Кхо бух а, церан тоьшаллаш а
[Нохчийн
маттахь]
ثلاثة الأصول وأدلتها
[
باللغة الشيشانية ]
محمد بن سليمان التميمي
Мухьаммад бин Сулайман ат-Тамими
Гочдархо: Iаббасан кIентан Турпалан кIант Фарукъ
ترجمة: فاروق ابن
تربال ابن عباس
1433
- 2012
Islamannur.org
Кхо бух
а, церан тоьшаллаш а
Мухьаммад бин Сулайман ат-Тамими
Къинхетамечу а, Къинхетам бечу а АллахIан
цIарца!
Хаалахь, АллахIа къинхетам бойла хьоьх, вайх хIора а диъ хаттар
Iамон декхарийлахь хилар.
1. Iилма: цо чулоцу АллахI
вовзар, Цуьнан Пайхамар вовзар, Ислам-дин довзар тоьшаллин баххашна тIехь.
2. Оцу Iилмано ма-бохху Iамал яр.
3. Нах оцунна тIекхайкхар.
4. Оцу гIуллакхехь тIеIитталучу халонашна собаре хилар.
Оцу деа а хаттаран тоьшалла АллахIан къамелехь ду:
«Къинхетамечу, Къинхетам бечу АллахIан цIарца! Аса дуй буу малхбузан хенах! Боккъалаъ, хIора адам эшамехь ду
- Делах а тешна, диканаш дина, вовшашна бакъдерг хьехна, вовшашна собар
хьехна боцурш» («ал-Iаср»
сурат, 103:1-3).
Имам ШапиIа (Сийлахь-Везачу АллахIа
къинхетам бойла цуьнах) аьлла:
«АллахIа Шен халкъана тIе кхин тоьшалла доссийна цахиллехьара а,
хIара сурат доцург, кхачам боллуш хир ма дара царна иза".
Имам Бухарис (Сийлахь-Везачу АллахIа
къинхетам бойла цуьнах) шен бакъ хьадисийн гуларехь аьлла:
«Iилма - къамелел а, Iамалел а хьалха даьккхина хила дезаш хиларан
хьокъехь дерг дуьйцу дакъа ду хIара».
Ткъа цунна тоьшалла Сийлахь-Везачу АллахIан
къамел ду:
«Хаалахь, АллахI воцург кхин дела
цахилар. Хьайн къинна гечдар а деха» («Мухьаммад»
сурат, 47:19).
Вайна ма-гарра, АллахIа «хаар» къамелел а, Iамалел а хьалха
хьахийна.
Хаалахь, АллахIа къинхетам бойла хьоьх, хIора бусалба стаг а, хIора
бусалба зуда а тIаьхьара кхо хаттар довза дезаш хилар а, цара бохург дан дезаш
хилар а.
Хьалхараниг: Вай АллахIа
кхоьллина хилар, цо вайн Iар-дахаран рицкъа делла хилар, эрна ваьш дитина
цахилар. Цо вайга элча ваийтина, ткъа цунна муьтIахь хилларг - ялсамане гIур
ву, цунна Iеса хилларг – жоьжагIате гIур ву. Цуьнан тоьшалла АллахIан къамел ду:
«Боккъалаъ, Оха шуьга элча ваийтина, шуна дуьхьал тоьшалла
ден волу, пирIуне элча мавахийттара. Ткъа ПирIун Iеса велира элчанна. ХIетахь
Оха Iазапечу катохарца лецира иза» («ал-Муззаммил» сурат 73:15-16).
ШолгIаниг: АллахI реза хуьлуш вац
- Шена лолла дарехь цхьа-цхьаъ Шеца накъост нисварна, хуьлда иза Дала Шена гергаоьзна
долу малек, я Дала ваийтина волу Пайхамар. Цунна тоьшалла Сийлахь-Везачу
АллахIан къамел ду:
«Дерриге маьждигаш (массо лолла ден меттигаш) АллахIан
ду. Цундела, АллахIца нис а вай, цхьана а цхьаьнга ма кхайкха» («ал-Жинн» сурат, 72:18).
КхоалгIаниг: Элчанна муьтIахь а хилла,
АллахI цхьаъ винарг - АллахIца а, Цуьнан элчанца а мостагIалла лелош волучуьнца
доттагIаллин юкъаметтигаш лелон езаш вац, иза цуьнан юххера, гергара стаг велахь
а. Цунна тоьшалла АллахIан къамел ду:
«АллахIах а, Къематдийнах а тешачарна юккъехь нах карор
бац хьуна - АллахIца а, Цуьнан элчанца а мостагIалла лелош берш безаш, уьш
белахь а церан дай, я церан кIентий, я церан вежарий, я церан гергаранаш. Церан
дегнашкахь АллахIа иман кIаргдина, Шегарчу сица чIагI а бина Цо уьш. Ялсаманин
бошмашка бохуьйтур бу Цо уьш, шайна чохь хиш лелаш йолучу. Даима оцу чохь хир бу
уьш. АллахI реза ву царна, уьш а бу Цунна реза. Иза ю - АллахIан тоба. Боккъалаъ,
АллахIан тоба - декъала хилларг ю» («ал-Мужадала» сурат, 58:22).
Хаалахь, АллахIа Шена муьтIахь хиларан новкъа нисвойла хьо, ИбрахIиман дин Хьанифиййат - цхьана АллахIна лолла дар дуйла, айхьа лелош долу дин дог цIенна Цунна хьажийна а долуш. И аьлла омра дина АллахIа массо а нахе. Цуьнан
дуьхьа кхоьллина а бу Цо уьш, Сийлахь-Везачу АллахIа ма-аллара:
«Жинаш а, адамаш а кхоьллина ма дац Аса - цаьрга Сайна лолла
дайта а бен» («аз-Зарийат» сурат, 51:56).
«Сайна лолла дайта» бохучу
дешнийн маьIна – «Со цхьаъ вайта» бохург ду.
АллахIа омра дина тIедиллина уггаре а доккханиг – Тавхьид
ду. Иза – дерриге а лолла цхьана АллахIна хьажор ду.
АллахIа дихкиначарех уггаре а доккханиг - ширк ду.
Иза - АллахI воцучу муьлхха а цхьанна лолла дар ду. Цунна тоьшалла Сийлахь-Везачу
АллахIа аьлларг ду:
«Лолла де цхьана АллахIна, цхьа а хIума накъост а ма
лаца Цуьнца» («ан-Нисаъ» сурат, 4:36).
КХО БУХ
Нагахь хьоьга хаттахь: «ХIора
а адамна хаа беза кхо бух муьлха бу?», ахьа жоп ло:
1. Шен Дела вовзар.
2. Шен дин довзар.
3. Шен Пайхамар Мухьаммад (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда
цунна) вовзар.
Хьалхара бух: АллахI-Дела вовзар
Нагахь хьоьга хаттахь: «Хьан Дела мила ву?», ахьа жоп ло:
«Сан Дела - АллахI ву, Шен ниIматашца со а
кхиийна, иштта дерриге Iаламаш а кхиийна волу. Иза - аса Шена лолла дийриг а
ву. Иза воцург лолла деш кхин цхьа а вац сан».
Цуьнан тоьшалла Сийлахь-Везачу АллахIа аьлларг ду:
«(Берриге) хастам – (цхьана) АллахIна бу, Iаламийн Дела
волучу» («ал-Фатихьа» сурат, 2).
Ткъа АллахI воцу дерриге а хIума - Iалам ду, ткъа со - оцу Iаламех
цхьаъ ву.
Нагахь хьоьга хаттахь: «Хьайн Дела стенца вевзина хьуна?», ахьа жоп ло:
«Суна И - Цуьнан Iаламаташца а, Цуьнан кхолламашца
а вевзина. Цуьнан Iаламатех ду буьйса а, де а, малх а, бутт а. Ткъа Цуьнан кхолламех
ду ворхI стигал а, ворхI латта а, царна чохь мел дерг а, царна юккъехь мел дерг
а».
Цунна тоьшалла Сийлахь-Везачу АллахIа аьлларг ду:
«Цуьнан Iаламатех ду - буьйса а, де а, малх а, бутт а.
Сужуде ма эха я малхана а, я баттана а. Сужуд АллахIна де, и дерриге а
кхоьллина волучу, нагахь шаьш лолла Оцу цхьанна деш делахь» («Фуссилат» сурат, 41:37).
Сийлахь-Везачо кхин а аьлла:
«Боккъалаъ, шун Дела – АллахI ву, ялх дийнахь стигланаш
а, латта а кхоьллина, цул тIаьхьа Iаршана тIехь айвелла волу, (боданечу) буьйсанца
(сирла) де дIалоцуш волу, сихонца цунна тIаьхьалелаш йолу. Малх а, бутт а,
седарчий а Цуьнан омрина муьтIахь ду. Шеко йоццуш, кхолла а кхуллу Цо, омра а
до Цо. Беркате ву АллахI, Iаламийн Дела волу» («ал-АIраф»
сурат, 54).
Дела - шена лолла деш верг ву. Ткъа цуьнан тоьшалла Сийлахь-Везачу
АллахIан къамел ду:
«ХIай, нах! Шайн Далла лолла де, шу а, шул хьалхараниш
а кхоьллина волучу, - (АллахIах) кхоьруш хир ду шу. Латта – мотт бина Цо шуна, ткъа
стигал – тхов. Стигалара хи даийтина Цо, цуьнца шуна дуучунна стоьмаш а кхиийна
Цо. (Иштта дуйла) шайна хуъушехь АллахIца цхьа-цхьаъ накъост ма нисве» («ал-Бакъара» сурат, 2: 21-22).
Ибн Касира (Сийлахь-Везачу АллахIа къинхетам бойла цуьнах)
аьлла:
«Ткъа и дерриге а хIума кхоьллинарг - Шена Iибадат дан хьакъ верг
ву».
АллахIа Шен омрица тIедехкиначу Iибадатийн тайпанех ду - Ислам,
Иман, Ихьсан. Иштта царех ду: доIа дар, кхерар, сатуьйсийла (ражаъ), таваккал
дар, лаам (рагIба), кхерар (рахIба), кхерар (хашйа), сийллаллина муьтIахь хилар,
дохковаларца АллахIе верзар, гIо доьхуш доIа дар, ларвар дехар, орца дехар
(истигIаса), гIурба дер (даьхнина урс хьакхар), нузар дар, иштта кхин долу
АллахIа омрица тIедехкина долу дерриге Iибадаташ а. Ткъа дерриге а и Iибадаташ
цхьана АллахIан дуьхьа дан дезаш ду. Цуьнан тоьшалла Сийлахь-Везачу (АллахIан)
къамел ду:
«Боккъалаъ, (ерриге) Iибадат ден меттигаш АллахIан ю.
Цундела АллахIца цхьаьна кхечу цхьа-цхьаьнга ма кхайкхалаш» («ал-Жинн» сурат, 72:18).
Лакхахь дагардиначу Iибадатийн тайпанех муьлхха а цхьаъ АллахI воцучунна хьажийнарг
- мушрик а, копар-керста а лоруш ву. Цуьнан тоьшалла Сийлахь-Везачу (АллахIан)
къамел ду:
«АллахIца нисвина кхечу деле кхойкхучеран – оцу
хьокъехь шайна тIетовжа цхьана а тайпана тоьшалла дац цаьргахь. Цуьнан хьесап
дар цуьнан Делехь ду. Боккъалаъ, керстанаш декъала хир болуш бац» («ал-Муъминун» сурат, 23:117).
Хьадисо боху:
«Дехар - Iибадатан тIум ю».
Цуьнан тоьшалла Сийлахь-Везачу (АллахIан) къамел ду:
«Шун Дала аьлла: «Соьга кхайха, Аса жоп лур ду шуна. Боккъалаъ,
Суна Iибадат дан куро еш берш – жоьжагIате гIур бу, сийсаз а бина (осала а баьхна)» («ГIафир» сурат, 40: 60).
Лолла дарехь цхьана АллахIах кхера везар (1) гойту Сийлахь-Везачу АллахIан къамело:
«Царех ма кхера, Сох кхера шу, нагахь шаьш муъманаш делахь» («Али Iимран» сурат, 3:175).
(1) Лолла
дарехь кхерар (хавф) - адамо ша цхьаннах кхерар бахьанехь цунна лолла дар ду. Ткъа
оцу тайпана болу кхерам АллахIах а бен хила йиш йолуш бац. Нагахь адамехь оцу
тайпана кхерам Сийлахь-Веза АллахI воцучу кхечу цхьаннах белахь - иза доккха ширк
лору.
Лолла дарехь догдохийла (2) цхьана АллахIе хила
дезар гойту Сийлахь-Везачу АллахIан къамело:
«ХIан, шен Далла дуьхьалкхетаре догдохуш волучо - дика
Iамалш йойла, шен Делаца цхьаьна цхьа-цхьанна лолла а ма дойла цо» («ал-КахIф» сурат, 18:110).
(2) Догдохийла
– лелаш а, цуьнга кхача а таро йолуш долучу цхьана хIумане кхача я цуьнга кхача
таро йоцуш долу хIума цуьнга кхача таро йолуш дан лаам хилар ду адамийн. Шен
чулацамехь муьтIахь хилар а, хьаставалар а долу догдохийла Сийлахь-Везачу АллахIе
дерзийна а бен хила йиш йолуш дац. Нагахь оцу тайпана долу догдохийла АллахI
воцучу кхечунна хьажийна хилахь - иза я жима ширк я доккха ширк лоруш ду. Ткъа
и жима ширк хилар я доккха ширк хилар - догдохуш волучуьнан дагна чохь долучух
доьзна хир ду.
Таваккал АллахIна тIе дан
дезаш хилар гойту Сийлахь-Везачу АллахIан къамело:
«АллахIна тIе таваккал де, нагахь шаьш муъманаш
делахь» («ал-Маида» сурат, 5:23).
Сийлахь-Везачо иштта аьлла:
«АллахIна тIе таваккал диначунна - И кхачаме ву» («АттIалакъ» сурат, 65:3).
Лолла дарехь лаам (рагIба) а (3), кхерар
(рахIба) а (4), сийлаллин муьтIахьалла а (5)
хила дезар гойту Сийлахь-Везачу АллахIан къамело:
«Боккъалаъ, дика гIуллакхаш дарехь каде хьийзара уьш.
Тхоьга кхойкхуш а бара, догдохуш а, кхоьруш бегош а, Тхан сийлаллина муьтIахь а
бара уьш» («ал-Анбияъ»
сурат, 21:90).
(3) Лаам – вуьшта аьлча, луучуьнга, дезачуьнга
кхача гIертар.
(4) Кхерар (рахIба) – кхузахь дуьйцуш долу
кхерар - АллахIа къилахь диначу гIуллакхех а, Цо цамагийначу хьарамлонех а
генавоккхуш долу кхерар ду.
(5)
Сийлаллина муьтIахь хилар бохучуьнан чулацам - АллахIна муьтIахь хилар а,
хьаставелла хилар а ду, хIокху дуьненан дахарех хьакхалуш делахь а. Иштта Цо хIиттийначу
ШарIан бакъонийн хьокъехь делахь а, Цо доьгIначунна а, Цуьнан кхиэлана а реза хуьлучу а, муьтIахь хуьлучу а кепара.
Кхерар (хашйа) (6) гойту Сийлахь-Везачу АллахIан къамело:
«Ма кхера царех, Соьх кхера шу» («аз-Зумар» сурат,
2:150).
(6) Кхузахь кхерар бохучо дуьйцург - Iилманан
буха тIехь ша кхоьруш волучуьнан Сийлалла а, Воккхалла а, Цуьнан доккха
паччахьалла а довзарна долу кхерар ду.
Дохковдовларца АллахIе дерза дезар гойту Сийлахь-Везачу АллахIан къамело:
«Дохкодовларца шайн Деле дерза, муьтIахь а хила Цунна» («аз-Зумар» сурат, 39:54).
ГIо доьхуш доIа дар гойту Сийлахь-Везачу
АллахIан къамело:
«Хьуна цхьанна Iибадат до оха, Хьоьгара цхьаьнгара гIо
а доьху оха» («ал-Фатихьа» сурат, 1:5).
Хьадисехь аьлла:
«Нагахь айхьа гIо доьхуш делахь - АллахIе деха».
Дола дар а, ларвар а дехар а гойту Сийлахь-Везачу
АллахIан къамело:
«Ала: «ГIо лоьху аса садаржочу Делехь»» («ал-Фалакъ» сурат, 113:1).
Иштта:
«Ала: «ГIо лоьху аса адамийн Элехь»» («ан-Нас» сурат, 114:1).
Орца дехар гойту
Сийлахь-Везачу АллахIан къамело:
«ХIан, аша шайн Деле, кIелхьардаха аьлла, орца
дийхира, ткъа Цо жоп делира шуна» («ал-Анфал» сурат, 8:9).
ГIурбадер (даьхнина урс хьакхар) гойту Сийлахь-Везачу АллахIан къамело:
«ДIаала цаьрга: «Боккъалаъ, сан ламаз а, сан гIурба дар
а, сан дахар а, сан валар а - Iаламийн Дела волучу АллахIан дуьхьа ду, Шеца
цхьана а тайпана накъост воцуш волучу»» («ал-АнIам»
сурат, 6:162-163).
Суннато гойту и:
«АллахIа неIалт аьлла - АллахI а воцуш, кхечуьнан дуьхьа урс хьаькхначунна».
Нузар дар гойту Сийлахь-Везачу
АллахIан къамело:
«Цара кхочуш до шаьш дина нузарш, кхера а кхоьру уьш шен
вон дIасадаьржина хин долучу дийнах» («ал-Инсан» сурат, 76:7).
* * * * *
ШолгIа бух: Ислам-дин довзар
Ислам-дин – Тавхьидехула АллахIна муьтIахь хилар а, Цо аьлларг
дар а ду, ширкан а, ширкан агIончийн а декъахь цахилар а ду. Цуьнан кхо тIегIа
ю: Ислам, Иман, Ихьсан. Ткъа оцу хIора а тIегIанан
къаьст-къаьстина арканаш ю.
Хьалхара тIегIа: Ислам
Исламан арканаш - пхиъ ю:
1) ХIокху кепара тоьшалла дар: «Шена лолла дан хьакъ волуш, АллахI воцург,
кхин дела вац, ткъа Мухьаммад - АллахIан элча а ву».
2) Ламазаш
дар.
3) Закат
даккхар.
4) Рамадан
баттахь марханаш кхабар.
5) АллахIан Сийлахь-Дезачу цIенна тIе хьаждан
вахар.
АллахI воцург кхин дела цахиларан тоьшалла дан дезар гойту Сийлахь-Везачу
АллахIан къамело:
«Тоьшалла дина АллахIа, лолла дан хьакъ волуш Ша цхьаъ
воцург кхин дела вац аьлла, иштта малекаша а, Iилма долучара а. Нийсо латтош ву
И. Кхин дела вац, И воцург, Нуьцкъала а, Хьикмате а волу» («Али Iимран» сурат, 3:18).
Цуьнан маьIна: «Цхьа-цхьаъ
вац шена лолла дан хьакъ, цхьа АллахI воцург».
«Цхьа-цхьаъ вац шена лолла дан хьакъ» бохучу дешнаша чулоцу – наха, АллахIна а доцуш,
шайна лолла мел деш долу хIума дацаре даран маьIна.
«Цхьа АллахI воцург» бохучу
дешнаша - лолла цхьана АллахIна дан дезаш хилар тIечIагIдо, лолла дечу юккъехь
Цуьнца цхьа-цхьаъ накъост а ца нисвеш, хIунда аьлча Шен олаллехь а вац Цуьнца цхьа
а накъост.
И дешнаш кхетош а, церан маьIана достуш а ду Сийлахь-Везачу
АллахIан къамел:
«ХIан, ИбрахIима аьлла шен дега а, къоме а: «Боккъалаъ,
со цIена ву – оцу аша лолла (Iибадат) дечарех массарех а, со кхоьллинарг
воцучух. Боккъалаъ, Цо вуьгур ву со нийсачу
новкъа». Цо дитира и (АллахI бен кхин дела цахиларан тоьшалла) шен тIаьхьенехь, церан нийсачу
новкъа тIе нисбала йиш
хилийта» («аз-Зухруф» сурат, 43:26-28).
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«Ала: «ХIай, Жайнин охIла! Тхуна а, шуна а юккъехь цхьабосса
долучу дашна тIедуьйлий вай: (иза) - вай АллахI воцучу цхьаннена а лолла цадар
а, Цуьнца цхьа-цхьа хIума накъост цанисъяр а, АллахI а витина, вай вовший делий
дина цалецар а ду. Нагахь цара букъ тохахь, аша дIаала: «ХIета, тешаш хила шу тхо
бусалбанаш хиларца»» («Али
Iимран» сурат, 3:64).
«Мухьаммад - АллахIан элча» хиларан тоьшалла гойту Сийлахь-Везачу
АллахIан къамело:
«Элча веъна шуьга шуна юкъара. Дазло цунна аша хьоьгу
баланаш. Доггах ву иза шуьца. Муъминашца кIеда-мерза а, къинхетаме а ву иза» («ат-Тавба» сурат, 9:128).
«Мухьаммад АллахIан элча ву» бохучу тоьшаллин маьIна:
Цо мел диначу цуьнан омрашна муьтIахь хилар ду.
Цо мел биначу хаамехь иза бакъ вар ду.
Цо дихкиначух а, ма де баьхначух а ларвалар, генавалар ду.
Цо гайтиначу некъаца а бен АллахIна лолла цадар а ду.
Ламаз дан дезаш хиларан а, закат даккха дезаш хиларан а, иштта Тавхьидан
чулацамах кхетош долу тоьшалла а Сийлахь-Везачу АллахIан къамелехь ду:
«Царна тIедиллина дацара - АллахIна Iибадат дар бен, Цуьнан
дуьхьа шайн дин дIацIандеш, бакъ долучух тешаш, ламазаш деш, закат доккхуш. И
ду - бакъ долу дин» («ал-Баййина» сурат, 98:5).
Марха кхаба дезар гойту АллахIан къамело:
«ХIай, АллахI цхьаъ винарш! Марха кхабар тIедиллина
шуна, шул хьалхарачарна тIедиллина ма хиллара. Кхоьруш хир ду шу» («ал-Бакъара» сурат, 2:183).
Хьаждан дезар гойту АллахIан къамело:
«АллахIна хьалха ХьажцIенна тIе хьаждан баха декхарийлахь
бу нах, нагахь церан цига кхача новкъахь оьшу ницкъ белахь. Нагахь цхьамма керстаналла
дахь – АллахI Iаламашка хьаште вац» («Али
Iимран» сурат, 3:97).
ШолгIа тIегIа: Иман
Иман – кхузткъе итт сов дакъа ду. Ткъа цуьнан уггаре а лакхара
дакъа - хIара дешнаш алар ду: «Шена лолла дан хьакъ волуш цхьа-цхьаъ вац,
цхьа АллахI воцург», ткъа уггаре а лахараниг - новкъара новкъа йолу хIума
дIаяккхар ду. Эхь хетар - Иманан генех цхьа га ду.
Иманан арканаш ялх ю:
1) АллахIах
тешар,
2) Цуьнан
малекех тешар,
3) Цуьнан
жайнех тешар,
4) Цуьнан
элчанех тешар,
5) Къематдийнах
тешар,
6) ДоьгIначух
тешар - цуьнан дика долучух а, иштта вон долучух а.
Оцу ягарйиначу иманан ялх арканийн тоьшалла АллахIан къамел ду:
«Дикалла яц
- аша шайн яьххьаш малхбалехьа а, малхбузехьа а ерзор. Ткъа дика деш верг -
АллахIах а‚ къематдийнах а‚ малекех а, жайнех а‚ пайхамарех а тешнарг ву» («ал-Бакъара» сурат,
2:177).
Дала доьгIначух (къадрах) теша везаш хилар гойту АллахIан
къамело:
«Боккъалаъ, массо а хIума къадранца кхоьллина Оха» («ал-Къамар» сурат, 54:49).
КхоалгIа тIегIа: Ихьсан
Ихьсан – цхьа рукна ю. «Ихьсанан бух – ахьа АллахIна лолла дар ду, хьайна И
гуш волуш санна. Хьайна И гуш вацахь а, Цунна хьо гуш хилар а хууш».
Цуьнан тоьшалла АллахIан къамел ду:
«Боккъалаъ, АллахI – (Шех) кхоьручаьрца а, ихьсанца
дика Iамалш ечаьрца а цхьаьна ву» («ан-Нахьл»
сурат, 16:128).
АллахIа кхин а аьлла:
«Ахьа болх тIе билла Нуьцкъалачунна, Къинхетамечунна,
хьо гуш волучунна - буса ламазашкахь лаьттачу хенахь а, сужудаш дечарна юкъахь
хьо хьала-охьа теIаш а. Боккъалаъ, И – Хезаш, Хууш ву» («аш-ШуIараъ» сурат, 26:217-220).
АллахIа кхин а аьлла:
«Муьлххачу а гIуллакхехь хьо велахь а, КъурIанера ахьа
цхьаъ дешахь а, муьлхха а хIума аша дахь а – билггал, шу гуш шун тешаш ду Тхо,
шу и дандоьлча юьххьера дуьйнна» («Йунус»
сурат, 10:61).
Иштта Суннатера цуьнан тоьшалла - массарна а девзаш долу Жабраил
малик дарах лаьцна дуьйцу хьадис ду, ХаттIабан кIанта Iумара (АллахI реза
хуьлда цунна) дийцина хилла долу. (Iумара) аьлла:
«Цкъа тхо АллахIан элчанан (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) гуламехь хевшина Iаш долуш, дагахь а доцуш, цхьа
стаг тIевеара тхуна, бIаьрг кхулучу кIайн духарехь, кIарула-Iаьржа месаш а
йолуш, цуьнга хьаьжча, иза некъаца ву-кха ала йиш а йоцуш. Тхоьх цхьанна а
вевзаш а вацара иза. Пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)
дуьхьал охьахиира иза. Шен голаш цуьнан голех а хIуттуш, шен куьйгаш шен варешна
тIе а дохкуш, цо элира:
«ХIай, Мухьаммад! Ислам-дин довзийтахь суна».
АллахIан элчано (АллахIера къинхетам
а, маршо а хуьлда цунна) элира:
«Исламан бух - ахьа тоьшалла дар ду: АллахI бен кхин дела цахилар,
Мухьаммад – АллахIан элча хилар. Иштта ламаз дар а ду, закат даккхар а ду, рамадан
беттан марханаш кхабар а ду, хьаждан хьажцIа вахар а ду».
(Жабраила) элира:
«Бакъ лоь хьо».
Тхо цуьнах цецдевлира -
цуьнга хетта а хоьттуш, бакъ лоь хьо бахарах!
(Жабраила) элира:
«Ткъа хIинца иман бохург хIун ду довзийтахь суна».
(Мухьаммада) элира:
«Иманан бух – хьо тешар ду: АллахIах а, Цуьнан малекех а, Цуьнан
жайнех а, Цуьнан элчанех а, тIаьххьарачу (къематан) дийнах а. Иштта хьо доьгIначух
тешар а ду, дикачух а, цуьнах санна вончух а».
(Жабраила) элира:
«Бакъ лоь хьо».
Цул тIаьхьа (Жабраила) элира:
«Ихьсан хIун ду дийцахьа суна».
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира:
«Ихьсанан бух – ахьа
АллахIна лолла дар ду, хьайна И гуш волуш санна. Хьайна И гуш вацахь а, Цунна
хьо гуш хилар а хууш».
(Жабраила) элира:
«Ткъа хIинца къематдийнах дерг довзийтахь суна».
(Мухьаммада) элира:
«Шега хоьттуш верг-м вац цуьнах лаьцна ша хоьттуш волучул а сов
хууш хIума долуш».
(Жабраила) элира:
«Делахь хIета, цуьнан билгалонаш йовзийтахь суна».
(Мухьаммада) элира:
«(Къематде гергадаран билгалонех хир ду) - гIарбаш-зудчо шена
эла яр, иштта хьуна гар а - когаш берзинарш, догIмаш дерзинарш, таро йоцу жаIуй,
шайн хIусамаш лакхаярехь вовшашлахь сов бовла гIерташ».
Цул тIаьхьа и стаг дIавахара. Ткъа со цхьана ханна бухависира.
ТIаккха Пайхамара хаьттира:
«ХIай, Iумар! Хьуна хаьий, и хеттарш хьан дира?».
Аса (Iумара) элира:
«АллахIна а, Цуьнан Элчанна а дикаха хаьа цуьнах дерг».
(Мухьаммада) элира:
«Боккъалаъ, иза - Жабраил дара, шуна шайн дин Iамон деана».
* * * * *
КхоалгIа бух: Мухьаммад Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) вовзар
Цуьнан юьззина цIе - Мухьаммад ибн IабдуллахI ибн Iабд ал-МуттIалиб ибн ХIашим ю. ХIашим - Къурайшин тайпанах ву. Къурайшаш - Iаьрбой хилла бу,
ткъа Iаьрбой – Делан доттагI волучу ИбрахIиман кIентан ИсмаьIилан (АллахIера къинхетам а,
маршо а хуьлда царна) тIаьхьенах
бу.
Пайхамар кхузткъе кхаа шарахь ваьхна. Царех шовзткъа шарахь
пайхамараллин кост тIедиллале хьалха ваьхна иза. Ткъе кхаа шарчохь
пайхамар а, элча а волуш ваьхна иза.
АллахIа пайхамараллин кост тIедиллина цунна - «Икъраъ» аят
а доссийна, ткъа элча вина Цо иза - «Муддассир» аят а доссийна.
Цуьнан гIала Макка хилла. Ткъа Медне хIижрат дина цо. АллахIа
ваийтина иза - нах ширках ларбеш, Тавхьиде кхойкхуш. Цуьнан тоьшалла Сийлахь-Везачу
АллахIан къамел ду:
«ХIай, дIахьаьрчинарг! ХьалагIатта, кхераме дерг дIадовзийта!
Хьайн Дела вазве! Хьайн бедарш цIанъе! Боьхаллех ларло! Дика а ма де, цул а
дукха хьайна юха хиларе сатуьйсуш! Хьайн Делан дуьхьа собаре хила!» («ал-Муддассир» сурат, 74:1-7).
«ХьалагIатта, кхераме дерг дIадовзийта!» бохучу дешнийн маьIна – АллахIца накъостий нисбарах юхабахарца ларбе
уьш, АллахI цхьаъ варе а кхайкха.
«Хьайн Дела вазве!»
бохучу дешнийн маьIна - ван ма веззара цхьаъ варехула вазве И.
«Хьайн бедарш цIанйе!» бохучу дешнийн маьIна - хьайн Iамалш ширках цIанйъе.
«Боьхаллех ларло!»
боху дешнашкахь юьйцу боьхалла – цIунаш а, жаIараш а ю, ткъа царех ларвалар бохург - уьш йитар ду, царех
дIахадар ду, иштта царна лолла дечу нахах дIахадар а ду.
Иштта оцу новкъахь Тавхьиде кхойкхуш итт шо даьккхина цо. Цул тIаьхьа стигала ваьккхина иза, цигахь парз
пхи ламаз тIедиллина цунна. Царна тIаьхьа догIучу кхаа шарахь Маккахь парз-ламазаш
а дина цо. ТIаккха, хIижрат а дай, Мадине дIакхалха аьлла, Делера омра а деана,
хIижрат дина цо.
ХIижрат – ширк долучу (керстанан)
махкара бусалба махка дIакхалхар ду. Ткъа иза хIокху умматна парз а дина тIедиллина
ду. ХIижрат дар - къематде даллалц лаьттар долуш а ду. Цуьнан тоьшалла АллахIан
къамел ду:
«Боккъалаъ, шаьш-шайна зулам дина а болуш, малекаша шайн
синош эцначаьрга хоттур ду: «Муьлхачу хьолехь дара шу шайн динах долучунна?».
Цара жоп лур ду: «ГIийла а, гIийлонехь латтош а дара тхо лаьтта тIехь». Цара
хоттур ду: «АллахIан латта шортта дацара, ткъа, шуна, шайн хIижрат дан?». Церан
Iойла жоьжагIате ю. Ма вон ю-кха церан боьрзийла»». Царна юкъа ца богIу - гIийлонехь
болу стегарий, зударий, бераш, я гIора а доцуш, я кIелхьарабовлийла а, я (Медне
боьду) некъ а ца хууш болу. Царна гечдан герга ду АллахIа, хIунда аьлча АллахI
- къинтIера волуш а, гечдеш а ву» («ан-Нисаъ»
сурат, 4:97-99).
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«ХIай, иман диллина Сан лайш! Боккъалаъ, Сан латта шортта
ду шуна. Суна цхьанна лолла дойла аша» («ал-Iанкабут»
сурат, 29:56).
Ал-БагIавис (АлахIа къинхетам бойла цуьнах) аьлла:
«ХIара аят доссоран бахьана бусалба нехан хьокъехь ду, Маккахь а
севцина, хIижрат а ца деш биссина хилла болучу. АллахIа Иманан цIарца кхайкхам
бина цаьрга».
ХIижрат дан дезаш хилар гойту Суннатера тоьшалла Пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)
къамел ду:
«ХIижрат дан дезар соцур долуш дац - тоба къобалдар
саццалц, ткъа тоба къобалдар а соцур дац - бузехьара малх схьакхетталц».
Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо
а хуьлда цунна) Меднахь дIатарвеллачул тIаьхьа, кхин долу Исламан декхарш
тIедехкина цунна: закат а, марха а, хьаж а, азан а, жихIад а, дикане кхайкхар
а, вониг дехкар а, иштта кхин йолу Iамалш а.
И декхарш кхочушдеш лаьттина иза Меднахь ша даьккхиначу итт
шарахь, ткъа цул тIаьхьа дIакхелхина иза (АллахIера салават а, салам а хуьлда
цунна). Амма цуьнан дин ша ма-дарра бухадисина! Цхьа а дика дац - цо шен умматна
гайтанза, я вон а дац - цо шен уммат цуьнах ларданза.
Цо гайтина долу дика - Тавхьид а, АллахIна мел дезарг а, И реза волуш
мел дерг а ду.
Цо ларло баьхна долу вон - ширк ду, АллахIна мел цадезарг а, Цо
бехк бокхуш мел дерг а ду.
АллахIа вайн элча дерриге адамалле ваийтина ву, дерриге жинашна а, адамашна а парз
дина тIе а диллина цунна муьтIахь хилар. Цуьнан тоьшалла АллахIан къамел ду:
«ДIаала: «ХIай, адамаш! Со – шуьга массаьрга а
вайитина АллахIан элча ву»» («ал-АIраф» сурат,
7:158).
АллахIа цуьнгахула Шен дин дуьззина, кхоччуш дина царна. Цуьнан
тоьшалла АллахIан къамел ду:
«Тахана Аса дуьзна шуна шун дин. Шуьга кхоччуш Сайн
ниIмат дIа а кхачийна Аса. Ислам - шун дин хила реза а хили Со» («ал-Маида» сурат, 5:3).
Пайхамар (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дIакхелхина хилар тIечIагIдо
Сийлахь-Везачу АллахIан къамело:
«Боккъалаъ, хьо а лийр волуш ву, уьш а бу лийр болуш.
Цул тIаьхьа, къематдийнахь, шайн Далла гергахь вовшашца къийсадала хIуьттур ду
шу» («аз-Зумар» сурат, 39:30-31).
Адамаш, деллачул тIаьхьа юха ден а дина, гIовттор долуш ду. Цуьнан
тоьшалла Сийлахь-Везачу АллахIан къамел ду:
«Оха цуьнах (латтанах) кхоьллина шу. Цуьнга юха а
дерзор ду Оха шу. Цигара юха хьала а дохур ду Оха шу» («ТIахIа» сурат, 20:55).
АллахIа иштта аьлла:
«АллахIа латтанах кхиийна шу, ораматаш санна. Цул тIаьхьа
Цо цуьнга дерзор а ду шу. Юха а цигара хьаладохур долуш а ду Цо шу» («Нухь» сурат, 71:17-18).
ГIиттийначул тIаьхьа адамашка барт хоттур бу. Шайн Iамалашка
хьажжина бекхам а хир бу царна. Оцу хьокъехь Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«АллахIан ду стигланашкахь мел дерг, лаьтта тIехь мел
дерг: зуламхошна бекхам бархьамма - цара диначуьнна дуьхьал, дика диначарна - диканца
бекхам бархьамма а» («ан-Нажм» сурат, 53:31).
ГIовтториг хилар харц мел дийриг - гаур ву. Оцу хьокъехь
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«АллахIах цатешачарна моьттуьра - шаьш дендийр дац. ДIаала
цаьрга: «Мелхо а, сайн Делах дуй ма кхуллу аса: билггал, гIовттор долуш ма ду
шу, ткъа цул тIаьхьа шуна дIадовзуьйтур долуш а ма ду аша мел динарг. Иза - АллахIна
атта ду»» («ат-ТагIабун» сурат, 64:7).
АллахIа массо а элчанаш (керстанашна) кхерам хилар дIахьедеш а, (бусалбанашна)
хаза кхаьънаш дохьуш а бахкийтина бу. Оцу хьокъехь Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«Оха элчанаш бахкийтина - хаза кхаъ хьуш, кхерам хилар
дIахьедеш, элчанаш бахкийтиначул тIаьхьа АллахIна дуьхьал даккха цхьа а хIума
ца хилийта» («ан-Нисаъ» сурат, 4:165).
Элчанех хьалхараниг Нухь хилла (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), ткъа тIаьххьараниг -
Мухьаммад хилла (АллахIера къинхетам а,
маршо а хуьлда цунна). Иза - пайхамарех тIаьххаьраниг а ву. Дуьххьара
ваийтина элча Нухь хиларан тоьшалла Сийлахь-Везачу АллахIан къамел ду:
«Боккъалаъ, Оха хаам боссийна хьоьга а, Нухье а, цул
тIаьхьа баьхкиначу пайхамаршка а хаам ма боссабарра» («ан-Нисаъ» сурат, 4:163).
Массо а умматашна АллахIа элчанаш бахийтина - Нухьана тIера дIадолийна
Мухьаммадна тIекхаччалц, цхьана АллахIна лолла дар царна тIедуьллуш а,
тIагIутана лолла дар царна доьхкуш а. Цуьнан тоьшалла АллахIан къамел ду:
«Боккъаллаъ, массо а уммате элча вахийтина оха: «АллахIна
лолла де, тIагIутах ларло» аьлла (омра а деш)» («ан-Нахьл» сурат, 16:36).
АллахIа массо а Шен лайшна тIедиллина Шех тешар а, тIагIутаца
керстаналла дар а.
Ибн ал-Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цуьнах) аьлла:
«ТIагIут олу – лолла дарехь а, тIаьхьавазарехь а, муьтIахь
хиларехь а тоьхна долучу дозанал лай тIехволуш долучу хьокъехь».
ТIагIуташ дуккха а ю, амма царех коьртаниш пхиъ ю:
1) Иблис
(Делан неIалт хуьлда цунна).
2) Шена и
дарна реза а волуш, шена лолла дайтинарг.
3) Нах
шена лолла даре кхайкхина верг.
4) Дала
къайладинарг шена хаьа бохуш верг.
5) АллахIа
боссийначу буха тIехь а доцуш хьукма дийриг.
И дагардинарш гойту тоьшалла АллахIан къамелехь ду:
«Динехь ницкъ бар дац. Нийса некъ къаьстина ма баьллий
тиларах. ТIагIутаца керстаналла а дина, АллахIах тешнарг - цо уггаре а тешаме тIам
лаьцна» («ал-Бакъарат» сурат, 2:256).
Иза - хIокху «Кхин дела вац, шена лолла дан хьакъ долуш,
АллахI воцург» бохучу тоьшаллин чулацам а бу.
Пайхамара (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «ХIокху гIуллакхан (динан)
корта – Ислам ду, цуьнан бIогIам - ламаз ду, цуьнан бохь - АллахIан новкъахь жихIад дар ду».
Ткъа массарел а дика хуург АллахI ву!
АллахIера къинхетам а,
маршо а хуьлда вайн Пайхамарна Мухьаммадна а, цуьнан доьзална а, цуьнан
асхьабашна а!