Жундаб ибн IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Цхьана стага мохь туьйхира: «АллахIах дуй ма буу аса: хьенахана (иштта оцунна) АллахIа гечдийр ма дац!». ТIаккха Сийлахь-Воккха а, доллучуна ницкъ кхочуш а волчу АллахIа аьлла: «Мила ву и Сох дуй кхуллуш верг: Аса хIенехана гечдийра дац аьлла? ХIинцале а гечди Аса цунна, хьан ерриге Iамалш йоха а йи Аса» (Муслим, 2621).
Абу ХIурайрас дийциначу хьадисехь аьлла: «И (дешнаш) аьлларг Iабид - (Далла дуккха а гIуллакх деш стаг) хилла ву». Цул тIаьхьа ша аьллачунна тIетуьйхира Абу ХIурайрас: «Цхьа дош бен дацара цо аьлларг, амма цо хIаллакдира цуьнан дуьненара дахар а, эхарт а».