• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт

Дакъа 42: АЛЛАХIан дешан хьокъехь

Опубликовано: 03 февраля 2010

«Шайна хаа а хууш, АллахIаца цхьа а ма нисве» («Бакъарат»: 22). 

Оцу аятан хьокъехь ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла:

«Кхинберш АллахIаца нисбар ширк ду - кIарула-Iаьржачу буьйсанан боданехь Iаьржачу тIулгана тIехула текхаш доьдучу зингатал а къайлах долу. Ишттачу ширках хир ду ахьа муьлххачу а цхьаьнга алар: «Аса дуй буу АллахIах, хьан дахарах а, сайн дахарах а!». Иштта ширк хир ду ахьа алар а: «ХIара жIаьла ца хиллехьара - вайна чу къуй бевлла хир болуш ма бара». Я иштта алар: «Кертахь бедаш ца хиллехьара - вайна чу къуй бевлла хир болуш ма бара». Цкъацкъа цхьана стага вукхуьнга олуш дерг а ду ширк: «АллахIана а, хьуна а лаахь». Иштта ширк хир ду стага алар а: «АллахI а, и цхьа хьенех а ца хиллехьара - хьоьга даделла-м хир дацара иза». Хьенех ма хьехаве оцу юккъехь. Оцу дерриге а аларшкахь - ширк ду» (ибн Абу Хьатим).

Iумар бин ал-ХаттIаба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахI воцучух (стенцца а) дуй биъначо - керстаналла дина (я ширк дина)» (ат-Тирмизи: 1535, Ахьмад: 2/69,87, иштта 125. Тирмизис аьлла хIара хьадис «хьасан» дарж долуш ду, ткъа Хьакима «сахьихь» ду аьлла хIара).

Ибн МасIуда аьлла: «АллахIах къера дуй баар гIоле хетар ма дара суна - бакъдерг а дуьйцуш, АллахI воцучух (я АллахI воцучуьнан цIарах) дуй баарал а».

Хьузайфа бин ал-Йамана (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Аша ма олийла: «АллахIана а ма лаъара, хьенехана а ма лаъара». (Алахь иштта) ала аша: «АллахIана ма лаъара, ткъа цул тIаьхьа хьенехана а»» (хIара хьадис «сахьихь» йолучу иснадаца далийна Абу Дауда: 4980).

ИбрахIим ан-НахаIийс ала магош ца хилла: «Аса гIо лоьху АллахIера а, аса гIо лоьху хьоьгара а». Ткъа иштта алар магадора цо: «Аса гIо лоьху АллахIера, тIаккха хьоьгара доьху аса сайна гIо». Цо аьлла: «Иштта ала мегаш ду: «АллахI ца хиллехь, тIаккха хьенех а». Амма аша ма олийла: «АллахI а, хьенех а ца хиллехь»».

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2025, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft