Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«АллахIан хьокъехь зуламе ойланаш йира цара, жехIалаллин хенахь санна, олуш: «ХIокху гIуллакхехь цхьа а дакъа лацар дан а дуй, ткъа, вайн?». Ала: «Дерриге гIуллакхаш – АллахIан ду». Шайлахь хьулдо цара хьуна гучадоккхуш доцург, олуш: «ХIокху гIуллакхехь тхан карахь (дакъалацар долуш) цхьа хIума делахьара, кхузахь дайъина а хир ма дацара вай». Ала: «Шу (ара ца довлуш) шайн цIахь Iийна хиллехьара а, шайна бала боьгIна берш, билггал, арабевр ма бара шайна цигахь эга яздиначу меттигашка, АллахIа зуьйр а ма дара шун дегнашкахь дерг, цIан а дийр ма дара шун дегнашкахь дерг». АллахI хууш ву дегнашкахь дерг» («Али-Iимран», 154).
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«…АллахIан хьокъехь вониг моьттуш берш - кхолламан харцахьаралла йогIур ю цаьрга» («Ал-Фатхь», 6).
Хьалхарачу аятан хьокъахь ибн ал-Къаййима аьлла:
«Цхьаболучу КъурIанан тидархошна гергахь, оцу кепара болучу мушрик нехан зуламечу хетарийн чулацам иштта бу: Сийлахь-Везачо Шен элчанна гIо а ца до, иштта цуьнан гIуллакх дайна (доьхна) дIадер долуш а ду. Кхинболучу тидархошна оцу зуламечу хетарийн чулацам иштта го: хилларг АллахIан къадарца (йозанца) а, Цуьнан хьикматаца а хуьлуш дац. Иштта а тидина: АллахIан хьикматана а, Цуьнан къадарна а инкарло яр - АллахIа Шен элчанан гIуллакх чекхдоккхург хиларна а, Ислам-дин Цо массо динел лакха доккхург хиларна а инкаре хилар ду. Уьш ю и зуламе ойланаш, «Фатхь» суратехь мунепикъашкахь а, мушрикашкахь а хилла ю аьлла юьйцуш йолу.
Боккъалаъ, уьш зуламе ойланаш лерина, хIунда аьлча дуьйцийла йоцуш, царех тера ойланаш ян хьакъ дац хастамечу АллахIан хьокъехь а, Цуьнан хьикматан хьокъехь а, Цуьнан Къамелан а, Цуьнан бакъ йолучу ваIдан хьокъехь а. Шен ойланашкахь гергадуьтуш верг - бакъонна тIехь харцо тоьлур ю, и тоьлча бакъо яйна дIа а ера ю, иштта мел хуьлуш дерг АллахIан кхиэлаца а, Цуьнан къадарца а хуьлуш хиларна инкарло еш верг а, я Цуьнан къадар и бахьанехь хастам бан хьакъ долуш кIорггечу хьикматаца дозуш хиларна инкарло еш верг а, иштта моссо хIума хьелаш нисдаларца доьзна ду бохуш, и тIечIагIдеш верг а - уьш ю уьш и керстанийн зуламе ойланаш. Ма Iазап хир ду-кха цатешначарна жоьжагIатин цIергахь!
Дукхаха болучу нехан АллахIан хьокъехь зуламе ойланаш ю - шайн дахарехь царна шайна я кхечарна тIехуьттуш долучуьнан Iаткъамца. Ишттачу зуламечу ойланех хьалхавер вац - АллахI а, Цуьнан цIераш а, Цуьнан куьцаьш а девзина верг бен, иштта Цуьнан хьикматана а, хастамна а бахьана хиларах кхеташ верг бен.
ХIора хьекъалечу стага ойла йойла-кха оцуьнан, АллахIан хьалха тоба а дойла-кха цо, шен Делах хилла йолучу шен зуламечу ойланашна Деле шена гечдар а доьхийла-кха цо…
Хьаьнгга а цхьаьнга ахьа хаьттича, хьуна цуьнгахь карор ма дара - къадарна Iоттар яр а, цунна дуьхьалтохам бар а. Массара олу: хила иштта хила дезаш дара, ткъа хилларг вуьшта ду. Къадарна латкъамаш бар дуккхаъ дерг а ву, кIеззиг дерг а ву. Цундела хьо талла ахьа, ишттачу хамталлех хьалхаваьлла вуй-те хьажа? Нагахь цуьнах хьо хьалхаваьллехь - инзаре боккхачу баланах хьалхавер ву хьуна хьо. Иштта ца валахь - хьуна кIелхьаравала гуш кхин агIо а бац суна».