Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«АллахI ца лери цара хьакъ долучу кепара, ткъа дерриге латта Цуьнан цхьа кана хир ду къематдийнахь, стигланаш Цуьнан аьтту куьйгахь хьарчийна хир ю. Цара Цуьнца нисбечу накъостех тIехцIена а, сийлахь а ву И» («ал-Ахьзаб», 67).
Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа цхьана жуьгтийн Iилманчо, пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу а веана, аьлла: «ХIай, Мухьаммад! АллахIа стигланаш цхьана пIелга тIе дIатарйийр ю аьлла ма ду тхан, латтанаш – вукхунна тIехь, дитташ – кхоалгIачунна тIехь, хиш – боьалгIачунна тIехь, хьал-бахам – пхоьалгIачунна тIехь, берриге а бухабиссина Шен кхолламаш – ялхалгIачунна тIехь. ТIаккха эра ду Цо: «Со ву – Паччахь». Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) велавелира, кхетаман кхела гуча а йолуш, оцу Iилманчо аьллачунна реза хилла. Цул тIаьхьа (хIара аят) дийшира цо: «АллахI ца лери цара хьакъ долучу кепара, ткъа дерриге латта Цуьнан цхьа кана хир ду къематдийнахь …» (Бухари: 8/423, иштта 13/397, Муслим: 2786, Ахьмад: 1/457, Тирмизи: 3239).
Муслимехь долучу ривайатехь аьлла:
«…ткъа лаьмнаш а, дитташ а – цхьана пIелга тIехь хир ду. Цул тIаьхьа уьш дега а дина, эра ду Цо: «Со ву – Паччахь! Со ву – АллахI!».
Бухарис далийначу ривайатехь аьлла:
«…стигланаш цхьана пIелга тIе дIатарйийр ю, хиш а, хьал-бахамаш а - вукхунна тIе, берриге а бухабисина Шен кхолламаш – кхоалгIачунна тIехь…».
Муслима даладо пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дешнаш, ибн Iумара дийцина хилла долу: «АллахIа къематдийнахь стигланаш хьарча а йина Шен аьтту кара оьцур ю. ТIаккха эра ду Цо: «Со ву – Паччахь. Мичахь бу и берриге кураллин а, дозаллин а дай?». Цул тIаьхьа, дерриге ворхI латта дIа а хьарчийна, аьрру кара схьа а эцна, эра ду Цо: «Со ву – Паччахь. Мичахь бу и берриге кураллин а, дозаллин а дай?» (Муслим: 2788).
Ибн Iаббаса аьлла:
«ВорхI стигал а, ворхI латта а Къинхетамечуьнан кераюккъе тарло - шух муьлххачу а цхьаьннан карахь кIоллин буьртиг дIатарбаларе тера».
Ибн Жарира аьлла:
«Йунуса [ибн Iабд ал-АIласа] дийцира суна ибн ВахIабера, ибн Зайдера, цуьнан дас дийцина хьадис дара аьлла, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ВорхI стигал Курсаца юьстича, турсана чутесначу ворхI дирхIамах тера ю».
Цо дийцина, Абу Заррас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, «АллахIан элчано олуш хезна шена аьлла: «Iаршаца дуьстича Курс - йист йоцучу аренга кхоьссиначу аьчкан чIагарх тера ду».
Ибн МасIуда дийцина:
«Дуьненан стигална а, цунна тIехуларачу стигална а юккъехь – пхи бIе шо ду. Иштта хIора стигалара вукхуьнга кхаччалц (йолучу юкъаметтиган геналла) - пхи бIе шо ду. ВорхIалгIачу стигалний, Курсанний юккъехь а – пхи бIе шо ду, ткъа Курсанний, хинний юккъехь а – иштта пхи бIе шо ду. Iарш - хина тIехь ю, ткъа АллахI - Iаршана тIехула Ву, аша дечух цхьа а хIума къайлаха дац Цунна».
(И хьадис далийна ибн МахIдийс - Хьаммад ибн Саламера, Iасим ибн Бахдалера, Зирра ибн Хубайшера, IабдуллахI ибн МасIудера. Цуьнах тера хьадис далийна ал-МасIудис а - Iасимера, Абу Ваилера, Iабдуллера. Хьафиз аз-ЗахIабис (АллахIа къинхетам бойла цуьнах) аьлла: «И хьадис тхуна тIекхаьчна ду дуккхаъчу нехан зIенашкахула»)).
Iаббас ибн Iабд ал-МуттIалиба дийцина, цкъа АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Стигалний, лаьттаний юккъехь мел гена юкъ ю хаьий шуна?». Оха элира: «Цуьнах дерг хууш АллахI а, Цуьнан элча а ву-кха». (Пайхамара) элира: «Цаьршинна юккъехь пхи бIе шеран некъан юкъ ю, (кхин дIа) хIора стигална тIера вукху стигална тIе кхаччалца – иштта пхи бIе шо ду. Иштта хIора стигал пхи бIе шеран юкъо дIалаьцна ю. ВорхIалгIачу стигалний, Iаршанний юккъехь хIорд бу, цуьнан бухара тIехуленга кхаччалц йола юкъ стигалний, лаьттаний юкъ санна а йолуш. Сийлахь-Веза АллахI оцу дерригенна а тIехула ву, Адаман бераша дечух цхьа а хIума къайлах а дац Цунна» (Абу Дауда а, кхечара а далийна хьадис ду хIара. Абу Дауд: 4723, 4724, 4725, Тирмизи: 3317, ибн МажахI: 193, Ахьмад: 1/206, иштта 207)
Хастам бу АллахIана, дерриге Iаламийн Дела волучу!
АллахIа къинхетам а, маршо йолда вайн эла волучу Мухьаммадах, цуьнан доьзалах, цуьнан берриге а асхьабех!