Бухарин а, Муслиман а шина «Сахьихь» жайнахь даладо Абу ХIурайрас дийцина хьадис, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:
«Шух цхьаммо а ма олийла (шен ялхочуьнга): «ХIума яае хьайн роббана (хьайн далла, «хьайн дена» бохучу маьIнехь лелош дош ду «роббан» бохург)», я «Ламаз эцийта хьайн роббега». Иштта ала деза: «Сан саййид» («сан эла»), я «Сан мовла» («сан гIолоцург»). Шух цхьаммо а ма олийла: «Сан лай» я «Сан гIарб». Иштта ала деза: «Сан жима стаг», «Сан жима йоI» я «Сан кIант» (ал-Бухари: 5/129 – 131, Муслим: 2249, иштта 15, Ахьмад: 2/316).