• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт

Дакъа 44:«АЛЛАХIана а, хьуна а лаахь» аларан хьокъехь

Опубликовано: 03 февраля 2010

Къутайла дийцина: «(Цкъа) пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу а веана, цхьана жуьгтичо аьлла: «Шу ширк деш ду, хIунда аьлча аша олу: «АллахIана а, хьуна а лаахь. КаIбах дуй а кхуллу аша». Цул тIаьхьа пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) нахе омра дира, дуй буучу хенахь хIара ала аьлла: «Хьаьжин цIийнан Делах дуй буу аса». Иштта (ала аьлла цо): «АллахIана лаахь, цул тIаьхьа хьуна» («Насаи»: 7/6, Ахьмад: 6/371, иштта 372; «сахьихь» хьадис ду).

Оццу Къутайлас далийна ду кхин а ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина цхьа хьадис: «Мухха а цкъа цхьана стага пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «АллахIана а, хьуна а лиънарг». Цунна дуьхьал пайхамара хаьттира: «Ахьа хIун дуьйцу, со АллахIе нисвеш воллу хьо? Шенна цхьана АллахIана лаахь ала» (Насаис далийна «АфIал ал-йауми вал-лейлахI» жайнахь, Ахьмад: 1/214, 283, 347, иштта кхечара а).

Ибн Мажата далийна Iайшатан нанас виначу вешин ТIуфайлан хьадис: «Цкъа гIенаха гинера суна, жуьгтийн цхьана тобанна тIе а вахана, айса цаьрга олуш: «Боккъалаъ, ма бакъахьара къам хир дара-кх шу - аша ца бахахьара: «Iузайра - АллахIан кIант ву». Цара жоп делира: «Дера шуъа-м хир дара бакъахьара къам - аша ца бахахьара: «АллахIана а, Мухьаммадана а лаахь». ТIаккха, керстачу нехан цхьана тобанна тIе а вахана, аса элира: «Боккъалаъ бакъ долуш, ма бакъахьара къам хир дара-кх шу - аша ца бахахьара: «Масихь (Iиса пайхамар) - АллахIан къант ву»». Цара элира: «Дера шуъа-м хир дара бакъахьара къам - аша ца бахахьара: «АллахIана а, Мухьаммадана а лаахь». Iуьйранна со самаваьлча, цхьацца болучу нахана дийцира аса иза. ТIаккха, пайхамар волучу а вахана, цуьнга а дийцира аса сайна гина хилла долу и гIан. Цо хаьттира: «Цхьаьнгга а дийца-м ца дийцина ахьа иза?». Аса жоп делира: «ХIаъ». ТIаккха пайхамара, АллахIана хастам а бина, Цунна хастаме шукар а дина, цул тIаьхьа элира: «Делахь, ТIуфайлана гIан гина, шух цхьаболучарна цо дийца а дийцина иза. Аша олуш дешнаш дара, цхьацца долу хьелаш бахьанехь, шуна уьш дехка суна тар ца луш хилла долу. Делахь-хIета, кхин ма алалаш: «АллахIана а, Мухьаммадана а лаахь». Аша ала: «Цхьана АллахIана лаахь»» (ибн Мажа: 2118, Ахьмад: 5/72, ад-Дарами: 2/295, иштта кхиболучара а Хьузайфа ибн Йаманера).

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2025, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft