Сийлахь-Везачо аьлла: «АллахIан ниIмат девза царна, амма цул тIаьхьа инкаре хуьлу уьш Цунна, хIунда аьлча царех дукхах берш – тешаш бац» («ан-Нахьл»: 83).
МужахIида аьлла: «Цуьнан маьIна стага аларехь ду: «ХIара – сан бахам, суна сайн дайшкара кхаьчна ирс ду».
Iавн бин IабдуллахIа аьлла: «И дешнаш (тIаьхьадогIург) олуш волучуьнан хьокъехь ду: «Хьенех ца хиллехьара - иштта хилла а хир дацара».
Ибн Къутайба аьлла: «Цара олу: «ХIара тхуна хила - тхан делаша юкъаралла дар бахьана долуш»».
Сийлахь-Везачо элира аьлла долу Зайд ибн Халидан хьадис дийциначул тIаьхьа: «Сан лайшна юккъехь гучубевлла - Соьх тешаш берш а, Соьх цатешаш берш а…» - Абу ал-Iаббаса (ибн Таймис) яздина: «АллахIан Жайнахь а, Суннатехь а дуккха а къамелаш ду - Сийлахь-Везачо Ша делла долу диканаш кхечунна тIедахийтар а, оцу кеппара Шеца накъостий нисбеш берш а емал беш долу».
Салафех цхьаболучара аьлла: «И дешнаш шен цхьа аьтто хилча олуш болучеран хьокъехь а ду: «Мох - аьттоне бара, кемалелорхо а вара - исбаьхьа». Цуьнах тера аларийн хьокъехь а ду, тахана дуккха а нехан меттанашка доьлла долучу.