ЙИЪ БАКЪО
[нохчийн маттахь]
القواعد الأربع
[باللغة الشيشانية]
تأليف: محمد بن سليمان التميمي
Яздинарг: Мухьаммад ибн Сулайман ат-Тамими
ترجمة: فاروق بن تربال
Гочдинарг: Турпалан кIант Фарукъ
IsIamannur.org
Къинхетамечу а, Къинхетамбечу а
АллахIан цIарца!
Комаьршачу АллахIе доьху ас, сийлахь-йоккхачу
Iаьршан Дела волчу, хьан доладар дуьненахь а, иштта эхартахь а.
Миччахьа велахь а, хьо беркате вар
а, шайна делча - шукардечарех вар а, тIе бала-зер деъча - собарехиллачарех вар
а, къа латийча - гечдардоьхучарех вар а доьху ас. ХIунда аьлча, боккъалла а, и
кхо куц – ирсан хьоста ду.
Хаалахь (хIай, АллахIа Шена муьтIахь хиларан новкъа нисварг) ИбрахIиман дин - Дела цхьаъвар, ахь цхьана АллахIана Iибадатдар дуйла, цIенна Цуьнан дуьхьа лелорца, хьайн дин а цIандеш. Сийлахь-Везачу АллахIа ма-аллара:
«Ас жинаш а, адамаш а кхоьллина
дац, цаьрга Сайна Iибидатдайтаран дуьхьа бен»
(«аз-Зарийат», 51:56).
Хьуна хиъна даьлча, АллахIа хьо
Шена Iибидатдайта кхоьллина хилар, - хаалахь, Iибадатах Iибадат олуш цахилар,
Дела цхьаъвеш и дина хилча а бен, ламаз карахь а доцуш динчу ламазах ламаз олуш
ма ца хиллара. Нагахь Iибадатна юкъа ширк (АллахIаца накъостий нисбар) дагIахь,
- духуш ду иза, ламаз карара долу бахьана даьлча, ламаз карахь хуьлуш ма ца
хиллара.
Хьуна хиъна даьлча, ширко Iибадат
дохош хилар, нагахь и цуьнах дIаэлахь, Iамалш йохош хилар а, и динарг даиманна
а жоьжагIатехь хирболучарех хилар а - тIаккха хьуна билгалдолу, хьайна тIехь
долу уггаре а доккха декхар ширк довзар хилар. АллахIа оцу (лоцуш йолчу) бойнах
ларван герга ду хьо, шен цIе «АллахIаца ширкдар» аьлла йолчу, Сийлахь-Везачу
АллахIа шен хьокъехь аьлла йолчу:
«Боккъалла а, АллахIа геч ца до
Шеца накъостий нисбарна [ширкдарна]. Дисинчу дерриге а [я цул а лахарчу] къиношна гечдо
Цо, Шена лиъначунна» («ан-Нисаъ», 4:116).
Цундела, ширках ларвалархьама йиъ
бакъо йовза еза хьуна, Сийлахь-Везачу АллахIа Шен Жайнахь (Къуръан чохь) хьахийна
йолу:
ХЬАЛХАРА БАКЪО
Хьуна хаа деза, АллахIан элчано
(АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шайна дуьхьал тIемаш дина болу
керстанаш - массо а хIума кхуллуш верг, дуьненна тIехь массо а хIуманна Iуналла
деш верг (рицкъа луш верг, денбеш верг, Iожалла луш верг) Сийлахь-Веза АллахI
хиларна къера хилла хилар а, цара и тIелоцуш хилла хилар а. Амма и дерриге
доллушехь а, Ислам-динна чу ца балийна Цо уьш. Цуьнан тоьшалла Сийлахь-Везачо
аьлларг ду:
«Ала [хIай, Мухьаммад]: «Мила ву
шуна стигалара а, лаьттара а рицкъа луш верг? Мила ву хазар а, гар а шен карахь
дерг? Мила ву еллачух дийнаниг йолуьйтуш верг а, дийначух елларг йолуьйтуш верг
а? Мила ву [дерриге а] гIуллакхаш лелош верг а? Цара эр ду: «АллахI
ву!». Ала [хIай, Мухьаммад]: «Делах ца кхоьру, ткъа, шу?» («Юнус», 10:31).
ШОЛГIА БАКЪО
Цара (мушрикаша) олу: «Оха цаьрга я
кхойкхуш а дац, я доIа деш а дац - цаьрга тхаьш АллахIана гергакхачадайтархьама
а бен, Цунна хьалха тхайна шапаIатдайтархьама а бен».
АллахIана гергакхачабайтаран
Iалашонца цара доIанаш даран тоьшалла Сийлахь-Везачу АллахIа аьлларг ду:
«Ткъа Цуьнан метта кхинаш
доладийраш а, гIоьнчий а лаьцначара [олу]: «Оха царна Iибадат ца до, цаьрга тхаьш
ницкъ ма-кхоччу АллахIана гергадигийтархьама а бен». АллахIа кхел йийр ю царна
юкъахь, церан [ойланаш] екъаеллачунна тIехь. Боккъалла а, АллахIа
нийсачу новкъа ца нисво харцлуьйриг, цатешарг» («аз-Зумар», 39:3).
ШапаIатдайтаран Iалашонца цара (мушрикаша)
кхайкхина хиларан тоьшалла Сийлахь-Везачо аьлларг ду:
«АллахIана дан дезачу меттана
Iибадатдо цара [мушрикаша],
шайна дан цхьа а зен а, шайна бан цхьа а пайда а боцучарна. Цара олу: «ХIорш
тхан шапаIатхой бу АллахIана гергахь»
(«Юнус», 10:18).
Ткъа шапаIат – шина тайпана ду:
«хир дац» аьлла, дацаре дина шапаIат а ду, «хир ду» аьлла, билгалдаьккхина
шапаIат а ду.
Хирдоцу шапаIат - АллахI
воцучуьнгара доьхуш дерг ду, и дан цхьана АллахIан а бен ницкъ боцуш долу.
Цуьнан тоьшалла Сийлахь-Везачо аьлларг ду:
«ХIай‚ имандиллинарш! Харжъе [я сагIа ло] Оха шайна
деллачу рицкъанах‚ [къематан] де тIекхачале, шена чохь хиндоцу я
махлелор а, я доттагIалла а‚ я вовшашна гIодаккхар [шапаIат, тIехIиттар]
а. Керстанаш – зуламхой бу»
(«ал-Бакъара», 2:254).
«Хир ду» аьлла, билгалдаьккхина
шапаIат - АллахIе доьхуш дег ду. Иштта и шапаIат ден верг - АллахIа шен сий а
дина, шапаIатдан шена бакъо елларг хир ву. Ткъа шапаIат – АллахI шайн
къамелашна а, Iамалшна а резахиллачарна дийр долуш ду. Оцу тIе АллахIа пурба
деллачул тIаьхьа а бен дан йиш йолуш а хир дац и. Оцу хьокъехь Сийлахь-Везачо
аьлла:
«Мила ву, ткъа, Цунна хьалха
гIодаккха [шапаIатдан]
гIертан верг, Цуьнан пурба а доцуш?»
(«ал-Бакъара», 2:255).
КХОАЛГIА БАКЪО
Боккъалла а, пайхамар (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тайп-тайпанарчу деланашна Iибадатдеш хиллачу
нахана юкъахь ваьлла ву. Царна юкъахь маликашна Iибадатдеш берш а хилла. Царна
юкъахь пайхамаршна а, иштта дикачу нахана а Iибадатдеш берш а хилла. Царна
юкъахь дитташна а, тIулгашна а Iибадатдеш берш а хилла. Царна юкъахь малхана а,
баттана а Iибадатдеш берш а хилла. ХIетте а АллахIан элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIомбина цаьрца, уьш къеста а ца беш. Цуьнан
тоьшалла Сийлахь-Везачо аьлларг ду:
«[ХIай, имандиллинарш!] ТIомбе цаьрца [мушрикашца]
- питана дIадаллалц а, дин [Iибадат] дерриге а цхьана АллахIан дуьхьа
лелош хиллалц а» («ал-Анфал», 8:39).
Малхана а, баттана а Iибадатдеш
(мушрикаш хилла хиларан) тоьшалла Сийлахь-Везачо аьлларг ду:
«Цуьнан [АллахIан] билгалонех ду -
буьйса а, де а, малх а, бутт а. Сужуд ма делаш я малхана а, я баттана а, ткъа
сужуд делаш АллахIана, и [дерриге а] кхоьллина волчу, нагахь шаьш Цунна
Iибадатдеш делахь» («Фуссилат», 41:37).
Маликашна Iибидатдеш (мушрикаш
хилла хиларан) тоьшалла Сийлахь-Везачо аьлларг ду:
«Иштта шуьга омрадан а яц цуьнан [пайхамаран] бакъо: маликаш
а, пайхамарш а, шайн деланаш а бай, лаца [аьлла]» («Али Iимран», 3:80).
Пайхамаршна Iибидатдеш (мушрикаш
хилла хиларан) тоьшалла Сийлахь-Везачо аьлларг ду:
«ХIан, АллахIа элира: «ХIай,
Марьяман кIант Iиса! Нахе аьллий ахь: «АллахIаца нис а дай, сой [хьой], сан [хьан]
наний – ший а дела ву алий, тIелаца?». Цо [Iиса-пайхамара] элира:
«ТIехцIена ву Хьо! Ас муха эр ду сайн бакъо йоцург? Ас ишттаниг аьлла
хиллехьара, Хьуна хууш хир ма дара и. Хьуна хууш ду сох дерг, ткъа суна ца хаьа
Хьох дерг. Боккъалла а, къайлахдерг хуушверг ву хьо» («ал-МаидахI», 5:116).
Дикачу нахана Iибидатдеш (мушрикаш
хилла хиларан) тоьшалла Сийлахь-Везачо аьлларг ду:
«Цара [мушрикаша] шайга кхойкхуш
берш шаьш а бу шайн Дална герга кхачош долу некъаш лоьхуш, кхечарел а хьалхе
яккха а гIерташ. Цуьнан къинхетаме сатуьйсуш бу уьш. Цуьнан Iазапах кхоьруш а
бу уьш» («ал-Исраъ», 17:57).
Дитташна а, тIулгашна а Iибадатдеш
(мушрикаш хилла хиларан) тоьшалла Сийлахь-Везачо аьлларг ду:
«Ца гина шуна ал-Лат а, ал-Iузза а,
кхин а и кхоалгIа - ал-Манат а?!»
(«ан-Нажм», 53:19-20).
Абу Вакъид ал-Лайсис (АллахI реза
хуьлда цунна) дийцина хьадис а ду:
«Пайхамарца (АллахIера къинхетам а,
маршо а хуьлда цунна) цхьаьна Хьунайне даха арадевллера тхо. Тхо бусалба дине
даьхкина дукха хан а яцара. Ткъа мушрик-нехан цхьа дитт дара цигахь, шена
уллехь уьш гуллуш. Цунна тIе шайн герзаш а ухкура цара. «Зат АнватI» олура
цуьнах. Оцу диттана тхо тIех довлучу хенахь, оха элира: «ХIай, АллахIан элча,
тхуна а дехьа «Зат Анват», цераниг санна долу». АллахIан элчано (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) жоп делира тхуна:
«АллахI Воккха ву! Уьш дерриге а
дIадахана вон Iадаташ ду. Ас дуй буу сайн са Шен карахь долучух! Аш дийхи соьга
Бану Исраилаша Муса [пайхамаре] дехннарг:
«Дела вехьа тхуна а, цераниг санна
волу». Цо [Муса-пайхамара] элира:
«Боккъалла а, жехIала нах ду шу» («ал-АIраф»,
7:138).
Боккъалла а, шайл хьалха хиллачеран
Iадаташна тIаьхьадозур ду шу»».
ЙОЬАЛГIА БАКЪО
Боккъалла а, вайн заманчуьра
мушрикаша деш долу ширк кхин а доккха а, чIогIа а ду хьалха хиллачу мушрикаша
динчу ширкал а, хIунда аьлча хьалха хиллачу мушрикаша АллахIаца накъостий
нисбеш хилла шаьш аьттонехь а, паргIатонехь а болчу хенахь. Амма шаьш бохамехь
а, халонехь а болчу хенахь цIенна цхьана АллахIе боьрзура уьш. Ткъа вайн
заманчуьра мушрикех дерг аьлча, цара даиманна а нисбо АллахIаца накъостий -
аьттонехь а, иштта халонехь а. Цуьнан тоьшалла Сийлахь-Везачо аьлларг ду:
«Шаьш хIордкеманна тIе хевшича -
АллахIе кхойкху цара, Цунна хьалха цIенна шайн дин цIан а дой. Ткъа Цо шаьш,
кIелхьара а даьхна, лаьтта тIе даьхча - оцу сохьта Делаца накъостий бан [ширкдан] буьйлало уьш» («ал-Iанкабут», 29:65).
Цундела, доIадеш верг – Iибадатдеш
ву. Цуьнан тоьшалла Сийлахь-Везачу АллахIан дешнаш ду:
«Мила ву, ткъа, тIехдоккхачу
тиларехь верг, АллахI воцучаьрга кхойкхучарел а, къематде даллалц шайна жоп лун
боцчу, цара шайга кхойкхий хууш а боцчу?» («ал-Ахькъаф»,
46:5).
Ткъа дика хуург АллахI ву!
АллахIера къинхетам а, маршо а
хуьлда вайн пайхамарна а, цуьнан гергарчарна а, цуьнан массо асхьабашна а.