• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт

Дакъа 35: АЛЛАХIан къадран собаре хилар – АЛЛАХIах тешаран дакъа ду

Опубликовано: 22 ноября 2009

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:

«АллахIах тешначуьнан дог - нийсачу новкъа нисдо Цо» («ат-ТагIабун»: 11).

Iалкъама аьлла: «Иза - шега (муьлхха а цхьа) бохам беъча, иза АллахIан лаамца дуйла хууш волучу стеган хъокъех аьлла ду, цундела, хиллачунна реза а хуьлий, муьтIахьаллица чекхволу иза».

Муслиман «Сахьихь» жайнахь Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Адмашкара ши амал - цаьргахь долучу керстаналлин (гIиллакхех дIаяланза йиссина) ю: тайпа-тукхам емал дар а, веллачунна тIаьхьа тийжар а».

Бухарис а, Муслима а далийна ибн МасIудан хьадис, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Тхоьх вац - шен беснеш тIе хIума еттарг, шена тIера бедарш этIориг, жахIилан заманахь санна кхайкхам бийриг».

Анаса дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIа Шена Шен лайна диканиг лиъча – хIокху дуьненахь баланашка озаво иза, ткъа АллахIа Шена Шен лайна вониг лиъча - цуьнан къиношна дуьхьал хIокху дуьненахь баланашка ца озаво иза, къематдийнахь буьззина бекхам баран дуьха». 

АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Боккъалаъ, боккха маьл - доккхачу зерна (я даккхийра баланаш ларна) дуьхьал (хуьлуш) бу. Боккъалаъ, Сийлахь-Везачу АллахIана цхьа нах безабелча - Цо уьш зерашка (баланашка) озабо. (Оцу зерашна а, баланашна а) воккхавиначунна - (АллахIан) резахилар (карор) ду, ткъа оьгIазваханачунна - (АллахIан) оьгIазло хир ю».

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2025, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft