«Хьуна ца гина, хьоьга доссийначуьнга а, хьоьл а хьалха доссийначуьнга а шаьш иман диллина хилар дIахьедеш берш, хIеттте а тIагIутан кхиэле бовла а лаьа царна, цуьнах юхабовлар шайна тIедиллина доллушехь а? ШайтIанна уьш генна тиларчу бига лаьа! Цаьрга аьлча: «Схьадуьйла АллахIа доссийначунна а, Цуьнан элчанна а тIе» - хьуна гур ду хьуна мунепикъаш хьайх маса дIахьийзаш. Ткъа цаьрга бала боьссича муха хуьлу, церан куьйгаша хьалха динарг бахьанехь, - тIаккха-м, дера, хьуна тIе ма богIу уьш, АллахIах дуйнаш а дууш: «Диканиг а, маслаIат а лууш бен ма-дацара тхо» («Нисаъ»: 60).
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла: «Цаьрга аьлча: «Лаьтта тIехь бохамаш ма баржабе!» - цара олу: «Муххале а, тхо ду-кха и диканиг даржош дерш» («Бакъарат»: 11).
Сийлахь-Везачу АллахIа Аьлла: «Лаьтта тIехь бохамаш ма баржаде, и къепе далийначул тIаьхьа. Кхайкха Цуьнга, кхера а кхоьруш, дог а дохуш: «Боккъалаъ, диканиг дечарна уллохь бу АллахIан къинхетам»» («АIраф»: 56).
Сийлахь-Везачу АллахIа боху: «ЖехIилан заманан кхиэле бовла гIерта-те уьш? Хьена сацамаш бу - АллахIан сацамел а дика хила тарлуш берш тешаш болучу нахана?!» («Маида»: 50).
Iумаран кIанта IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шух цхьа а Делах тешна вац - цо шен лаамаш аса деаначунна муьтIахь баллалц».
Нававис аьлла: «ХIара «сахьихь» хьадис ду. Оха «ал-Хьужжат» жайнахь «сахьихь» йолучу иснадаца далийна и».
ШаIабийс дийцина: «Мухха а цкъа цхьа мунепикъ къовсавелла цхьана жуьгтичуьнца, ткъа оцу жуьгтичо аьлла: «Кхиэле Мухьаммаде вер ву вайша, хIунда аьлча цунна хууш хилла цо кхаьънаш ца оьций». Мунепикъа аьлла: «Цул а жуьгтийн кхиэле вер ву вайша, хIунда аьлча цунна хууш хилла цо кхаьънаш оьций». Шина къовсамхочуьнан барт хилла: ЖухIайнахь Iаш волучу цхьана хиндег дуьйцучунна (кахIинна) тIе а ваха, цуьнга кхиэле вала. Циггахь хIара аят доссийра: «Хьуна ца гина, хьоьга доссийначуьнга а, хьоьл а хьалха доссийначуьнга а шаьш иман диллина хилар дIахьедеш берш …»
Кхечу хьадисехь и аят доссаран бахьанин хьокъехь аьлла: «Мухха а цкъа цхьа ши стаг шаьшшинна юккъехь къовсавелла. Цаьршиннах цхьамма некъ кховдийна: «Пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) вер ву вайша - вайшинна юккъехь цуьнга кхиэл яйтаран дуьхьа». Ткъа вукхо аьлла: «Цул а (жуьгтичуьнга) КаIб бин Ашрафе вер ву вайша». Эххар а тIаьхьа Iумаре велира и шиъ. Шина къовсамхочух цхьамма дерриге а хилларг дIадийцира цуьнга. Iумара хаьттина пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) вала реза цахиллачуьнга: «Иштта дарий и?». Оцу стага жоп делла: «ХIаъ, иштта дара и». Iумара, шен тур схьа а даьккхина, тоьхна вийна иза».