Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«Оха цуьнга (адаме) Тхайн къинхетамах чам баккхийтича, бохам лайначул тIаьхьа, дера, цо ала-м олу: «Сан дуьхьа ду хIара, я къематде хIуттур ду аьлла а ма ца хета суна. Нагахь со сайн Деле вухаверзавахь, цхьа а шеко йоцуш, Цуьнгахь а хир ма ду суна кечдина кхин а дикаха дерг». Оха Делах цатешачарна (гаурашна), билггал, дIахоуьйтур ма ду цара динарг, къиза Iазап а Iовшуьйтур ду Оха цаьрга» («Фуссилат», 50).
МужахIида аьлла:
«ХIара хаам иштта олуш болучийн хьокъехь боссийна бу: «ХIара аса сайн къинхьегамца даьккхина ду, суна догIуш а ду хIара»».
Ибн Iаббаса аьлла:
«Вуьшта аьлча, аса айса сайна дина дика ду хIара».
Сийлахь-Везачо юха а аьлла:
«Цо аьлла: «Суна мел делла дерриге а - соьгахь долу Iилма бахьанехь делла ду» («Къасас», 78).
Къатадата аьлла:
«ХIокху «…соьгахь долу Iилма бахьанехь»…» бохучу дешнийн маьIна иштта ду: «Аса гулдина долу, соьгара сан Iилма бахьанехь»».
Цхьаболучу тидархоша аьлла:
«ХIара (сан хьал) - и сайна хила (я дала) со хьакъ хилар АллахIана хууш хиларна ду-кха».
Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла:
«Цкъа Израилан тIаьхьенах волу кхоъ зерна тIехIоттон лиъна хилла АллахIана: йолу цамгар (проказа) ерг а, кIунзал баьлларг а, бIаьрзениг а. АллахIа малек дахийтина уьш болучу.
Йолу цамгар ерг волучу а деана, (малеко) хаьттина: «Уггаре а хьуна дукха дезарг хIун ду?». Цо жоп делла: «Тайна бос а, хаза чкъор а, и бахьанехь соьх нах къаьхкаш долучух со дIацIанвалар а ду-кха». ТIаккха (малека) цунна гонаха шен (куьг) хьаькхна: нах цуьнах къаьхкаш хиллачух иза дIа а цIанвина, цуьнан тайна бос а, хаза чкъор а (юха а) юхаделла цунна. (Юха а) хаьттина (малека) цуьнга: «Ткъа хьуна уггаре а дукха деза даьхний муьлхарш ду?». Цо жоп делла: «Эмкалш (я бежанаш)». Цул тIаьхьа, цунна пхора эмкал а елла, (малека) аьлла: «АллахIа беркат дойла хьуна цуьнах!».
ТIаккха кIунзал баьлларг волучу а деана, цуьнга хаьттина (малеко): «Уггаре а хьуна дукха дезарг хIун ду?». Цо жоп делла: «Тайна месаш а, и бахьанехь соьх нах къаьхкаш долучух со дIацIанвалар а ду-кха». ТIакха малека цунна гонаха шен (куьг) хьаькхна: (нах къехкачух дIа а) цIанвира иза, тайна месаш юха а елира цунна. (Малека) хаьттира цуьнга: «Ткъа хьуна уггаре а дукха деза даьхний муьлхарш дара?». Цо жоп делира: «Хьелий». Цунна пхора етт а белла, (цул тIаьхьа) аьлла (малека): «АллахIа беркат дойла хьуна цуьнах!».
БIаьрзениг волучу а деана (малека) хаьттина: «Уггаре а хьуна дукха дезарг хIун ду?». (БIаьрзечо) жоп делла: «АллахIа сайн бIаьрса сайна юха а дерзийна, нах ган йиш хилар ду». ТIаккха (малека) гонаха шен (куьг) хьаькхна: АллахIа цуьнан бIаьрса духадерзийра. (Цул тIаьхьа малека) хаьттина: «Уггаре а хьуна дукха деза даьхний муьлхарш ду?». Цо жоп делла: «УьстагIий». Ткъа цунна оре лаьцна уьстагI белла.
Цул тIаьхьа (стен эмкал а, етт а) дехкина, (уьстагI а) бехкина. (Цхьа хан яьлча, царех) цхьанна цхьа боьра буьззина эмкалийн рема IаьIна, вукхуьнан – цхьа боьра буьззина бажа IаьIна, кхоалгIачуьнан – цхьа боьра буьззина жа IаьIна.
Цул тIаьхьа йолу цамгар йолуш хилларг волучу деана (малек). Хьалха цуьнгахь хиллачу сибате-суьрте а даьлла, цо аьлла цуьнга: «Миска стаг вара со. Новкъахь оьшуш мел долучу хIуманах а ваьлла, тахана дехаре вала цхьаьллиг цхьаъ вац сан, АллахI а, (Цул) тIаьхьа хьо а воцург. И хьан безаме куц а, исбаьхьа чкъор а, иштта хIара бахам а хьуна беллачуьнан цIарах дуй кхуллуш доьху аса хьоьга: цхьа эмкал лахьара ахьа суна, цуьнан гIоьнца хIара сайн некъ чекхбаккха!». (Оцу стага) аьлла: «Декхарш дукха ду суна тIехь». (ТIаккха) аьлла (малека): «Схьахетарехь, суна вевза-кха хьо. Хьо вацара и йолу цамгар йолуш хилларг, хьайх нах а къехкаш?. (Оцу тIе, хьо вацара и) къен вехаш хилларг, АллахIа (хьал-бахам) а луш хьуна?». (Оцу стага) аьлла: «ХIан-хIа, хIара бахам суна дIабаханачу сайн дайшкара диссина кхаьчна дакъа ду». (Малека) аьлла: «Нагахь хьо харц лехь, АллахIа хьайн хьалхалеррачу хьоле вухаверзавойла-кха хьо!».
ТIаккха кIунзал болуш хилларг волучу деана (малек), хьалха цуьнгахь хиллачух террачу сибате-суьрте а даьлла. Цуьнга а аьлла цо ша хьалха йолу цамгар йолуш хиллачуьнга аьлларг. Ткъа цо а шена вукхо делла доллу жоп делча, (малека) аьлла: «Нагахь хьо харц лехь, Сийлахь-Везачу АллахIа хьайн хьалхалеррачу хьоле вухаверзавойла-кха хьо!».
Цул тIаьхьа, цуьнгахь хьалха хиллачу сибате-суьрте а даьлла, (хьалха) бIаьрзе хилларг волучу а деана, малека аьлла: «Миска стаг вара со. Новкъахь мел долучу хIуманах а ваьлла, тахана дехаре вала цхьаьллиг цхьаъ вац сан, АллахI а, (Цул) тIаьхьа хьо а воцург. Хьуна и хьан бIаьрса юхаделлачуьнан цIарах дуй бууш доьху аса хьоьга: цхьа уьстагI лахьара ахьа суна, цуьнан гIоьнца хIара сайн некъ чекхбаккха!». (Хьалха бIаьрзе хиллачо) аьлла: «Боккъалаъ, бIарзе (стаг) вара со, амма АллахIа суна юхадерзийра сан бIаьрса. Хьайна деззарг дIаэца, хьайна луъург дита. АллахIах дуй ма буу аса: доллучунна ницкъ кхочуш а, Сийлахь-Воккха а волучу АллахIан дуьхьа хIуъа а ахьа схьаэцарах, хьуна цхьана а хIуманехь новкъарло йийр йолуш ма вац хьуна со!». (ТIаккха) аьлла (малека): «Iадбита ахьа хьайн бахам хьайна, хIунда аьлча, боккъалаъ, зуьйш дара шу. Хьуна резахили АллахI, амма оцу хьан шина накъостана оьгIазваха И» (Бухари: 3464, Муслим: 2964).