• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт

Имам ат-тIахьавис гулдина суннатхойн дегнаш тешнарг

Опубликовано: 09 сентября 2011

Имам ат-ТIахьавис гулдина суннатхойн дегнаш тешнарг

[ الشيشاني- Нохчийн маттахь]

 

Жайна гочдинарг: Турпалан кIант Фарукъ

 

2011 – 1432

 

ТIахьавин Iакъидат

Хастам бу Iаламийн Дела волучу АллахIна!

Мисарарчу гIараваьллачу воккхачу Iилманчас, къуьйсийла йоцуш, Ислам-динан лоруш волучу говзанчас Абу ЖаIпар ал-Варракъ ат-ТIахьавис (АллахIа къинхетам бойла цуьнах) аьлла:

«ХIара - АхIлу ас-Cунна вал-ЖамаIан Iакъидат йовзийтар (кхетор) ду, динан фикъхI Iилманчийн Абу Хьанифат ан-НуIман ибн Сабит ал-Куфийн а, Абу Юсуф ЯIкъуб ибн ИбрахIим ал-Ансарин а, Абу IабдуллахI Мухьаммад ибн ал-Хьасан аш-Шайбанин а (АллахI реза хуьлда царна массарна а) мазхIабан баххашца цхьаьна йогIуш йолу, динан баххех церан дегнаш тешарг а, Iаламийн Делан дуьхьа лелош долу церан дин а ду хIара». 

1. АллахIан цхьааллин хьокъехь, АллахIан гIоьнца доггаха тешна а долуш, вай боху: «АллахI - цхьаъ ву, Шеца цхьана а тайпана накъост а воцуш».

2. Цхьа а хIума дац Цуьнах тера.

3. Цхьа а хIума дац И эшон (я Цул толан а, я И гIорасиз ван а).

4. Кхин дела а вац, И воцург.

5. Даима а волуш верг ву И, юьхьиг а йоцуш. Хаддаза хин верг а ву И, чаккхе а йоцуш.

6. Цкъа а пана хир волуш а, Шен хилар соцур долуш а вац И.

7. Цунна лиънарг доцург цхьа а хIума хуьлуш а дац.

8. Цхьана а тайпана хIитточу суьрте кхеталур волуш а вац И, я цхьана а тайпана кхетаме юкъалацалур волуш а вац И.

9. Цхьана а кхоьллиначу хIуманах тера а вац И.

10. Дийна ву И, цкъа а лийр волуш а вац И. Дерриге а латтош, даима а гIуллакхехь ву И, цкъа а вуьжуш а вац И.

11. Кхоьллинарг ву И, (Шена) эшарна а доцуш. (Шен кхолламашна) рицкъа луш верг а ву И, цхьана а тайпана хало а йоцуш.

12. Iожалла йийриг ву И, цхьана а тайпана цаьргарчу кхерамна а доцуш. Денвийриг а ву И, цхьа а хало а йоцуш.

13. Даима а Шен куьцашца цхьаьна хилла ву И, Шен (кхолламаш) кхоллале хьалха а. Кхолламаш кхоьллинера аьлла, сов ца даьлла Цуьнан куьцех хIуммаъ, (уьш кхоллале) хьалха хилла доцу. Азаллехь дуьйна Шен куьцашца цхьаьна хилла ма-хиллара, оцу кеппара уьш долуш хир волуш а ву И абаделлац.

14. Кхоллархо («ал-Холикъу» боху Цуьнан) цIе - кхолламаш кхоьллиначул тIаьхьа хилла яц, я цуьнан Кхоьллинарг («ал-Бари» боху) цIе а яц – Цо кхолламаш хилийтиначул тIаьхьа хилла.

15. Даима а хилла ву И Эла, Ша царна тIехь олалла деш болу кхолламаш кхоллале хьалха а. Даима а хилла ву И Кхоллархо, кхоьллина кхоллам боцуш а.

16. Белларш денбиначул тIаьхьа («Мухьйи») Денбийриг хилла хиларе терра, («Мухьйи») Денбийриг боху цIе йолуш хилла ву И, уьш денбале хьалха а. Иштта йолуш хилла ву И («ал-Холикъ») Кхоллархо боху цIе а, уьш кхоллале хьалха а.

17. (Оцу дийциначу дерригенан чулацам) И – доллучунна а ницкъ кхочуш хилар ду, дерриге хIума Цуьнах дозуш а, Цуьнга хьаште хилар а ду, доллу хIума атта а ду Цунна. ХIуммане а хьашт вац И. «Цхьа а хIума дац Цуьнах тера. Хезаш а, гуш а ву И» («аш-Шура», 11).

18. Шен Iилманца (дуьззиначу хаарца) кхоьллина Цо (дерриге) кхоьллинарг.

19. Тайп-тайпанара (къадранаш) кхолламаш а къастийна Цо царна.

20. Дахаран хенаш а тоьхна Цо царна.

21. Царех долу цхьа а хIума къайлаха ца хилла Цунна, Цо уьш кхоллале хьалха а. Цара мел лелон дерг Цунна хууш хилла ду, уьш кхоллале хьалха а.

22. Шена муьтIахь хила аьлла омра дина Цо цаьрга. Шена Iеса хилар а дихкина Цо царна.

23. Массо а хIума Цуьнан сацамашца (къадраца) а, Цуьнан лаамца а хуьлуш ду. Цуьнан лаам кхочуш хуьлуш бу. Ткъа лаьшкахь цхьа а лаам бац - Цунна лиънарг бен. Цунна царна лиънарг - хуьлуш ду, Цунна царна цалиънарг - хуьлуш дац.

24. Нийсачу новкъа нисво Цо Шена лиънарг. Шен комаьршаллица зенах а ларво, Iалаш а во Цо. Шен нийсонца нийсачу новкъах тила а во, сийсаз а во, бале а лоцу Цо Шена лиънарг.

25. Уьш берриге а Цуьнан комаьршаллиний, нийсонний юккъехь бехаш, Цуьнан Iедална (лаамна) кIел бу.

26. ТIехсийлахь ву И, (банне а Шена) дуьхьалаберш а, Шеца нисса берш а боцуш.

27. Цуьнан кхиэл юхатухун ерг а вац, я Цуьнан сацам хуьйцун берг а вац, я Цуьнан омрина тIехь толам боккхун берг а вац.

28. Оцу дериггенах а тешна ду тхо (оцу дериггене а иман диллина ду тхо). Иштта доггаха тешна ду тхо - и дерриге а (дийцинарг) Цуьнгара схьахуьлуш хиларах.

29. Иштта тешна ду тхо: Мухьаммад (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) – Цо хаьржина волу Цуьнан лай хиларах а, Цо къастийна волу Цуьнан пайхамар хиларах а, И реза хилла волу Цуьнан элча хиларах а.

30. Иштта тешна ду тхо: иза - пайхамарех тIаьххьараниг хиларах а, Делах кхийриначеран имам хиларах а, массо а элчанийн эла хиларах а, Iаламийн Дела везнарг хиларах а.

31. Цул тIаьхьа долу муьлхха а пайхамар вала гIертар – тилар ду, аьшпаш бу.

32. Дерриге жинашка а, массо адамашка а ваийтинарг ву иза - бакъонца а, нийсонца а, нуьраца а, серлонца а.

33. КъурIан – АллахIан къамел ду, Цуьнгара деана а ду иза, «муха» ала йиш а йоцуш. Цо Шен элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) боссийна хаам а бу иза. Муъма наха иман диллина цуьнга, дуьйцийла йоцуш, бакъдерг а дина. Доггаха тешна а бу уьш, иза – Сийлахь-Везачу АллахIан бакъ къамел хиларах. Кхоьллина а дац иза, адамийн къамел санна. Иза хаза а хезна, цул тIаьхьа иза адамийн къамел лерина волу муьлхха а - керстаналле ваьлла. АллахIа сийсазво иза, емал а во Цо иза, жоьжагIатин цIергахь вагон ваIда а йо Цо цунна. Сийлахь-Везачо боху: «Сакъар чохь вагор ву Аса иза» («Муддассир», 26). ЦIарца ваIда йо АллахIа олучарна: «Адамийн къамел бен дацара хIара-м» («Муддассир», 25). Тхуна хаа а хаьа, доггаха тешна а ду тхо, иза – адамаш кхоьллина волучуьнан къамел хиларах, данне а адамийн къамелах тера а доцуш.

34. Муьлхха а цхьана агIор АллахI адамех тарвиначо - керстаналла дина. Оцуьнах кхеттарш - ларлуш хир бу, керстанаша олуш долу дешнаш аларах юха а бевр бу уьш. Шен доллучу куьцашкахь И адамех тера цахилар а хуур ду царна.

35. Ялсаманехь болучарна АллахI гург хилар - бакъ ду, амма царна И гар дерриге юкъалацарца а хир дац, я гаран кеп (муха хир йолуш ю) хууш а дац. Цуьнах дерг вайн Делан Жайнахь хьахийна ма-хиллара: «Оцу дийнахь цхьа яххьаш лепаш хир ю, шайн Делега хьоьжуш хир ю» («Къийама», 22-23). Цуьнан тидарах дерг аьлча, ткъа иза - АллахIна ма-лаъара а, Цунна ма-хаъара а ду. Оцу хьокъехь АллахIан элчанера (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) бух болучу хьадисашкахь (вайга) схьамелкхаьчнарг - иза а ду Цо ма-аллара, цуьнан маьIна а ду – Цунна лиънарг. Цуьнах долучунна кIорге а ца оьху (я гена а ца дуьйлу) вай - вайна хетаршца и кхетон гIерташ а, я вайна тарделлачуьнца и нисдан гIерташ а. Цхьа-цхьаъ шен динехь кхерамазаллехь вац шашаха – верриге а доллучунна ницкъ кхочуш а, Сийлахь-Веза а волучу АллахIна а, Цуьнан элчанна а (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) муьтIахь хиллалц а, шеко йолуш дерг шеко а йоцуш хуучуьнга даккхалц а.

36. Стеган бусалбаналла дIачIагIлур яц, нагахь иза муьтIахьаллин а, ладогIаран а буха тIехь яцахь. Муьлхха а шена довза йиш йолуш долучу похIманал а сов долучу Iилмане гIерташ волучунна, шен ойла муьтIахьаллица кхачам хилла йоцуш волучунна - цунна шен дегIан лаамо цIена долучу АллахI цхьаъ варах (тавхьидах) кхета новкъарло йийр ю, иштта цIена долучух кхетарна а, нийса долучу иманна а. ТIаккха (ойланаш) керчаш, техка вера ву иза - керстаналлиний, иманний юккъехь, бакъдарний, харцдарний юккъехь, къера хиларний, инкаре хиларний юккъехь. ТIехIусдина, тилла, шеконашкахь карор ву цунна ша - я бакъдерг къобалдина бусалба а воцуш, я керстдина харцдархо а воцуш.

37. Ялсаманахь хин болучарна АллахI гарах долу (нехан) тешар нийса хир дац - нагахь цара иза шайна хетарехь сурт хIотторца кхетош делахь, я шайн кхетаме хьаьжжина кхетош делахь, хIунда аьлча гарах дерг кхетор а, (Сийлахь-Везачу АллахIан) Олаллина юкъадоьдуш долу массо маьIна кхетор а – (шайна) хетарца долу кхетораш дитарца а, муьтIахьаллица а хила дезаш ду. Иза - бусалба нехан дин ду. Муьлхха а АллахIан куьцашна керстдарах (АллахIан куьцаш дацаре дарах), я АллахI муьлххачу а цхьаннах дIатарварах ларцавелларг - нийсачу новкъах а тилла, АллахIан сийлаллех нийса а ца кхетавелла и, хIунда аьлча Сийлахь-Воккха вайн Дела – цхьаьнненан а доцу ша тайпана куьцаш долуш ву, Шен цхьаьннан бен йоцу цхьааллин башхаллаш йолуш а ву, ткъа кхолламех цхьа-цхьаъ цхьана а кепара тера а бац Цуьнах.

38. ТIехцIена ву И - Цунна хIитточу дозанех а, гонашна чохь хиларах а, агIонех а, (муьлххачу а кхолламанчух тера) меженаш хиларах а, гIирсех а. Дуьненан ялх агIонна юккъехь а вац И, кхинйолу ерриге а кхоьллина хIуманаш ма-хиллара.

39. МиIраж (Мухьаммад хIаваэхула стигала хьалаваккхар) – бакъ ду. Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) буса, шен дегIаца, сема а волуш (цIеначу синкхетамехь а волуш), (Маккара ал-Къудсе вигина), (цигара дIа) стигала хьалавигина, АллахIна (иза хьалавоккхийла) лиъна йоллучу лакхенашка. АллахIа сий дина цуьнан - Ша цунна схьадиллинарг схьаделларца. Хаам а бина Цо цуьнга: «Даго (цунна) хьехнарг аьшпаш бац, цунна гиначуьнгахь» («ан-Нажм», 11). Ткъа АллахIа къинхетам а, маршо а йина цунна эхартахь а, хIокху дуьненахь а.

40. Сийлахь-Везачу АллахIа, цуьнан сий деш, къематдийнахь цуьнан умматан хьогалла дIаяккха лун болу ал-Хьовд (хинан Iам) - бакъдерг ду.

41. Цо (бусалба нахана) хьажийна латтош долу шапаIат – бакъдерг ду, хьадисашкахь ма-дийццара.

42. Сийлахь-Везачу АллахIа Адамера а, цуьнан зуьретера а эцна хилла йолу чIагIо - бакъдерг ду.

43. Сийлахь-Везачу АллахIна азаллехь дуьйна а хууш хилла ду нисса ялсамане гIон болучеран терахь а, жоьжагIата гIон болучеран терахь а. Ткъа и терахь - я алсамдер долуш а дац, я жимлур долуш а дац.

44. Иштта (азаллехь дуьйна) Цунна хууш ду цара мел динарг а: АллахIна хууш хилларг ду (мел) динарг а. ХIоранца а нисделла, цуьнан дуьхьа и кхоьллина дерг. ГIуллакхийн (Iамалийн) чот чаккхенашка хьаьжжина еш хир ю. Ткъа ирсе берш – АллахIан кхиэлехь ирсе хилларш бу, дакъаза бевлларш – АллахIан кхиэлехь дакъаза бевлларш бу.

45. Къадар - Сийлахь-Везачу АллахIан къайле ю, Цо Шен кхолламех къайлаяьккхина. Iаршана (АллахIна) гергахь долучу цхьана а малекана а, элчаналла тIедиллина ваийтиначу цхьана а пайхамарна а цуьнах дерг хиъна дац. Оцу хьокъехь долучунна кIорге эхар а, барамал тIех хьесапаш дан валлар а (я ойланаш ян вийлар а) - бохаме вуьгу бахьана а, халонашка вуьгу лами а, эххара а тиларе кхачош долу дарж а ду. Цундела, оцу хьокъехь долучунна гуттар а чIогIа ларлуш хила – цуьнан ойланаш ярехь а, хьесапаш дарехь а, иштта хьайна тIетаьIна йолу шеконаш гергайитарах а. Сийлахь-Везчу АллахIа къадрах дег хаар Шен кхолламех къайладина лардеш ду. Цунна дуьхе кхиа гIертар а ду Цо царна дихкина. Сийлахь-Везчо Шен Жайнахь (КъурIанахь) ма-аллара: «Цуьнга хоттуш дац Цо дечух, ткъа цаьрга хоттуш ду» («ал-Анбийаъ», 23). Цундела, «АллахIа и хIунда до?» аьлла хоьттуш верг - Жайнин (КъурIанан) сацамна дуьхьал воьдуш ву, ткъа Жайнин сацамана дуьхьал воьдуш волу муьлхха а - керста ву.

46. Доцца дийцича, хIара дийцаре динарг - шайн дегнаш нуьре дина болучу Сийлахь-Везачу АллахIан гергарачарна (эвлаяашна) хаа дезарг ду: иза - шайна кIоргге долучу хаарийн (Iилманан) дакъа деллачеран дарж ду. ХIунда аьлча Iилма (хаар) шина тайпана ду: нахана хаа йиш йолуш долу Iилма а ду, нахана хаа йиш йоцуш долу Iилма а ду. Ткъа хаа таро йолуш, долуш долучу Iилманна инкарло яр (я хаа йиш йолуш долу Iилма дацаредар) – керстаналла ду. Хаа йиш йоцуш долу Iилма хаьа бахар а – керстаналла ду. Иман галцадолуш латта йиш йолуш дац - лоьхуш дерг хаа йиш йолуш долу Iилма хиллалц а, хаа йиш йоцуш долучу Iилмане кхиа гIертар дитталц а.

47. Вай тешна ду Ловхьул-махьфузах а, Къаламах а, иштта массо яздиначух а. АллахIа Ловхьул-махьфузахь хила яздиначу хIуманех муьлхха а цхьаъ ца хилийта новкъарло ян дагахь ша берриге кхолламаш цхьаьна дIагулбелча а - далур ма дацара цаьрга и. АллахIа Ловхьул-махьфузахь хила ца яздиначу хIуманех муьлхха а цхьаъ хилийтар дагахь берриге кхолламаш цхьаьна дIагулбелча а - далур ма дацара цаьрга и. Шекъа дакъаделла, къематде кхаччалц мел хиндерг дерриге дIа а яздина. Ткъа адамна яздина доцург - данне а карор дац цунна. Нагахь цунна муьлхха а цхьаъ карийнехь а - цкъа а цуьнах воккхур волуш а вацара иза. Сийлахь-Везачу АллахIа ма-аллара: «АллахIа синна тIецадожадо цхьа а цуьнга далун доцург» («ал-Бакъарат»: 276).

48. Лай хаа дезаш ву - АллахIна хIинцале а хууш хилла хилар Шен кхолламех хила дезаш дерг, Цо Шен къадрангахь билгалдаьхна кегийра хIуманаш а цхьаьна. Иштта болу Цуьнан сацам леланза ца болуш бу. Цо кхоьлиначарех стигланашкахь а, я лаьттахь а цхьа а хIума дац цунна дуьхьал хила, я оцунна тIетоха, я дIадаккха, я хийца, я эшон, я муьлхха а цхьана кепара алсамдаккха а. Иза – иманан бух дIахIоттабен агIо ю, доллучу Iилманан доцуш йиш йоцу дакъа а ду, Сийлахь-Веза АллахI цхьаъ хиларна а, (дерриге Iаламаш кхоьллина, кхобуш, кхиош) Дела хиларна а мукIарло дина тIелацар а ду. Сийлахь-Везачу АллахIа Шен Жайнахь ма-аллара: «ХIора хIума кхоьллина Цо, церан дахар билгал а дина» («ал-Фуркъан»: 2). Иштта а аьлла Цо: «АллахIан болх - хьалххе билгалбина сацам бу» («ал-Ахьзаб»: 38).

Бала бу-кха - Сийлахь-Везачу АллахIца мостагIалла лелочуна, цо билгалдина къадар бахьанехь. Шен цомгашчу дагца цуьнан кIоргене гIерташ волучунна а. Шен сатийсамашца лоьхуш воллу иза - цкъа а шена схьайоьллур йоцуш, хьулйина къайле. Оцу хьокъехь ша мел дуьйцучуьнгахь харцо юьйцуш а, къинош летош а ву иза. 

49. Iарш хилар а, Курс хилар а – бакъ ду.

50. Iарше хьашт долуш а вац И, я цунна бухахь долучу цхьана а хIумане а.

51. Доллучунна го лаьцна Цо. Дерригенал лекха а (оцу дерригенна тIехула а) ву И. Ткъа Цо кхоьллина болу массо а кхоллам – Цунна го лацарехь гIорасиз биссина. Ца хууш хIуммаъ доцуш, дерриге а хууш а, оцу дерригенна тIехула а ву И.

52. Тешна а долуш, бакъдина а долуш, муьтIахь а долуш, вай боху: «АллахIа ИбрахIим уллера доттагI вина, Мусага къамел а дина Цо».

53. Вай тешаш ду малекех а, пайхамарех а, элчанашка диссийначу Жайнех а. Иштта вай тоьшалла до: уьш берриш а, билггал, нийсачу новкъа тIехь хилла хиларца. 

54. Вайн Къилбехьа боьрзучарех бусалбанаш а, муъманаш а олу вай – уьш пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) деънарг къобалдеш мел бу а, цо мел аьлларг а, мел дийцинарг а къобалдина тIеоьцуш мел бу а.

55. АллахIан хьокъехь долучунна ца оьшучу къамелашка а ца дуьйлу вай, я АллахIан динехь харцонца къийсамашка а ца дуьйлу вай.

56. КъурIанан хьокъехь къийсаме ца дуьйлу вай. Вай тоьшалла до: иза – массо а Iаламийн Делан къамел хиларца, иза дохьуш Тешаме Са (Жабраил-малек) доьссина хилла долу, цо элчанийн эла волучу Мухьаммадна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Iамийна хилла а долу. Иза - Сийлахь-Везачу АллахIан къамел ду, цуьнца нисдала цхьана а кхолламан къамел доцуш. И кхоьллина ду аьлла а ца олу вай, я бусалба нехан жамаIатна дуьхьал а ца доьлху вай.

57. Вайн Къилбехьа воьрзучарех цхьа-цхьаъ керста а ца лору вай - цо дина муьлхха а цхьа къилахь гIуллакх бахьанехь, нагахь цо и гIуллакх дан магийначарех (хьанал дина) ца леринехь.

58. Вай ца олу: иман долучу стагана цо латийначу къино дан зен дац.

59. Вай догдоху: муъма нахах диканаш дечарна АллахIа гечдаре а, Шен къинхетамца Цо уьш ялсамане бахийтаре а. Ва амма церан хьокъехь хин долучунна тешна (бIобоьлла) хила йиш йолуш дац вай. Ялсаманехь хир бу уьш аьлла, тоьшалла дан йиш йолуш а дац вай царна. Муъма нахах къинош диначу нахана гечдар а доьху вай. Царна хIун хир ду ца хууш, саготта (кхоьруш) делахь а, (АллахIан къинхетамах) дог а ца дуьллуьйту вай цаьрга.

60. Массо а агIор бIобоьлла хиларой (кхерам цахиларой), кIелхьара вериг хиларах догдилларой - стаг Ислам-дина чуьра аравоккху. Ткъа вайн Къилбехьа боьрзуш болучу нехан нийса некъ – оцу шина йистана юккъехь лаьтташ берг бу (масала: стаг АллахIа доллучунна а чот йийриг хиларах кхоьруш хила а веза, иштта АллахIан къинхетаме сатуьйсуш хила а веза).

61. Стаг иманчуьра араволуш вац - нагахь цо ша оцу чувалийнарг керстдеш дацахь.

62. Иман – маттаца мукIарло дар а, дагца тIеэцар а ду.

63. АллахIан элчанера (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ШарIа а, иштта (бакъо) йовзийтаран хьокъехь, бакъ хилар сецна а долуш, схьамелдеънарг дерриге а – бакъдерг ду.

64. Иман – дуьхьехь массаьргахь дерг а цхьаъ ду, ва амма царех цхьаберш вукхарал а дикаллехь совбевлла хилар къастор ду: церан АллахIах озабалар совхиларе а, АллахIах кхерар совхиларе а, шайн дегIан харц лаамаша аьлларг цадарца царна дуьхьало латторе а, тIаьхьабаза АллахI сов реза веш дерг къастийна хиларе а хьаьжжина. 

65. Берриге а муъма нах – АллахIан гергара, Цуьнан эвлаяаш бу. АллахIна гергахь царех уггаре диканиш (сийлахьниш) – царна юккъера АллахIна сов муьтIахь берш а, царлахь КъурIанна сов тIаьхьабозуш берш а бу.

66. Иман аьлча, оцу юкъадогIу: АллахIах тешар а, Цуьнан малекех а, Цуьнан Жайнех а, Цуьнан элчанех а, эхартан дийнах а, къадрах (доьгIначух) а - цуьнан дика а, вон а, марзалла а, къаьхьалла а – дерриге а Сийлахь-Везачу АллахIера хиларах а тешаш.

67. Вай тешаш ду оцу дерригенах а. Цхьана а тайпана къестамаш ца бо вай Цуьнан элчанашна юккъехь. Вай бакъ дина тIеоьцу цара массара а мел деънарг.

68. Мухьаммадан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) умматера даккхийра къинош дина берш жоьжагIатахь хир болуш бу. Амма даима а хир болуш бац уьш цигахь - нагахь церан балар, АллахI цхьаъ вина а болуш, хиллехь. Тоба дина бацахь а, муъманаш а болуш, АллахIна дуьхьал кхетахь - уьш АллахIан лаамний, Цуьнан кхиэланий, Iедалний кIел хир бу. Нагахь Шена лаахь - Шен комаршаллица геч а дина, къинхетам бийр бу Цо царех. Доллучунна ницкъ кхочуш а, Сийлахь-Веза а волучо КъурIанахь хьахийна ма-хиллара: «Боккъалаъ, АллахIа геч ца до - Шеца накъостий нисбарна, амма Цо гечдо - цул а жима долучунна, Шена лиъначунна» («ан-Нисаъ»: 116). Нагахь Шена лаахь - Шен нийсонца жоьжагIатахь Iазап лур ду Цо царна. Цул тIаьхьа Шен къинхетамца а, Шена муьтIахьхиллачеран шапаIатца а жоьжагIатара арабохур бу Цо уьш. ТIаккха ялсамане бохуьйтур бу уьш Цо. ХIунда аьлча, Сийлахь-Веза АллахI – Ша къобалвиначарна Iуналла деш ву. Эхартахь цаьрца Шена инкаре хиллачаьрца санна хир волуш вац И, Цуьнан нийсонах бевлла а, шайна Цуьнан гIо хилла а боцуш болучу. Я АллахI, Хьо ву-кха Ислам-динан а, бусалба нехан а Iуналча! Исламехь чIагIде Ахьа тхо, Хьайна дуьхьал кхаччалц! 

69. Вай лаьцна йолу агIо - вайн Къилбехьа воьрзучу муьлххачунна а тIаьхьа а хIоьттина, ламаз дан мегаш хилар ю. Бакъахьарачунна а, къинош долучунна а, оцу кеппара нагахь царех цхьаъ веллехь - царна докъан ламаз дан дезаш ду. 

70. Царех цхьаьнненан а хьокъехь вай ца олу: уьш, билггал, ялсамани чу гIур бу, я жоьжагIати чу гIур бу. Царех цхьа а, керста ву, я мушрик ву, я мунепакъ ву аьлла, бехке а ца во вай - нагахь цара цхьаьннах лечкъош а доцуш, царех цхьаъ гучудохуш дацахь. Цара шайн дегнашкахь къайла дохург Сийлахь-Везачу АллахIна дуьту вай. 

71. Вай цхьана а кепара тIе ца дуьту Мухьаммадан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) умматера муьлхха а цхьаъ вер - нагахь иза вер ШарIо тIедожош дацахь.

72. Вай къобал ца до вешан имамашна я вешан урхалчашна дуьхьал гIиттар - уьш харцо лелош белахь а. Царна вон лууш, доIанаш а ца до вай, царна муьтIахь хиларах а ца духу вай. Царна муьтIахь хилар – Сийлахьчу АллахIна муьтIахь хиларан декъах лору вай. ХIета, иза парз ду - цара къилахь дерг де бохуш мел доцу. Уьш тобар, нисбар доьхуш, доIанаш до вай царна. Церан харцонашна гечдар а доьху вай.

73. Вай тIаьхьадозу – пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Суннатна а, бусалба нехан жамаIатна а. Вай ларло – (оцу дийциначу Суннатна а, жамаIатна а) тIерадовларах а, бартбацарах а, декъадаларах а.

74. Вайна дукха беза нийсонна тIехь берш а, тешаме (аманат долуш) берш а. Вайна ца беза харцонна тIехь берш (зуламенаш) а, тешнабехкенаш (ямартанаш) а.

75. Муьлхха а вешан хааршкахь билгалза (кегаделла) долучуьнан хьокъехь вай олу: «Массарначул дика хуург АллахI ву!». 

76. Вай къобалдеш ду - маьхьсешна тIехула мосхьа дан мегаш хилар - новкъахь а, цIахь а, бух цIеначу хьадисашкахь дийцина ма-хиллара.

77. Хьаьждар а, жихIад дIадахьар а бусулба нехан урхалчин куьйгаллехь, уьш дика белахь а, къинош долуш белахь а, - парз ду, къематде хIотталц лаьттар долуш. Цхьана а хIумане дIадаккхалур долуш а дац и шиъ, я къийсалур (дацаре далур) долуш а дац.

78. Вай тешаш ду - вешан гIуллакхаш дIаяздеш долучу дикачу малекех. Боккъалаъ, АллахIа, гIаролаш а дина, тIехIиттийна ду уьш вайна.

79. Вай тешаш ду - са оьцучу малеках - мулкалмотах а, дерриге Iаламийн синош эца жоьпалле дина долучу.

80. Вай тешаш ду - хьакъ долучарна кошан Iазап хир долуш хиларах а, цуьнан кошахь Мункара а, Накира а цуьнга цуьнан Дела а, цуьнан дин а, цуьнан пайхамар а мила ву аьлла, барт хоттур болуш хиларах а. Оцу хьокъехь дерг АллахIан элчанера а (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), асхьабашкара а (АллахI реза хуьлда царна) болучу хаамашкахь дийцина ма-хиллара. 

81. Каш – я ялсаманин цхьа беш ю, я жоьжагIатин цхьа Iин ду.

82. Вай тешаш ду - деллачул тIаьхьа дендийриг хиларах а, къематдийнахь вайн массо а гIуллакхашна дуьхьал бекхам хир болуш хиларах а, АллахIна хьалха дIахIуьттург хиларах а, хьесап дийриг хиларах а, тептар доьшург хиларах а, йолах а, Iазапах а, суьртан тIайх а, мизан терзанах а.

83. Ялсани а, жоьжагIати а – кхоьллина ю, цкъа а пана хилла дIа а ер йоцуш. Вай тешна ду - Сийлахь-Везачу АллахIа ялсамани а, жоьжагIати а кхинболу кхолламаш кхоллале хьалха кхоьллина хиларах а, цаьршиннах хIоранна а чу даха кхоьллина адамаш хиларах а. Царех Шена лиънарг Шен комаьршаллица ялсамане вохуьйтур ву Цо, Шена лиънарг Шен нийсонца жоьжагIата вохуьйтур ву Цо. Царех хIора а шена билгалдаьккхинарг (доьгIнарг) лелош ву, шена кхоьллина долучунна тIе воьдуш а ву. 

84. Къандрангахь билгалъдаьккхина ду адамашна доьгIна долу дика а, вон а. 

85. Адамийн дарш (гIуллакхаш) АллахIа кхоьллина ду, ткъа хила лаьшкара хилла ду.

86. «Тавфикъ» бохучу дешан чулацамехь дуьйцуш долучу хIуманна ницкъ кхачар, муьлхха а хIума дайтарехь юкъара хуьлуш долучу, - цхьана а са чохь долучу хIуманан куьцех дагардан йиш йолуш дац и. Оцу кепара долу ницкъ кхачийтар – (муьлхха а) хIума дарах дIакъастон йиш йолуш дац. Ткъа хIума дан ницкъ кхачарах дерг дийцича, и кхочуш дан оьшучу могашаллех а, таронех а, дадаларех а, оьшуш болу гIирсаш хиларех а дозуш долучу, - ткъа иза-м гIуллакх дале хьалха а адамехь долуш ду. И тайпа ницкъ бу и - ШарIо шен тIедахкаршкахь юьхьаралаьцнарг. Сийлахь-Везачу АллахIа ма-аллара: «АллахIа адамна тIе ца дуьллу - цуьнан ницкъ кхоччург бен» («ал-Бакъарат»: 286). 

87. Сийлахь-Везачу АллахIа нахана тIецадиллина - цаьрга далун дерг бен, ткъа адамашка далур долуш а дац - АллахIа ницкъ кхачийтинарг бен. Иза – хIокху къамелан чулацам бу: «Ницкъ а, гIора а дац АллахIехь бен». Вай тIетуху: «Цхьаьнненан АллахIна Iеса хиларах ларвала а, цуьнах генавала а - я хIилла а дац, я хьуьнар а дац, АллахIера гIоьнца а бен. Я цхьа-цхьаъ АллахIна муьтIахь хила ницкъ болуш а вац, иштта муьтIахьаллехь чIоггIа латталур волуш а вац – нагахь оцу тIехь АллахIа цунна гIо ца дахь». 

88. Мел долу хIума Сийлахь-Везачу АллахIан лаамца а, Цунна хууш а, Цуьнан кхиэлаца а, Цуьнан йозанца а лелаш ду. Цуьнан лаам – массо а кхинболу лаамаш кIел а битина, уггаре а лакхара бу. Цуьнан кхиэл - массо а хIилланаш дохош, сов лакхара ю. Цо Шена луъург до. Цкъа а харцо а ца йо Цо. Муьлхха а тайпанарчу вонах а, хIаллакьхиларах а сийлахь-цIена ву И. Муьлхха а тайпанарчу кхачамбацарах а, сакхтах а генна цIена ву И. «Цуьнга ца хоьтту - Цо дечух, ткъа цаьрга - хоттур ду» («ал-Анбийаъ»: 23). 

89. Беллачарна пайда бу - дийначара (гечдар доьхуш дечу) доIанашкахь а, дохучу сагIанашкахь а.

90. Сийлахь-Веза АллахI - (наха дечу) доIанашна жоп луш ву, цара доьхург луш ву царна.

91. Массо а хIуманна тIехь дуьззина Iуналла а, урхалла а долуш ву И, ткъа Цунна тIехь цхьана а тайпана Iуналла а, урхалла а долуш цхьа а хIума дац. БIаьрган негIар тухучу юкъанна а Сийлахь-Везачу АллахIах дозуш ца хила йиш йолуш цхьаьллиг цхьа хIума дац. БIаьрган негIар тухучу юкъанна бен дацахь а, ша АллахIах возуш вац аьлла хетарг – керстаналлехь ву, хIаллакъхиллачу нахах цхьаъ ву. 

92. АллахI - оьгIаз а воьду, реза а хуьлу, ва амма цхьана а кхолламчух (адамчух) тера а доцуш.

93. АллахIан элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) асхьабаш беза вайна. Ва амма царна юккъера къасттийна цхьаъ везарехь барамах ца духу вай, царех цхьанненна а керста а ца до вай. Уьш цабезарг а, церан хьокъехь диканиг ца эриг а ца веза вайна. Ткъа вай – диканца а бен хьеха а ца во царех цхьа а. Ткъа уьш безар – Ислам-дин хилар а, иман хилар а, ихьсан хилар а ду. Цуьнах терра уьш цабезар а ду – керстаналла а, мунепакъалла а, тилар а.  

94. АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) кхелхиначул тIаьхьа массарал а хьалха халифатан мукъ Абу Бакар ас-Сиддикъехь (АллахI реза хуьлда цунна) хила безаш хиларан агIончий ду вай - цуьнгахь хилла йолу сов дикалла а, кхин болучу берриге бусалбашна хьалха иза хьалхара хилар а гойтуш хилла долу. Цул тIаьхьа – Iумар ибн ал-ХаттIабехь (АллахI реза хуьлда цунна), тIаккха - Iусманехь (АллахI реза хуьлда цунна), тIаккха – Iали ибн Абу ТIалибехь (АллахI реза хуьлда цунна). Ткъа уьш берриш а – бакъонан а, нийсонан а халифаш бу. 

95. Вай тоьшалла до: АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шайн цIераш а яьхна, ялсаманица шайга кхаъ баькхина хилла волу итт асхьаб ялсаманехь хирг хиларца, хIунда аьлча уьш цигахь хир бу аьлла тоьшалла динарг АллахIан элча ву (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), ша мел эриг бакъ долуш волу. И итт асхьаб ву: Абу Бакар, Iумар, Iусман, Iела, ТIалхьа, Зубайр, СаIд, СаIийд, Iабдур-Рахьман ибн Iавф, Абу Iубайд ибн ал-Жаррахь а - хIокху умматан «Тешамениг» аьлла, сийлахь цIе йолуш хилла волу. АллахI реза хуьлда царна массарна а!

96. Муьлхха а АллахIан элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) асхьабийн а, цIена мел доцучух цIена хилла болучу цуьнан хIусамнанойн а, цхьана а боьха долучух дIахьакхаелла йоцучу цуьнан тIаьхьенан а хьокъехь диканиг олуш верг - мунепакъаллех цIена ву.

97. Юьххьерачу юкъараллин (салафийн) Iелимнах а, иштта церан новкъа лелла болу царна тIаьхьабаьхкинарш а (табиIаш) - дикаллин дай а, хьадисаш дийцинарш а бу, бакъонаш евзинарш а, хьекъаленаш а бу. Уггаре а диканиг аьлла бен хьехон йиш йолуш бац уьш. Ткъа церан хьокъехь муьлхха а цхьа вониг аьлла верг - нийсачу новкъахь вац. 

98. Вайн (умматера) цхьа-цхьа эвлаяъ (АллахIан гергара дика нах) – цхьана а пайхамарал везаха ца лору вай. Вай эриг иштта ду: муьлхха а цхьа пайхамар (АллахIера маршо хуьлда царна) - берриге а эвлаяэл везаха ву.

99. Вай тешаш ду - эвлаяашкара вайна девзиначу караматех а, иштта царех лаьцна шайх теша хьакъ болучара бакъ буха тIера дийциначу бакъ дийцарех а.

100. Вай тешаш ду - къематдийнан билгалонех а: Дажжал вериг хиларах а, стигалара Мареман кIант Iиса (АллахIера маршо хуьлда цунна) вуссург хиларах а, иштта малхбузехьара малх схьакхетарг хиларах а, лаьттара экха гучудериг хиларах а. 

101. Вай бакъ ца до - хиндерг дуьйцучара а, пал туьйсучара а дуьйцург. Иштта вай тIецадуьту КъурIанца а, Суннатца а, бусалба умматан барт хиллачуьнца а цхьаьна ца догIу муьлхха а цхьаъ дуьйцуш волучуьнан къамел. 

102. Вай къобалдо: цхьаьна (жамаIатехь) латтар - бакъ некъ хилар а, нийса некъ хилар а, иштта декъадалар – (бакъонна тIера) галдовлар хилар а, Iазап хилар а.

103. АллахIан дин стигланашкахь а, лаьтта тIехь а цхьаъ ду, ткъа иза – Ислам-дин ду. Сийлахь-Везачу АллахIа боху: «Боккъалаъ, АллахIна гергахь дин - Ислам ду» («ал-Iимран»: 19). Сийлахь-Везачу АллахIа кхин а аьлла: «Со реза хилла - шун дин Ислам хила» («ал-Маида»: 3). 

104. Ислам – барамал тIех долучунний, барамах эшийначунний юккъера ду, ташбихIний (АллахIан куьцаш муьлхха а цхьана кхечуьнан куьцех тардарний), таIтилний (АллахIан куьцаш дацаре дарний) юккъера ду, (адамо дийриг цуьнан) лаамаза деш ду бохучу кхетамний, АллахIа доьгIначунна керстдаран кхетамний юккъера ду, (АллахIа хьесап дийриг хиларах ца кхоьруш) тешна хиларний, (АллахIан къинхетамах) сатуьйсийла яйна хьийзарний юккъера ду.

105. Ткъа хIара (дерриге вай дийцинарг) - вайн дин ду, чухула а, тIехула а вай шех тешаш дерг а ду. АллахIна хьалха, цхьа а уьйр йоцуш, цIена ду вай, оцу вай дийциначунна а, кхетийначунна а дуьхьал мел баханачарех.

АллахIе доьху вай: иманехь ваьш чIагIдар а, вешан дахарш, цуьнах доха а ца духуш, дерзор а, ваьш лардар а – тайп-тайпанарачу (харц) ойланех а, уьйр йоцуш даьржиначу хетарех а, вочу мазхIабех а - мушаббихIаш а, муIтазилаш а, жахIмаш а, жабраш а, къадараш а санна долучу, иштта уьш доцучу а, Суннатан а, ЖамаIатан а некъах галмарзах а девлла, тиллачу тешамийн агIончий а хилла дIахIиттина долучу. Вай декъаха дац цаьрца, ткъа вайна гергахь уьш - тиларчохь а, хIаллакьхиларан новкъахь а бу.

АллахIе доьху вай: массо а харцонех ваьш лардар. Дика мел дерг дарехь гIо а доьху вай Цуьнга.

Оцу тIехь чекхдолу Имам ТIахьавин жайна.

Имам Абу ЖаIпар ат-ТIахьави


Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2025, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft