахь шаьш АллахIах тешаш делахь» («ал-Маидат»: 23).
Цо аьлла:
«Боккъалаъ, муъма нах - АллахI хьехочу хенахь шайн дегнаш кхералуш берш а, шайна Цуьнан аяташ дешча иман чIагIлуш берш а, шайн Далла тIе болх буьллуш берш а бу» («ал-Анфал»: 2).
Цо аьлла:
«ХIай, пайхамар! АллахI тоьаш ву хьуна а, хьуна тIаьхьа баьзначу муъма нахана а» («ал-Анфал»: 64).
Цо аьлла:
«Болх АллахIана тIебуьллуш волучунна И кхачаме ву» («Ат-ТIалакъ»: 3).
Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «АллахI кхачаме ву тхуна, тIехдика лардархо а ву И!»* - И дешнаш ИбрахIим (пайхамара) (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла - ша цIерга кхоьссиначу хенахь. Изза (дешнаш) Мухьаммад (пайхамара) а (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла - наха шега аьллачу хенахь: «Боккъалаъ, нах гIиттина шуна дуьхьал, ткъа озалойша царех!». Цо (муххале а) иманехь совбехира уьш, цундела цара элира: «АллахI кхачаме ву тхуна, тIехдика лардархо а ву И!» (Бухари: 4563, Насаи).
* «Али-Iимран»: 173.