• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт

Дакъа 60: къадар харц дечеран хьокъехь

Опубликовано: 12 апреля 2010

Ибн Iумара аьлла: «Аса дуй буу ибн Iумаран са Шен карахь долучух: царех цхьаьннан муьлххачуьнан а Ухьуд ломмал дукха деши хилча, (ша боллу и бахам цо) АллахIан новкъахь харже баьккхича а - АллахIа къобалбийр болуш ма бац и цуьнгара, къадарах иза тешшалц». Цул тIаьхьа ша аьллачу оцу шен дешнашна тоьшаллина далийра цо пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлларг: «Иманан дух - хьо тешар ду: АллахIах а, Цуьнан малекех а, Цуьнан жайнех а, Цуьнан элчанех а, тIаххьарачу дийнах (эхартах) а, къадарах а, - цуьнах дика долучух а, иштта вон долучух а» (хIара хьадис Муслима дийцина).

Iубадат ибн ас-Самита шен кIанте элира аьлла, дийцина: «ХIай, сан кIант, баллане а иманан чам хаалур ма бац хьуна - хьуна хаъалц: хьайна хиллачу бохамах хьо кIелхьаравала йиш йолуш ца хилла хилар а, хьайх тIехтилла (бала) хьайга бан йиш йолуш ца хилла  хилар а. АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна ву со: «АллахIа хьалхара кхоьллинарг къолам бу. «ДIаязде!» - аьлла омра дина Цо цуьнга. (Къоламо) хаьттина: «Сан Дела, хIун язде аса дIа?». (Сийлахь-Везачо) аьлла: «Дерриге хIуманан къадарш дIаязде, къематде хIутту хан кхаччалц». ХIай, сан кIант, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) иштта олуш хезна ду хьуна суна: «Шен дега тешамаш иштта а доцуш велларг [къадарах тешна а воцуш велларг] - иза соьх вац» (Абу Дауд: 4700).

Ахьмадехь долучу ривайатехь дуьйцу:

«Сийлахь-Везачу АллахIа хьалхара кхоьллинарг къолам бу. Цо цуьнга «ДIайазде!» аьлла, омра дина. Оцу сохьта цо дIаяздина къематде кхаччалц мел хиндерг».

Ибн ВахIабехь долучу ривайатехь дуьйцу, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:

«Къадарах тешна воцург, цуьнан диканах а, вонах а - АллахIа цIергахь вагор ву».

«Ал-Муснад» (жайнахь) Ахьмада а, «ас-Сунан» (жайнахь) ибн Мажата а даладо ибн ад-Дайлама дийцира аьлла: «Убай ибн КаIб волучу а веана, аса элира цуьнга: «Сан дагчохь цхьа хIума дукха хьийзаш, къадарах со шек вохуш. Дийцахьа суна цхьаъ, АллахIа дIадаккха тарлора-кха и сан дагчуьра». Цо аьлла: «Ахьа АллахIан новкъахь Ухьуд лам санна дукхачу дешех харж яхь а - АллахIа хьоьгара къобал-м дийр дац хьуна иза, къадарах хьо тешшалц а, хьуна хаъалц а: хьайна хиллачу баланах кIелхьара вала хьан йиш ца хилла хилар а, хьайх тIехтилла болу бала хьайга бан йиш йолуш ца хилла хилар а. Нагахь хьан валар нисделлехь, иштта долучух (дог) тешна а доцуш, - жоьжагIатин охIлина юккъехь хир ма вара хьо». Цул тIаьхьа IабдуллахI ибн МасIуд а, Хьузайф ибн ал-Йаман а, Зайд ибн Сабит а волучу вахара со. Цара массара а изза дийцира соьга (Пайхамарера (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) «сахьихь» дарж долу хьадис ду, «ас-Сахьихь» жайнахь ал-Хьакима далийна. Ахьмад: 5/182, Абу Дауд: 4699, ибн Мажата: 77, цо «сахьихь» хьадис ду аьлла хIара).

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2025, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft