• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт

Дакъа 48: АЛЛАХIан цIе тIехь йолучу хIуманца а, иштта къурIанаца а, АЛЛАХIан элчанца а…

Опубликовано: 19 марта 2010

48-гIа дакъа. АллахIан цIе тIехь йолучу хIуманца а, иштта КъурIанаца а, АллахIан элчанца а… (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) бегаш баран хьокъехь

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:

«Ахьа цаьрга хаьттича, цара-м, билггал, эра ду хьуна: «Бага еттар а, самукъадаккхар а бен (кхин хIуммаъ ма) дацара оха динарг». Ала: «АллахIах а, Цуьнан аятех а, Цуьнан элчанах а доьлуш (кхаьрдаш) дара шу? Бехказа дийла ма гIерта. Керстанаш хили шух, имане даьхкиначул тIаьхьа…»» («Товбат», 65-66).  

Ибн Iумара а, Мухьаммад ибн КаIба а, Зайд ибн Аслама а, Къатадата а дийцина:

«Табук гIазоте баха новкъа бевллачехь цхьана стага аьлла: «ХIара вайн КъурIан дешархой санна яккхийра гайшикаш а, харцлуьйраш а, сел чIогIа тIамехь осала (кхоьруш) берш а гина а бац-кха вайна». (И олучу хенахь) цунна дагахь хилларш АллахIан элча а (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), цуьнан асхьабаш а хилла - КъурIан дешархой болу.

Iавф ибн Малика аьлла цуьнга: «Хьо-м, харцлуьйриг хилла а ца Iаш, оцу тIе мунепикъ а ву! Цуьнах дерг, цхьа а шеко йоцуш, АллахIан элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) довзийтанза Iийра ма вац со».

Цул тIаьхьа  АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу вахана Iавф - (хилларг-лелларг) дерриге цуьнга дIадовзийта. Амма дIакхаьчначу хенахь хиъна цунна оцу хьокъехь КъурIано шел а хьалхе яьккхинийла.

Ткъа важа стаг бехказвала АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу веъначу хенахь пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), новкъа вала кечвелла, шен эмкална тIехиъна Iаш хилла. Оцу стага аьлла: «ХIай, АллахIан элча, уьш-м некъан къамелаш бен дацарий, цуьнан халонаш яйъян а, некъ бацбан а дина…».

Ибн Iумара дийцина: «Лаьцна АллахIан элчанан эмкалан бухка а бара цуьнан, тIулгех дIадетталуш когаш а дара цуьнан, ша бохуш а вара иза: «Къамелаш дар а, бегаш бар а доцург, кхин хIуммаъ ма дац оха динарг!..»».

Ткъа АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хIара (аят) доцург, кхин тIе хIуммаъ ца олура цуьнга: «АллахIах а, Цуьнан аятех а, Цуьнан элчанах а доьлуш (кхаьрдаш) дара шу?».

Цо цуьнан цхьана а кепара терго ца йора, я оцу ша аьллачунна тIе кхин хIуммаъ ца тухура».

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2025, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft