АллахIа хьанал динарг хьарам деш а, хьарам динарг хьанал деш а болучу Iеламнахана а, куьйгалхошна а муьтIахь хиллачо - царех шен делий тарбина
Ибн Iаббаса аьлла: «ХIинций-хIинций шуна тIе стигалара тIулгаш доьлху бохуш кхоьруш Iа-кха со! Ткъа со а - «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла бохуш ву шуьга», ткъа шу а – «Абу Бакара а, Iумара а элира бохуш ду»» («Ахьмад»: 1/337).
Имам Ахьмад бин Хьанбала аьлла: «Цецвоху-кха со наха - хьадисан иснад а, и бух болуш хилар а хиъна, хIетте а Супяянна хетачунна тIаьхьахIиттина болучу, Сийлахь-Везачу АллахIа бохуш доллушехь а: «Цуьнан омрина дуьхьал буьйлуш берш ларлойла - шайга питана ца даийта я балане Iазап ца даийта!». Цо хаьттира: «Ткъа питана хIун ду хаьий хьуна?». Питана – ширк ду. Схьахетарехь, цуьнан маьIна иштта ду: нагахь муьлххачо а цхьамма пайхамаран къамелах цхьадерг дIататтахь - цуьнан дагчу тилар догIур ду, тIаккха иза хIаллакъхир ву».
Iадий бин Хьатима дийцина: «Суна хезна пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIаьхьадогIу аят доьшуш: «АллахI а витина, делий тарбира цара шайна шайн мозгIарш а, иштта Мареман кIант Масихь а. Ткъа цаьрга дина омра дара: цхьана Далла Iибадат де аьлла, И воцург кхин Дела воцучу. ЦIена ву АллахI цара Цуьнга нисбечу накъостех» («Товба»: 31). Аса элира цуьнга: «Тхо царна Iибадат деш ма-дац!». ТIаккха цо хаьттира: «АллахIа хьанал динарг цара хьарам дича - аша а ца лора и шайна хьарам, иштта АллахIа хьанал динарг цара хьарам дича - аша а ца до и шайна хьанал?». Аса жоп делира: «ХIаъ, иштта-м ду иза». Цо элира: «И ду-кха и - царна Iибадат дар» (Ахьмада а, Тирмизис а дийцина, хIара хьадис «хьасан» дарджехь ду аьлла Тирмизис).