Къинхетамечу а, Къинхетамбечу а АллахIан цIарца!
ثلاثة الأصول وأدلتها
Кхо бух а, церан тоьшаллаш а
90 سؤال وجواب
Дезткъе итт хаттар-жоп
إعداد
إبراهيم عبده الشرفاوي المصري
إبراهيم فرح محمد خير السوداني
Кечдинарш:
ИбрахIим IабдахI аш-Шарфави ал-Масри
ИбрахIим Фарахь Мухьаммад Шайр ас-Судани
ترجمة: فاروق بن تربال الشيشاني
Гочдинарг: Фарукъ Турпал аш-Шишани
1-ра хаттар:
Хаалахь (АллахIа къинхетам бойла хьох!) вайх хIора а диъ хаттар Iамон декхарийлахь хилар. Ткъа хIун хаттарш ду уьш?
Жоп:
Хьалхарниг: Iилма. И бохург - АллахI вовзар а, Цуьнан пайхамар вовзар а, Ислам-дин довзар а ду тоьшаллин баххаш тIехь.
ШолгIаниг: Оцу Iилмано ма-бохху Iамалъяр ду.
КхоалгIаниг: Нах цунна (Iилманна) тIекхайкхар ду.
ДоьалгIаниг: Оцу новкъахь Iитталучу халонашна собаре хилар ду.
Оцу деа а хаттаран тоьшалла Сийлахь-Везачу АллахIан къамел ду:
«Ас дуй буу малхбузан хенах! Боккъалла а, хIора адам эшамехь ма ду, Делах а тешна, диканаш а дина, вовшашна бакъдерг а хьехна, вовшашна собар хьехна боцурш» («ал-Iаср» сурат, 103:1-3).
Имам аш-ШафиIис (Сийлахь-Везачу АллахIа къинхетам бойла цуьнах) аьлла: «АллахIа Шен халкъана тIе кхин тоьшалла доссийна ца хиллехьара а, хIара сурат доцург, кхачам болуш хир ма дара царна иза».
Имам Бухарис (Сийлахь-Везачу АллахIа къинхетам бойла цуьнах) шен бакъ хьадисийн гуларехь аьлла: «Iилма (хаар) - къамелел а, Iамалел а хьалха даьккхина хила дезар дуьйцу дакъа ду хIара».
Ткъа цунна тоьшалла Сийлахь-Везачу АллахIан къамел ду:
«Хаалахь, АллахI воцург, кхин дела цахилар. Гечдар а деха хьайн къинна…» («Мухьаммад» сурат, 47:19).
Вайна ма-гарра, АллахIа «хаар» («Iилма») къамелел а, Iамалел а хьалха даьккхина хьахийна.
***
2-гIа хаттар:
Хаалахь (АллахIа къинхетам бойла хьох!) хIора бусалба стаг а, хIора бусалба зуда а кхо хаттар довза декхарийлахь хилар а, цара бохург дан дезаш хилар а.
Ткъа хIун хаттарш ду уьш?
Жоп:
Хьалхарниг: Вай АллахIа кхоьллина хилар, Цо вайна Iар-дахаран рицкъа делла хилар, Цо ваьш эрна дитина цахилар. Мелхо а, Цо вайга элча (Мухьаммад) ваийтина. Цунна муьтIахь хилларг - ялсамане гIур волуш, ткъа цунна Iеса хилларг – жоьжагIате гIур волуш.
Цуьнан тоьшалла Сийлахь-Везачу АллахIан къамел ду:
«Боккъалла а, элча [Мухьаммад] ма ваийтира Оха шуна - шуна дуьхьал тоьшалладан, пирIунна тIе элча [Муса] а ма-вахийттара. Амма пирIуна ла ца дуьйгIира элчане [Мусага]. ТIаккха Оха лецира иза буьрсачу катохарца» («ал-Муззаммил» сурат, 73:15-16).
ШолгIаниг: АллахI реза хуьлуш вац - Шена Iибадатдарехь цхьаъ Шеца накъост нисварна, хуьлда иза Дала Шена гергаоьзна долу малик я Дала ваийтина волу пайхамар.
Цуьнан тоьшалла Сийлахь-Везачу АллахIан къамел ду:
«Дерриге маьждигаш АллахIан ду [массо Iибидатден меттигаш АллахIан ю]. Цундела АллахIаца цхьаьна цхьаьнгга а ма кхайкха» («ал-Жинн» сурат, 72:18).
КхоалгIаниг: Элчанна муьтIахь а хилла, АллахI цхьаъвинарг - АллахIаца а, Цуьнан элчанца а мостагIалла лелош волучуьнца доттагIаллин юкъаметтигаш лелон йиш йолуш вац, иза цуьнан юххера, гергара стаг велахь а.
Цуьнан тоьшалла Сийлахь-Везачу АллахIан къамел ду:
«АллахIах а, къематдийнах а тешачарна юкъахь нах карор бац хьуна - АллахIаца а, Цуьнан элчанца а мостагIалла лелош берш безаш, уьш белахь а церан дай, я церан кIентий, я церан вежарий, я церан гергарнаш. Церан дегнашкахь АллахIа иман кIаргдина [я чIагIдина]. Шегарчу сица [нуьраца] чIагI а бина Цо уьш. Ялсаманин бошмашка бохуьйтур бу Цо уьш, шайна чохь лахахула лелаш татолаш долчу. Абаден абаделлац царна чохь хир бу уьш. АллахI реза ву царна, уьш а бу Цунна реза. Уьш - АллахIан тоба ю. Боккъалла а, АллахIан тоба - декъалахилларш бу» («ал-МужадилахI» сурат, 58:22).
3-гIа хаттар:
ИбрахIим (пайхамаран) «Хьанифиййат» олуш долу дин хIун дин ду?
Жоп:
Хаалахь (АллахIа Шена муьтIахь хиларан новкъа нисвойла хьо!) ИбрахIим (пайхамаран) «Хьанифиййат» олуш долу дин -цхьана АллахIана Iибадатдар дуйла, айхьа лелош долу дин догцIенна Цуьнан цхьаьннан дуьхьа а лелош. И аьлла омра дина АллахIа массо а нахе. Цуьнан дуьхьа кхоьллина а бу Цо уьш, Сийлахь-Везачу АллахIа ма-аллара:
«Ас жинаш а, адамаш а кхоьллина дац, цаьрга Сайна Iибадатдайтаран дуьхьа бен» («аз-Зарийат» сурат, 51:56).
4-гIа хаттар:
«Сайна Iибадатдайтаран дуьхьа» бохучу дешнийн маьIна хIун ду?
Жоп:
«Сайна Iибадатдайтаран дуьхьа» бохучу дешнийн маьIна - «Со цхьаъвайтаран дуьхьа» бохург ду.
5-гIа хаттар:
АллахIа омра а дина тIедиллиначарех уггаре а доккханиг хIун ду?
Жоп:
АллахIа омра а дина тIедиллиначарех уггаре а доккханиг – Дела цхьаъвар (Тавхьид) ду.
6-гIа хаттар:
Ткъа «Дела цхьаъвар» («Тавхьид») бохург хIун ду?
Жоп:
Дела цхьаъвар (Тавхьид) бохург – дерриге а Iибадат цхьана АллахIана дар ду.
7-гIа хаттар:
АллахIа дихкиначарех уггаре а доккханиг хIун ду ?
Жоп:
АллахIа дихкиначарех уггаре а доккханиг - ширк ду.
8-гIа хаттар:
Ткъа «ширк» бохург хIун ду?
Жоп:
«Ширк» бохург - АллахI воцчу муьлххачу а цхьанна Iибадатдар ду.
9-гIа хаттар:
АллахIан уггаре а доккхачу омранан а, АллахIа дихкинчу уггаре а доккхачу хIуманан а тоьшалла хIун ду?
Жоп:
АллахIан уггаре а доккхачу омранан а, АллахIа дихкинчу уггаре а доккхачу хIуманан а тоьшалла Сийлахь-Везачу АллахIан къамел ду:
«Iибадатде АллахIана. Накъостий а ма леца Цуьнца» («ан-Нисаъ» сурат, 4:36).
10-гIа хаттар:
Нагахь хьайга хаттахь: «ХIора а адамана хаа беза кхо бух муьлха бу?», ахь жоп ло:
Жоп:
Лайна шен Дела вовзар а, шен дин довзар а, шен пайхамар Мухьаммад (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) вовзар а ду.
11-гIа хаттар:
Нагахь хьайга хаттахь: «Хьан Дела мила ву?», ахь жоп ло:
Жоп:
Сан Дела - АллахI ву, Шен ниIматашца со кхиийна а, иштта дерриге Iаламаш кхиийна а волу. И - ас Шена Iибадатдийриг а ву. И воцург Iибадатдеш кхин цхьа а вац сан.
Цуьнан тоьшалла Сийлахь-Везачу АллахIан къамел ду:
«Хастам бу АллахIана - Iаламийн Дална…» («ал-Фатихьат» сурат, 1:2).
АллахI воцу дерриге а хIума - Iалам ду, ткъа со - оцу Iаламех цхьаъ ву.
12-гIа хаттар:
Нагахь хьайга хаттахь: «Хьайн Дела стенца вевзина хьуна?», ахь жоп ло:
Жоп:
Суна И (АллахI) - Цуьнан Iаламаташца а, Цуьнан кхолламашца а вевзина.
Цуьнан Iаламатех ду: буьйса а, де а, малх а, бутт а.
Ткъа Цуьнан кхолламех ду: ворхI стигал а, ворхI латта а, царна чохь мел дерг а, царна юкъахь мел дерг а».
Цуьнан тоьшалла Сийлахь-Везачу АллахIан къамел ду:
«Цуьнан [АллахIан] Iаламатех ду - буьйса а, де а, малх а, бутт а. Сужуд ма делаш я малхана а, я баттана а. Ткъа сужуд делаш АллахIана, и [дерриге а] кхоьллина волчу, нагахь шаьш Цу цхьанна Iибадатдеш делахь» («Фуссилат» сурат, 41:37).
Иштта Сийлахь-Везачу АллахIан хIара къамел а ду:
«Боккъалла а, шун Дела – АллахI ву, ялх дийнахь стигалш а, латта а кхоьллина, цул тIаьхьа Iаьрша тIехь дIатарвелла волу. Буьйсане де дIахьулдойту [дIалоцуьйту] Цо, чехкка цунна [буьйсанна] тIаьхьа хьаьдда доьдуш долу. Малх а, бутт а, седарчий а - [уьш дерриге а] муьтIахь ду Цуьнан лаамна. Шеко а йоцуш, Цо кхолла а кхуллу, омра а до. Беркате ву АллахI, Iаламийн Дела волу» («ал-АIраф» сурат, 7:54).
Дела - шена Iибадатдеш верг ву. Ткъа цуьнан тоьшалла Сийлахь-Везачу АллахIан къамел ду:
«ХIай, нах! Iибадатде шайн Дална, шу а, шул хьалхарнаш а кхоьллинчу - Делах кхоьруш хилархьама. Шун дуьхьа латта – мотт а, стигал – тхов а бинарг ву И [АллахI]. Стигалара [догIанан] хи а даийтинарг а [ву И]. Цуьнца [догIанан хица], шуна рицкъанна, стоьмаш кхиийнарг а ву И. Цундела цхьа а хIума ма нисъе АллахIаца накъост, шайна хуъушехь» («ал-Бакъара» сурат, 2:21-22).
Ибн Касира (Сийлахь-Везачу АллахIа къинхетам бойла цуьнах) аьлла:
«Ткъа и дерриге а хIума кхоьллинарг - Шена Iибадатдан хьакъ верг ву».
13-гIа хаттар:
АллахIа Шен омранца тIедехкинчу Iибадатийн тайпанаш муьлш ду?
Жоп:
АллахIа Шен омранца тIедехкинчу Iибадатийн тайпанех ду - Ислам, иман, ихьсан. Иштта царех ду: доIадар, кхерар, сатуьйсийла (ражаъ), таваккалдар, лаам (рагIба), кхерар (рахIба), озавалар (хашйа), сийллаллина муьтIахь хилар, дохковаларца АллахIе верзар, гIо дехар, ларвар дехар, орца дехар, гIурбадер (даьхнина урс хьакхар), нузардар, иштта кхидолу АллахIа омранца тIедехкина долу дерриге Iибадаташ а.
14-гIа хаттар:
Ткъа дерриге и Iибадаташ, иштта кхидолу Iибадаташ а цхьана АллахIан дуьхьа дан дезаш ду. Бух бийцал цуьнан?
Жоп:
Дерриге Iибадаташ цхьана АллахIан дуьхьа дан дезаш хиларан бух Сийлахь-Везачу АллахIан къамел ду:
«Дерриге маьждигаш АллахIан ду [массо Iибидатден меттигаш АллахIан ю]. Цундела АллахIаца цхьаьна цхьаьнге а ма кхайкха» («ал-Жинн» сурат, 72:18).
15-гIа хаттар:
Лакхахь дагардинчу Iибадатийн тайпанех муьлхха а цхьаъ АллахI воцучунна диначуьнан хьукма хIун ду?
Жоп:
Лакхахь дагардинчу Iибадатийн тайпанех муьлхха а цхьаъ АллахI воцучунна динарг - мушрик а, копар-керста а лоруш ву.
16-гIа хаттар:
Тоьшалла хIун ду цуьнан?
Жоп:
Цуьнан тоьшалла Сийлахь-Везачу АллахIан къамел ду:
«АллахIаца цхьаьна кхечу деланашка [цIушка] кхойкхуш верг, оцу хьокъехь [гайта] шегахь цхьа бух а боцуш - цуьнан хьесап [бекхам] цуьнан Дална гергахь ду. Боккъалла а, декъала хир болуш бац-кха керстанаш» («ал-Муъминун» сурат, 23:117).
17-гIа хаттар:
ДоIа АллахIе дан дезаш хиларан тоьшалла хIун ду?
ДоIа АллахIе дан дезаш хиларан тоьшалла Сийлахь-Везачу АллахIан къамел ду:
«Шун Дала аьлла: «Соьга кхайкха, Ас жоп лур ду шуна. Боккъалла а, Суна Iибадатдан кураллаш еш берш – жоьжагIате гIур бу, сийсаз а бина» («ГIафир» сурат, 40: 60).
Хьадисехь боху: «Дехар - Iибадатан тIум ю».
18-гIа хаттар:
АллахIах кхеравезар гойту тоьшалла хIун ду?
Жоп:
АллахIах кхеравезаран тоьшалла Сийлахь-Везачу АллахIан къамел ду:
«Ма кхера царех, [ткъа] Сох кхера, нагахь шаьш муъманаш делахь» («Али Iимран» сурат, 3:175).
19-гIа хаттар:
Догдохийла цхьана АллахIе хила дезар гойту тоьшалла хIун ду?
Жоп:
Догдохийла цхьана АллахIе хила дезар гойту тоьшалла Сийлахь-Везачу АллахIан къамел ду:
«ХIан, шен Дална дуьхьалкхетаре догдохуш волучо дика Iамалш йойла, шен Дална Iибадатдеш [Цуьнца] накъост а ма войла цхьа а» («ал-КахIф» сурат, 18:110).
20-гIа хаттар:
Таваккал (тIетовжар, тIе болхбиллар) АллахIана дан дезаш хилар гойту тоьшалла хIун ду?
Жоп:
Таваккал (тIетовжар, тIе болхбиллар) АллахIана дан дезаш хилар гойту тоьшалла Сийлахь-Везачу АллахIан къамел ду:
«Цхьана АллахIана тIетовжа [таваккалде], нагахь шаьш муъманаш делахь» («ал-МаидахI» сурат, 5:23).
Иштта Сийлахь-Везачу АллахIан хIара къамел а ду:
«АллахIана тIе болх буьллучунна [таваккалдечунна] - И кхачаме ву» («атI-ТIалакъ» сурат, 65:3).
21-гIа хаттар:
Лааман а, кхераран а, сийлаллина муьтIахь хиларан а тоьшалла хIун ду?
Жоп:
Лааман а, кхераран а, сийлаллина муьтIахь хиларан а тоьшалла Сийлахь-Везачу АллахIан къамел ду:
«Боккъалла а, диканашдарехь сихонаш еш бара уьш [пайхамарш]. Тхоьга кхойкхуш а бара уьш [Тхан дикане] сатийсарца а, Тхох кхерарца а. МуьтIахь а бара уьш Тхуна» («ал-Анбийаъ» сурат, 21:90).
22-гIа хаттар:
Кхераран (рахIбан) тоьшалла хIун ду?
Жоп:
Кхераран (рахIбан) тоьшалла Сийлахь-Везачу АллахIан къамел ду:
«Ткъа царех [зуламхойх] ма кхера шу, Сох кхера…» («ал-Бакъара» сурат, 2:150).
23-гIа хаттар:
Дохкодовларца АллахIе дерза дезаран тоьшалла хIун ду?
Жоп:
Дохкодовларца АллахIе дерза дезар гойту тоьшалла Сийлахь-Везачу АллахIан къамел ду:
«Дохкодовларца шайн Деле дерза. МуьтIахь а хила Цунна…» («аз-Зумар» сурат, 39:54).
24-гIа хаттар:
ГIодехаран тоьшалла хIун ду?
Жоп:
ГIодехаран тоьшалла Сийлахь-Везачу АллахIан къамел ду:
«Iибадат а хьуна цхьанна до оха, гIо а Хьоьгара цхьаьнгара лоьху оха» («ал-Фатихьат» сурат, 1:5).
Хьадисехь аьлла: «Нагахь айхьа гIо доьхуш делахь - АллахIе деха» (Ахьмад: 3-195, ат-Тирмизи: 2515; Тирмизис аьлла: «хьасан, сахьихь» даржехь хьадис ду х1ара).
25-гIа хаттар:
Доладар а, ларвар а дехаран тоьшалла хIун ду?
Жоп:
Доладар а, ларвар а дехаран тоьшалла Сийлахь-Везачу АллахIан къамел ду:
«Ала: «ГIо лоьху ас садаржочу Делера…»» («ал-Фалакъ» сурат, 113:1).
Иштта Сийлахь-Везачу АллахIан хIара къамел а ду:
«Ала: «ГIо лоьху ас адамийн Элера…»» («ан-Нас» сурат, 114:1).
26-гIа хаттар:
Орцадехаран тоьшалла хIун ду?
Жоп:
Орцадехаран тоьшалла Сийлахь-Везачу АллахIан къамел ду:
«ХIан! ГIоьнна кхайкхира аш [хIай, муъманаш] шайн Деле, ткъа Цо жоп делира шуна…» («ал-Анфал» сурат, 8:9).
27-гIа хаттар:
ГIурбадеран (даьхнина урс хьакхаран) тоьшалла хIун ду?
Жоп:
ГIурбадеран (даьхнина урс хьакхаран) тоьшалла Сийлахь-Везачу АллахIан къамел ду:
«Ала [хIай, Мухьаммад]: «Боккъалла а, сан ламаз а, сан гIурбадер [я сан Iибадат] а, сан дахар а, сан Iожалла а АллахIана хьажийна ду, Iаламан Дела волчу, Шен накъостий боцчу»» («ал-АнIам» сурат, 6:162-163).
Суннатера тоьшалла:
«АллахIа неIалт аьлла - АллахI а воцуш, кхечуьнан дуьхьа урс хьаькхначунна» (Муслим: 1978).
28-гIа хаттар:
Нузардаран тоьшалла хIун ду?
Жоп:
Нузардаран тоьшалла Сийлахь-Везачу АллахIан къамел ду:
«Кхочушдо цара шаьш дина нузарш. Шен зен дIасадаьржачу дийнах а кхоьру уьш» («ал-Инсан» сурат, 76:7).
***
29-гIа хаттар:
(ХIора а адамана хаа безаш болу) шолгIа бух хIун бу?
Жоп:
(ХIора а адамана хаа безаш болу) шолгIа бух - Ислам-дин довзар бу, шен тоьшаллашца цхьаьна.
30-гIа хаттар:
Ислам-дин хIун ду довзийтахь?
Жоп:
Ислам-дин – цхьаъварца АллахIана муьтIахь хилар а, Цо аьлларг дар а ду, ширкан а, ширкан агIончийн а декъехь цахилар а ду.
31-гIа хаттар:
Ислам-динан тIегIанаш мел ду?
Жоп:
Ислам-динан кхо тIегIа ду:
32-гIа хаттар:
Муьлхарш ду и кхо тIегIа?
Жоп:
Ислам, иман, ихьсан.
Ткъа оцу хIора а тIегIанан шен-шен арканаш ю.
33-гIа хаттар:
Динан хьалхара тIегIа муьлха ду?
Жоп:
Динан хьалхара тIегIа - Ислам ду.
34-гIа хаттар:
Ислам-динан арканаш мел ю?
Жоп:
Ислам-динан арканаш - пхиъ ю.
35-гIа хаттар:
ХIун арканаш ю уьш?
Жоп:
- ХIокху кепара тоьшалла дар а: «Шена Iибадатдан хьакъ волуш, АллахI воцург, кхин дела вац, ткъа Мухьаммад - АллахIан элча ву»,
- ламазаш дар а,
- закат даккхар а,
- Рамазан баттахь марханаш кхабар а,
- АллахIан сийлахь-дезачу ЦIенна (КаIбина) тIе хьаьждан вахар а.
36-гIа хаттар:
«АллахI воцург кхин дела цахиларан» тоьшалла дан дезаш хиларан бух хIун бу?
Жоп:
«АллахI воцург кхин дела цахиларан» тоьшалла дан дезаш хиларан бух Сийлахь-Везачу АллахIан къамел ду:
«Тоьшалла дина АллахIа кхин дела цахиларца, Ша цхьаъ воцург, [иштта тоьшалла дина] маликаша а, Iилмадолучара а. Нийсо латтош ву И [АллахI]. Кхин дела вац, И воцург, Нуьцкъала, Хьикмате волу» («Али Iимран» сурат, 3:18).
37-гIа хаттар:
«АллахI воцург кхин дела цахиларан» тоьшаллин маьIна хIун ду?
Жоп:
«АллахI воцург кхин дела цахиларан» тоьшаллин маьIна: «Цхьа-цхьаъ вац шена Iибадатдан хьакъ, цхьа АллахI воцург».
«Цхьа-цхьаъ вац шена Iибадатдан хьакъ» бохучу дешнаша чулоцу – наха, АллахIана а доцуш, шайна Iибадат мел деш долу хIума дацаредаран маьIна.
«Цхьа АллахI воцург» бохучу дешнаша - Iибадат цхьана АллахIана дан дезаш хилар тIечIагIдо, Iибадатдечу юкъахь Цуьнца цхьа-цхьаъ накъост а ца нисвеш, хIунда аьлча Шен олаллехь а вац Цуьнца цхьа а накъост.
38-гIа хаттар:
ХIара дешнаш («Цхьа-цхьаъ вац шена Iибадатдан хьакъ, цхьа АллахI воцург») кхетош долу маьIна хIун ду?
Жоп:
ХIара дешнаш («Цхьа-цхьаъ вац шена Iибадатдан хьакъ, цхьа АллахI воцург») кхетош а, церан маьIна достуш а дерг Сийлахь-Везачу АллахIан къамел ду:
«ХIан, ИбрахIим [пайхамара] элира шен дега [Азаре] а, шен къоме а: «Боккъалла а, со, цхьа а юкъаметтиг а йоцуш, цIена ву-кха – оцу аш Iибадатдечарех, со кхоьллинарг воцучух. Боккъалла а, Цо нисвийр ву со нийсачу новкъа». [АллахIа Ша цхьаъхиларан тоьшаллин дош] лаьттар долуш дитира цуьнан [ИбрахIиман] тIаьхьенехь – уьш нийсачу новкъа юхаберзийтархьама» («аз-Зухруф» сурат, 43:26-28).
Иштта Сийлахь-Везачу АллахIан хIара къамел а ду:
«Ала [хIай, Мухьаммад]: «ХIай, Жайнин охIла! ТIедерзий вай шуний, тхуний цхьабосса долчу дашна - [иза] вай Iибадатцадар ду, АллахIана а бен, Цуьнца цхьа а хIума накъост цанисъяр а ду, вайх цхьаболучара вуьйш АллахIаца нисбина деланаш цалацар а ду. Нагахь уьш [Дела цхьаъ ца веш] дIаберзахь, аш ала [цаьрга]: «Тхо бусалбанаш хиларна тоьшалла де аш»» («Али Iимран» сурат, 3:64).
39-гIа хаттар:
«Мухьаммад - АллахIан элча хиларан» тоьшаллин бух хIун бу?
Жоп:
«Мухьаммад - АллахIан элча хиларан» тоьшаллин бух Сийлахь-Везачу АллахIан къамел ду:
«[ХIай, муъманаш!] Шуна юкъара [шун къомах] элча [Мухьаммад] веъна шуьга. Хала ду цунна [ган] аш хьоьгург. Шун дуьхьа лелаш ву иза. КIеда-мерза а, къинхетаме а ву иза муъма-нахаца» («ат-Тавба» сурат, 9:128).
40-гIа хаттар:
«Мухьаммад - АллахIан элча хиларан» тоьшаллин маьIна хIун ду?
Жоп:
«Мухьаммад - АллахIан элча хиларан» тоьшаллин маьIна:
Цо мел динчу омранашна муьтIахь хилар ду.
Цо мел бинчу хаамашкахь иза бакъ ларар ду.
Цо дихкиначух а, ма де баьхначух а ларвалар, генавалар ду.
Цо гайтинчу некъаца а бен АллахIана Iибадатцадар а ду.
41-гIа хаттар:
Ламаз дан дезаш хиларан а, закат даккха дезаш хиларан а, иштта Тавхьидан чулацамах кхетош долу а тоьшалла хIун ду?
Жоп:
Ламаз дан дезаш хиларан а, закат даккха дезаш хиларан а, иштта Тавхьидан чулацамах кхетош долу а тоьшалла Сийлахь-Везачу АллахIан къамел ду:
«Царна тIедиллина дацара АллахIана Iибадатдар бен - Цуьнан дуьхьа [ширках] шайн дин цIандеш, дела цхьаъвеш, ламазаш а деш, закат а доккхуш. И ду и бакъдолу дин» («ал-Баййинат» сурат, 98:5).
42-гIа хаттар:
Марханаш кхаба дезаш хиларан тоьшалла хIун ду?
Жоп:
Марханаш кхаба дезаш хиларан тоьшалла Сийлахь-Везачу АллахIан къамел ду:
«ХIай, Делах тешнарш! Шуна тIедиллина марханаш кхабар, шул хьалха хиллачарна тIе ма-диллара - шу Делах кхоьруш хилийтархьама» («ал-Бакъара» сурат, 2:183).
43-гIа хаттар:
Хьаьждан дезаш хиларан тоьшалла хIун ду?
Жоп:
Хьаьждан дезаш хиларан тоьшалла АллахIан къамел ду:
«Нах АллахIана хьалха декхар бу Хьаьж [цIенна – КаIбина] тIе хьаьждан баха, нагахь цига и некъ бан церан таро елахь. Нагахь цхьамма керстаналла дахь [хьаьждар парз хиларна], боккъалла а, АллахI хьаште вац Iаламашка» («Али Iимран» сурат, 3:97).
44-гIа хаттар:
Динан шолгIа тIегIа муьлха ду?
Жоп:
Динан шолгIа тIегIа - иман ду.
Иман – кхузткъе итт сов дакъа ду. Ткъа цуьнан уггаре а лакхара дакъа - хIара дешнаш алар ду: «Шена Iибадатдан хьакъ волуш цхьа-цхьаъ вац, цхьа АллахI воцург». Ткъа цуьнан уггаре а лахара дакъа - новкъара зене хIума дIаяккхар ду. Эхьхетар - иманан генех цхьа га ду.
45-гIа хаттар:
Иманан арканаш мел ю?
Жоп:
Иманан арканаш ялх ю.
46-гIа хаттар:
Муьлхарш ю и арканаш?
Жоп:
Имандиллар ду – АллахIе а, Цуьнан маликашка а, Цуьнан жайнашка а, Цуьнан элчанашка а, къематдийне а; доьгIначух (къадарх) тешар ду - цуьнах дика долучух а, иштта вон долучух а.
47-гIа хаттар:
Оцу ягарйинчу иманан ялх арканан тоьшалла хIун ду?
Жоп:
Оцу ягарйинчу иманан ялх арканан тоьшалла Сийлахь-Везачу АллахIан къамел ду:
«Дикалла яц шайн яьххьаш аш малхбалехьа а, малхбузехьа а ерзор. Ткъа дика ву-кха АллахIах а‚ къематан дийнах а‚ маликех а, Жайнех а‚ пайхамарех а тешнарг…» («ал-Бакъара» сурат, 2:177).
ДоьгIначух (къадарх) теша везаш хилар гойту тоьшалла Сийлахь-Везачу АллахIан къамел ду:
«Боккъалла а, Оха массо хIума кхоллам къастийна [къадарца] кхоьллина ду» («ал-Къамар» сурат, 54:49).
48-гIа хаттар:
Динан кхоалгIа тIегIа муьлха ду?
Жоп:
Динан кхоалгIа тIегIа - ихьсан ду.
49-гIа хаттар:
Ихьсанан арканаш мел ю?
Жоп:
Ихьсанан цхьа рукна ю. Иза - «Ахь АллахIана Iибадатдар ду, хьайна И гуш волуш санна. Хьайна И гуш вацахь а, Цунна хьо гуш хилар а хууш».
50-гIа хаттар:
Ихьсанан рукнан тоьшалла хIун ду?
Жоп:
Ихьсанан рукнан тоьшалла Сийлахь-Везачу АллахIан къамел ду:
«Боккъалла а, АллахI – [Шех] кхоьручаьрца а, дикадечаьрца [ихьсанца дика Iамалш ечаьрца] а цхьаьна ву» («ан-Нахьл» сурат, 16:128).
Иштта Сийлахь-Везачу АллахIан хIара къамел а ду:
«[ХIай, Мухьаммад!] Болх тIебилла Нуьцкъалачунна, Къинхетамбечунна, хьо гуш волчу – хьо буса [ламазашкахь] лаьттачу хенахь. [Иштта] сужудашдечарна юкъахь хьан хьала-охьа теIарш а [гуш волчу]. Боккъалла а, И [АллахI] - Хезашверг, Хуушверг ву» («аш-ШуIара» сурат, 26:217-220).
Иштта Сийлахь-Везачу АллахIан хIара къамел а ду:
«[ХIай, Мухьаммад!] Хьо муьлхха а хIума деш велахь а, ахь Къуръанах мел хIума дешахь а, аш [хIай, Мухьаммадан уммат] муьлхха а хIума дахь а – Тхо хоьжуш ду шуьга юьхьанца дуьйна а» («Юнус» сурат, 10:61).
51-гIа хаттар:
Суннатера бух бийцал, динан кхаа а тIегIанна богIуш болу?
Жоп:
Динан кхаа а тIегIанна богIуш болу Суннатера бух - массарна а девзаш долу Жабраил-маликан хьадис ду.
ХаттIабан кIанта Iумара (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа тхо АллахIан элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) гуламехь хевшина Iаш долуш, дагахь а доцуш, цхьа стаг тIевеара тхуна, бIаьрг кхулучу кIайн духарехь, кIарула-Iаьржа месаш а йолуш, цуьнга хьаьжча, иза некъахо ву-кха ала гуш лараш а йоцуш. Тхох цхьанна а вевзаш а вацара иза. Пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дуьхьал охьахиира иза. Шен голаш цуьнан голех а хуттуш, шен куьйгаш шен варешна тIе а дохкуш, цо элира:
«ХIай, Мухьаммад! Ислам-дин довзийтахь суна».
АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Исламан баххаш - ахь тоьшалла дар ду: АллахI бен кхин дела цахилар, Мухьаммад – АллахIан элча хилар. Иштта ламаз дар а ду, закат даккхар а ду, Рамазан-беттан марханаш кхабар а ду, хьаьждан ХьаьжцIа вахар а ду».
(Жабраил-малико) элира: «Бакъ лоь хьо».
Тхо цуьнах цецдевлира - цуьнга (элчане) хетта а хоьттуш, «бакъ лоь хьо» бахарх!
(Жабраил-малико) элира: «Ткъа хIинца иман бохург хIун ду довзийтахь суна».
(Мухьаммад-пайхамара) элира: «Иманан баххаш – хьо тешар ду: АллахIах а, Цуьнан маликех а, Цуьнан жайнех а, Цуьнан элчанех а, тIаьххьарчу (къематан) дийнах а. Иштта хьо доьгIначух (къадарх) тешар а ду, дикачух а, цуьнах санна вончух а».
(Жабраил-малико) элира: «Бакъ лоь хьо».
Цул тIаьхьа (Жабраил-малико) элира: «Ихьсан хIун ду дийцахь суна».
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира:
«Ихьсанан бух – ахь АллахIна Iибадатдар ду, хьайна И гуш волуш санна. Хьайна И гуш вацахь а, Цунна хьо гуш хилар а хууш».
(Жабраил-малико) элира: «Ткъа хIинца къематде маца хIуттур ду дийцахь суна».
(Мухьаммад-пайхамара) элира: «Шега хоьттуш верг-м вац цуьнах лаьцна ша хоьттуш волучул а сов хууш хIума долуш».
(Жабраил-малико) элира: «Делахь хIета, цуьнан билгалонаш йовзийтахь суна».
(Мухьаммад-пайхамара) элира: «(Къематде гергадаран билгалонех хир ду) - гIарбаш-зудчо шена эла яр, иштта хьуна гар а - когаш берзинарш, догIмаш дерзинарш, таро йоцу жаIуй, шайн хIусамаш лекхаян гIерташ вовшашлахь къийсалуш».
Цул тIаьхьа и стаг дIавахара. Ткъа со цхьана ханна бухависира.
ТIаккха пайхамара хаьттира: «ХIай, Iумар! Хьуна хаьий, и хеттарш динарг мила вара?».
Ас (Iумара) элира: «АллахIана а, Цуьнан элчанна а диках хаьа цуьнах дерг».
(Мухьаммад-пайхамара) элира: «Боккъалла а, иза - Жабраил (малик) дара, шуна шайн дин Iамон деана».
***
52-гIа хаттар:
ХIора а адамана хаа безаш болу кхоалгIа бух хIун бу?
Жоп:
ХIора а адамана хаа безаш болу кхоалгIа бух - шайн пайхамар Мухьаммад (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) вовзар бу. Ткъа цуьнан юьззина цIе - Мухьаммад ибн IабдуллахI ибн Iабд ал-МуттIалиб ибн ХIашим ю. ХIашим - Къурайшийн тайпанах ву. Къурайшаш - Iаьрбий хилла бу, ткъа Iаьрбий – Делан доттагI волчу ИбрахIиман кIентан ИсмаьIалан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда царна) тIаьхьенах бу.
53-гIа хаттар:
Мел шарахь ваьхна иза (Мухьаммад-пайхамар)?
Жоп:
Мухьаммад-пайхамар кхузткъе кхаа шарахь ваьхна. Царех шовзткъа шо пайхамаралла тIедиллале хьалха дIадаьлла. Ткъе кхаа шарчохь пайхамар а, элча а волуш ваьхна иза.
АллахIа пайхамаралла делла цуьнга - «Икъраъ» аят а доссийна, ткъа элчаналла а делла цуьнга - «Муддассир» аят а доссийна.
И вина а, ваьхна а йолу гIала Макка ю. Ткъа Мединате хIижрат дина цо.
54-гIа хаттар:
ХIун дохьуш вайитина ву иза (Мухьаммад-пайхамар)?
Жоп:
АллахIа ваийтина иза (Мухьаммад-пайхамар) - нах ширках ларбеш, Дела цхьаъваре кхойкхуш.
55-гIа хаттар:
Цуьнан тоьшалла хIун ду?
Жоп:
Цуьнан тоьшалла Сийлахь-Везачу АллахIан къамел ду:
«ХIай, [бедаршна] юкъахьаьрчинарг! ХьалагIатта, дIахьебе кхерам! Хьайн Дела вазве! Хьайн бедарш цIанъе [боьхаллех]! ЦIушна петоха [букътоха]! Дика а ма де, [цунна дуьхьал] цул а дукхачуьнга сатуьйсуш! Хьайн Делан дуьхьа собаре хила!» («ал-Муддассир» сурат, 74:1-7).
56-гIа хаттар:
«ХьалагIатта, дIахьебе кхерам!» бохучу дешнийн маьIна хIун ду?
Жоп:
«ХьалагIатта, дIахьебе кхерам!» бохучу дешнийн маьIна – «АллахIаца накъостий нисбарх ларбе нах, АллахI цхьаъваре а кхайкха уьш» бохург ду.
57-гIа хаттар:
«Хьайн Дела вазве!» бохучу дешнийн маьIна хIун ду?
Жоп:
«Хьайн Дела вазве!» бохучу дешнийн маьIна – «Ван ма-веззара, цхьаъвеш, вазве И» бохург ду.
58-гIа хаттар:
«Хьайн бедарш цIанъе!» бохучу дешнийн маьIна хIун ду?
Жоп:
«Хьайн бедарш цIанъе!» бохучу дешнийн маьIна – «Хьайн Iамалш ширках цIанъе» бохург ду.
59-гIа хаттар:
«Боьхаллех ларло!» бохучу дешнашкахь юьйцург хIун боьхалла ю?
Жоп:
«Боьхаллех ларло!» бохучу дешнашкахь юьйцу боьхалла – цIуш а, жаIарш а ю, ткъа царех ларло бохург - уьш Iаддайитар ду, царех дIахадар ду, иштта царна Iибадатдечу нахах дIахадар а ду.
60-гIа хаттар:
Нах Дела цхьаъваре кхойкхуш мел шарахь Iийна пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)?
Жоп:
Нах Дела цхьаъваре кхйокхуш хьалхара итт шо даьккхина пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо хуьлда цунна). Итт шо дIадаьлча, стигала хьалаваьккхина иза, ткъа цигахь парз пхи ламаз тIедиллина цунна.
61-гIа хаттар:
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) мел шарахь дина Маккахь парз пхи ламаз?
Жоп:
Кхаа шарахь Маккахь парз-ламазаш дина пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна). Цул тIаьхьа, хIижрат а дай, Мединате дIагIо аьлла, Делера омра а деана, хIижрат дина цо.
62-гIа хаттар:
«ХIижрат» бохург хIун ду довзийта.
Жоп:
ХIижрат – керста махкара бусалба махка дIакхалхар ду. Ткъа хIижратдар - хIокху умматна парз а дина тIедиллина ду. ХIижратдар къематде даллалц лаьттар долуш а ду.
63-гIа хаттар:
Цуьнан тоьшалла хIун ду?
Жоп:
Цуьнан тоьшалла Сийлахь-Везачу АллахIан къамел ду:
«Шаьш-шайна зулам а дина [хIижрат а ца деш], маликаша шайн синош дIаэцначаьрга [оцу маликаша] эр ду: «Мича хьолехь дара шу [шайн динах долучунна]?». Цара эр ду: «[ГIийла дара], гIелонехь дахкош дара тхо лаьтта тIехь». Цара [маликаша] эр ду: «Шуьйра дацара, ткъа, АллахIан латта шуна цига дIакхалха [хIижратдан]». Церан Iойла [я боьрзийла] жоьжагIати хир ю. Ма вон ю-кха и Iойла. Царна юкъа богIуш бац гIелонехь болу божарий а, зударий а, бераш а, я [кIелхьара] бовла ницкъ а боцуш, я (Мединате боьду) некъ а ца карош болу. Царна гечдан герга ду АллахIа. АллахI – Могуьйтушверг [я Дуьтушверг, я Тардолуьйтушверг], Гечдийриг ву» («ан-Нисаъ» сурат, 4:97-99).
Иштта Сийлахь-Везачу АллахIан хIара къамел а ду:
«ХIай, [Сох] тешна Сан лайш! Боккъалла а, Сан латта доккха ду шуна. Суна Iибадат делаш!» («ал-Iанкабут» сурат, 29:56).
Ал-БагIавис (АллахIа къинхетам бойла цуьнах) аьлла: «ХIара аят бусалба нехан хьокъехь доьссина ду, Маккахь совца а севцина, хIижрат а ца деш Iийна болчу. АллахIа иманан цIарца кхайкхам бина цаьрга».
64-гIа хаттар:
ХIижратдан дезаш хилар гойту Суннатера тоьшалла хIун ду?
Жоп:
ХIижратдан дезаш хиларан Суннатера тоьшалла пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) къамел ду:
«ХIижратдан дезар соцур долуш дац - тоба къобалдар саццалц, ткъа тоба къобалдар а соцур дац - дIабузехьара малх схьакхетталц» (Ахьмад: 99, Абу Дауд: 2479, «ал-Ирваъ» жайнахь ал-Албани: 1208).
65-гIа хаттар:
Дийцал, пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Меднахь дIатарвеллачул тIаьхьа, тIедехкина Исламан декхарш?
Жоп:
Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Меднахь дIатарвеллачул тIаьхьа, кхин а Исламан декхарш тIедехкина цунна, масала: закат а, марха а, хьаьж а, азан а, жихIад а, дикане кхайкхар а, вониг дехкар а, иштта кхийолу Исламан Iамалш а.
66-гIа хаттар:
Меднахь мел шарахь Iийна пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дин кхайкхош?
Жоп:
Дин кхайкхоран декхарш кхочушдеш лаьттина пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Меднахь ша цигахь даьккхинчу итт шарахь, ткъа цул тIаьхьа дIакхелхина иза. Амма цуьнан дин ша ма-дарра бухадисина! ХIара ду цуьнан дин: цхьа а дика дац - цо шен умматна гайтанза, я вон а дац - цо шен уммат цуьнах ларданза.
67-гIа хаттар:
Уггаре а доккха дика муьлха ду пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шен умматна гайтина долу?
Жоп:
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шен умматна гайтина долу уггаре а доккха дика - Тавхьид а, АллахIана мел дезарг а, И реза волуш мел дерг а ду.
68-гIа хаттар:
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ларло баьхна долу уггаре а доккха вон муьлха ду?
Жоп:
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ларло баьхна долу уггаре а доккха вон - ширк а, АллахIана мел цадезарг а, Цо бехк бокхуш мел дерг а ду.
69-гIа хаттар:
АллахIа Мухьаммад-пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) массаьрга а ваийтина я цхьаболучаьрга ваийтина хилла ву иза?
Жоп:
АллахIа Мухьаммад-пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дерриге а адамалле ваийтина ву. Дерриге жинашна а, адамашна а парздина тIе а диллина цунна муьтIахь хилар.
70-гIа хаттар:
Бух бийцал, пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) массаьрга а ваийтина хилар гойтуш болу?
Жоп:
Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) массаьрга а ваийтина хилар гойтуш болу бух Сийлахь-Везачу АллахIан къамел ду:
«Ала [хIай, Мухьаммад]: «ХIай, нах! АллахIан элча ву со шуьга массаьрга а веана»» («ал-АIраф» сурат, 7:158).
71-гIа хаттар:
Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ваийтарца Ислам-дин дуьзний?
Жоп:
АллахIа цуьнгахула (пайхамарехула) Шен дин дуьзна, кхочушдина.
72-гIа хаттар:
Ислам-дин дуьзна хиларан, кхочушдина хиларан тоьшалла хIун ду?
Жоп:
Ислам-дин дуьзна хиларан, кхочушдина хиларан тоьшалла Сийлахь-Везачу АллахIан къамел ду:
«Тахана шун дуьхьа шун дин дуьзна Ас. Кхоччуш Сайн ниIмат шуьга дIа а кхачийна Ас. Реза а хилла Со шун дин - Ислам хила [хилийта]» («ал-МаидахI» сурат, 5:3).
73-гIа хаттар:
Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) велла хиларан тоьшалла хIун ду?
Жоп:
Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) велла хиларан тоьшалла Сийлахь-Везачу АллахIан къамел ду:
«Боккъалла а, хьо [хIай, Мухьаммад] лийр волуш ву. Уьш а бу лийр болуш. ТIаккха, къематдийнахь, шайн Дална гергахь къийсадала хIуьттур ду шу» («аз-Зумар» сурат, 39:30-31).
74-гIа хаттар:
Деллачул тIаьхьа хIун хир долуш ду адамашна?
Жоп:
Адамаш, деллачул тIаьхьа юха ден а дина, гIовттор долуш ду.
75-гIа хаттар:
Адамаш деллачул тIаьхьа гIовттор долуш хиларан тоьшалла хIун ду?
Жоп:
Адамаш деллачул тIаьхьа гIовттор долуш хиларан тоьшалла Сийлахь-Везачу АллахIан къамел ду:
«Цуьнах [лаьттах] кхолла а кхоьллина Оха шу. Цуьнга [лаьтте] юха а дерзор ду Оха шу. Ткъа кхин цкъа а [ден а дина] хьала а дохур ду Оха шу оцу [лаьтта] чуьра» («ТIо-ХIа» сурат, 20:55).
Иштта Сийлахь-Везачу АллахIан хIара къамел а ду:
«АллахIа кхиийна шу лаьттах хьала, ораматаш санна. Цул тIаьхьа юхадерзор ду Цо шу цуьнга [лаьтте], юха а цигара гIовттор ду [къематдийнахь]» («Нухь» сурат, 71:17-18).
76-гIа хаттар:
Адамаш ден а дина гIиттийначул тIаьхьа царна хIун хир долуш ду?
Жоп:
Адамаш ден а дина гIиттийначул тIаьхьа цаьрга барт хоттур бу. Шайн Iамалшка хьажжина бекхам а хир бу царна.
77-гIа хаттар:
Бух балабел цунна тоьшаллина?
Жоп:
Цуьнан бух Сийлахь-Везачу АллахIан къамел ду:
«АллахIан ду стигалшкахь мел дерг а, лаьтта тIехь мел дерг а - вонашдиначарна бекхамбархьама, цара динарг бахьанехь, ткъа диканашдиначарна уггаре а дикачуьнца [ялсаманица] бекхамбархьамма а» («ан-Нажм» сурат, 53:31).
78-гIа хаттар:
Адамаш ден а дина гIовтторг хилар харцдина волучуьнан хьукма хIун ду?
Жоп:
Адамаш ден а дина гIовтторг хилар харц мел дийриг - керста ву.
79-гIа хаттар:
Цуьнан бух хIун бу?
Жоп:
Цуьнан бух Сийлахь-Везачу АллахIан къамел ду:
«Керстанашна шаьш денбийр бац аьлла хета. Ала [цаьрга, хIай, Мухьаммад]: «Мелхо а, сайн Делах дуй ма буу ас! Билггал, гIовттор ма ду шу [къематдийнахь]. Цул тIаьхьа дIа а довзуьйтур ма ду шуна аш мел динарг. АллахIана атта [хIума] ду и»» («ат-ТагIабун» сурат, 64:7).
80-гIа хаттар:
АллахIа элчанаш хIунда бахкийтина?
Жоп:
АллахIа массо а элчанаш кхерамхилар дIахьедеш а, хаза кхаьънаш дохьуш а бахкийтина бу.
81-гIа хаттар:
Цуьнан тоьшалла хIун ду?
Жоп:
Цуьнан тоьшалла Сийлахь-Везачу АллахIан къамел ду:
«Элчанаш бахкийтина Оха, хаза кхаьънаш дохьуш а, вочух шу лардеш а - элчанаш баьхкиначул тIаьхьа АллахIана дуьхьал тоьшалла цахилийтархьама» («ан-Нисаъ» сурат, 4:165).
82-гIа хаттар:
Дуьххьарлера а, тIаьххьарлера а ши элча мила ву?
Жоп:
Элчанех хьалхарниг Нухь хилла (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), ткъа тIаьххьарниг - Мухьаммад хилла (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна).
83-гIа хаттар:
Цуьнан тоьшалла хIун ду?
Жоп:
Дуьххьара ваийтина элча Нухь хиларан тоьшалла Сийлахь-Везачу АллахIан къамел ду:
«[ХIай, Мухьаммад!] Боккъалла а, хаам баийтина Оха хьоьга а, Нухь [пайхамаре] а, цул тIаьхьа баьхкинчу пайхамаршка баийтаре терра» («ан-Нисаъ» сурат, 4:163).
84-гIа хаттар:
Массо а умматашка а бахкийтиний АллахIа элчанаш?
Жоп:
Массо а умматашна АллахIа элчанаш бахийтина - Нухьана тIера Мухьаммадна тIекхаччалц.
85-гIа хаттар:
Элчанаша, хIун де олий, омра деш хилла шаьш тIедахийтинчу къаьмнашка?
Жоп:
Цхьана АллахIана Iибадатдарца омра деш хилла элчанаша шаьш тIедахийтинчу къаьмнашка. ТIагIутана Iибадатдар доьхкуш хилла цара царна.
86-гIа хаттар:
Цуьнан тоьшалла хIун ду?
Жоп:
Цуьнан тоьшалла Сийлахь-Везачу АллахIан къамел ду:
«Оха вахийтина хIора уммате а элча – [цуьнга алийтархьама]: «АллахIана Iибадатде, тIагIутах ларло!»» («ан-Нахьл» сурат, 16:36).
87-гIа хаттар:
Сийлахь-Везачу АллахIа Шен массо а лайшна тIедиллинарг хIун ду?
Жоп:
Сийлахь-Везачу АллахIа Шен массо а лайшна тIедиллинарг - Шех тешар а, тIагIутаца керстаналладар а ду.
88-гIа хаттар:
«ТIагIут» бохучуьнан маьIна хIун ду?
Жоп:
Ибн ал-Къаййима (Сийлахь-Везачу АллахIа къинхетам бойла цуьнах) аьлла: ««ТIагIут» олу – Iибадатдарехь а, тIаьхьавазарехь а, муьтIахьхиларехь а тоьхначу дозанал лай тIехваларх».
89-гIа хаттар:
Мел ду тIагIуташ?
Жоп:
ТIагIуташ дуккха а ду, амма царех коьртанаш пхиъ ду:
1) Иблис (Делан неIалт хуьлда цунна).
2) Шена и дарна реза а волуш, шена Iибадат дайтинарг.
3) Нах шена Iибадатдаре кхайкхинарг.
4) Делан къайле хаьа шена бохуш верг.
5) АллахIа цадоссийначуьнца хьукма (куьйгалла) дийриг.
90-гIа хаттар:
Цуьнан тоьшалла хIун ду?
Жоп:
Цуьнан тоьшалла Сийлахь-Везачу АллахIан къамел ду:
«Динехь ницкъ бар дац. Нийса некъ къаьстина баьлла тиларх. Ткъа тIагIутаца керстаналла а дина, АллахIе имандиллиначо - тешаме мукъ лаьцна…» («ал-Бакъарат» сурат, 2:256).
Иза - «Кхин дела вац, шена Iибадатдан хьакъ долуш, АллахI воцург» бохучу тоьшаллин чулацам а, маьIна а ду.
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«ХIокху гIуллакхан (динан) корта – Ислам ду, цуьнан бIогIам - ламаз ду, цуьнан бохь - АллахIан новкъахь жихIаддар ду» (ат-Тирмизи: 2616, хьасан-сахьихь даржехь ду а аьлла цо хIара хьадис).
Ткъа массарел а дика хуург АллахI ву!
АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда вайн пайхамарна Мухьаммадна а, цуьнан доьзална а, цуьнан асхьабашна а!
ЧУЛАЦАМ
1. Iамон дезаш долу диъ хаттар
2. Довза дезаш а, цаьрца Iамалъян езаш а долу кхо хаттар
3. «Хьанифиййат» олуш долу дин
4. «Сайна Iибадатдайтаран дуьхьа» бохучу дешнийн маьIна
5. АллахIа омра а дина тIедиллиначарех уггаре а доккханиг
6. «Дела цхьаъвар» («Тавхьид»)
7. АллахIа дихкиначарех уггаре а доккханиг
8. Ширк
9. АллахIан уггаре а доккхачу омранан а, АллахIа дихкинчу уггаре а доккханчу хIуманан а тоьшалла
10. «ХIора а адамана хаа беза кхо бух муьлха бу?» хаттарна жоп
11. «Хьан Дела мила ву?» хаттарна жоп
12. «Хьайн Дела стенца вевзина хьуна?» хаттарна жоп
13. АллахIа Шен омранца тIедехкинчу Iибадатийн тайпанаш
14. Дерриге Iибадаташ цхьана АллахIан дуьхьа дан дезаш хиларан бух
15. Iибадатийн тайпанех муьлхха а цхьаъ АллахI воцучунна диначуьнан хьукма
16. Iибадатийн тайпанех муьлхха а цхьаъ АллахI воцучунна диначуьнан хьукмин тоьшалла
17. ДоIа АллахIе дан дезаш хиларан тоьшалла
18. АллахIах кхеравезар гойту тоьшалла
19. Догдохийла цхьана АллахIе хила дезар гойту тоьшалла
20. Таваккал (тIетовжар, тIе болхбиллар) АллахIана тIе дан дезаш хилар гойту тоьшалла
21. Лааман а, кхераран а, сийлаллина муьтIахь хиларан а тоьшалла
22. Кхераран (рахIбан) тоьшалла
23. Дохковдовларца АллахIе дерза дезаран тоьшалла
24. ГIодехаран тоьшалла
25. Доладар а, ларвар а дехаран тоьшалла
26. Орцадехаран тоьшалла
27. ГIурбадеран (даьхнина урс хьакхаран) тоьшалла
28. Нузардаран тоьшалла
29. (ХIора а адамана хаа безаш болу) шолгIа бух
30. Ислам-дин довзийтар
31. Ислам-динан тIегIанийн терахь
32. Ислам-динан тIегIанаш дагардар
33. Ислам-динан хьалхара тIегIа
34. Ислам-динан арканийн терахь
35. Ислам-динан арканаш ягаръяр
36. «АллахI воцург кхин дела цахиларан» тоьшалла дан дезаш хиларан бух
37. «АллахI воцург кхин дела цахиларан» тоьшаллин маьIна
38. «Цхьа-цхьаъ вац шена Iибадатдан хьакъ, цхьа АллахI воцург» боху дешнаш кхетош долу маьIна
39. «Мухьаммад - АллахIан элча хиларан» тоьшаллин бух
40. «Мухьаммад - АллахIан элча хиларан» тоьшаллин маьIна
41. Ламаз дан дезаш хиларан а, закат даккха дезаш хиларан а, иштта Тавхьидан чулацамах кхетош долу а тоьшалла
42.Марханаш кхаба дезаран тоьшалла
43. Хьаьждан дезаш хиларан тоьшалла
44. Ислам-динан шолгIа тIегIа
45. Иманан арканийн терахь
46. Иманан арканаш ягаръяр
47. Иманан ялх арканан тоьшалла
48. Ислам-динан кхоалгIа тIегIа
49. Ихьсанан аркан
50. Ихьсанан арканан тоьшалла
51. Ислам-динан кхаа а тIегIанна богIуш болу Суннатера бух
52. ХIора а адамана хаа безаш болу кхоалгIа бух
53. Мухьаммад-пайхамар ваьхна хан
54. Мухьаммад-пайхамаре даийтинарг
55. Мухьаммад-пайхамаре даийтиначуьнан тоьшалла
56. «ХьалагIатта, дIахьебе кхерам!» бохучу дешнийн маьIна
57. «Хьайн Дела вазве!» бохучу дешнийн маьIна
58. «Хьайн бедарш цIанъе!» бохучу дешнийн маьIна
59. «Боьхаллех ларло!» бохучу дешнашкахь юьйцу боьхалла
60. Нах Дела цхьаъваре кхойкхуш пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Iийна хан
61. Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Маккахь парз пхи ламаз дина хан
62. «ХIижрат» бохург хIун ду довзийтар
63. ХIижратдар парз хиларан тоьшалла
64. ХIижратдан дезаш хиларан Суннатера тоьшалла
65. Меднахь тIедехкина Исламан декхарш (ШарIан хьукманаш)
66. Меднахь пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дин кхайкхош Iийна хан
67. Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шен умматна гайтина долу уггаре а доккха дика
68. Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ларло баьхна долу уггаре а доккха вон
69. АллахIа Мухьаммад-пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) массаьрга а ваийтина хилар
70. Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) массаьрга а ваийтина хиларан бух
71. Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ваийтарца Ислам-дин дузар
72. Ислам-дин дуьзна хиларан, кхочушдина хиларан тоьшалла
73. Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) велла хиларан тоьшалла
74. Деллачул тIаьхьа адамашна хиндерг
75. Адамаш деллачул тIаьхьа гIовттор долуш хиларан тоьшалла
76. Адамаш ден а дина гIиттийначул тIаьхьа царна хиндерг
77. Адамаш ден а дина гIиттийначул тIаьхьа цаьрга барт хоттург хиларан а, царна шайн Iамалшка хьажжина бекхам хирг хиларан а тоьшалла
78. Адамаш ден а дина гIовтторг хилар харцдина волучунна хиндерг
79. Адамаш ден а дина гIовтторг хилар харцдийриг керста хиларан бух
80. АллахIа элчанаш бахкийтаран бахьана
81. АллахIа элчанаш бахкийтаран бахьанин тоьшалла
82. Дуьххьарлера а, тIаьххьарлера а ши элча
83. Дуьххьарлера а, тIаьххьарлера а ши элча Нухь а, Мухьаммад а хиларан тоьшалла
84. Массо а умматашка АллахIа элчанаш а бахкийтина хилар
85. Шаьш тIедахийтинчу къаьмнашка элчанаша деш хилла долу омра
86. Iибадат, ТIагIутана а ца деш, Аллахана дан дезаш хиларан тоьшалла
87. Сийлахь-Везачу АллахIа Шен массо а лайшна тIедиллинарг
88. «ТIагIут» бохучуьнан маьIна
89. ТагIутийн терахь
90. ТIагIутаца керстаналла дан дезаш хиларан тоьшалла