Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«Дуьненчуьра дахар а, цуьнан хазалла а езачунна - хIокху дуьненахь цара диначунна дуьхьал хьакъ дерг дуьззина дIалур ду Оха, декъах а бохур бац (Оха) уьш. Уьш – эхартахь шайна (диканах) хIумма а хин доцурш бу, (жоьжагIатин) цIе йоцург. Доьхна ду цара хIокху дуьненахь динарг, эрна ду цара дина гIуллакхаш» («ХIуд»: 15-16).
Бухарин «Сахьихь» жайнахь тIаьхьадогIу хьадис дийцина Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна), АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Дакъазаваьлла динаран лай, дакъазаваьлла дирхIаман лай, дакъазаваьлла хамисан* лай, дакъазаваьлла хамилан* лай, шена (иза) делча - реза хуьлуш а, шена хIуммаъ ца делча - реза ца хуьлуш а волу! Ирс дайна хуьлда иза, когашна тIера коьртана тIе аркъал кхоьтийла иза! КIохцалг дахча, иза схьа а ма даккхалойла цуьнга! ТIуба* хир ду - хьерчийначу месашца, ченех дуьзначу когашца АллахIан новкъахь шен говран дуьрста лаьцна Iачу (Делан) лайна. ГIопана ха даран декхар кхочушдеш нисвелча - хьакъ долучу кепара лардо цо иза, эскарна юкъахь нисвелча - бакъ бIаьхо а хуьлий, гIуллакхехь хьийза иза. Цо шена пурба дехча – пурба а далац цунна, ткъа иза гIо даккха юкъаваьлча - цуьнан гIоьнна юкъавалар а дац къобал хуьлуш».
* «хамиса» - духаран цIе ю.
* «хамила» - духаран цIе ю.
* «тIуба» – ялсаманера дитт ду.