Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«Оха, тоам боллуш, дехха даха оьмар ца елира шуна - (оцу муьрехь) меттаван тарлуш (лууш) верг меттававаллал? (Цул а сов) шу лардеш хьехамча а ма веара шуьга» («ФатIыр»: 37).
Ибн Iаббаса а, кхин дуккхаъчу тидархоша а аьлла:
«Цуьнан маьIна: «Кхузткъа шаре оьмар ца яхйира Оха шун?»».
(Оцу кепара и тидар нийса хилар) тIечIагIдеш хьадис а ду, Сийлахь-Везачу АллахIан пурбанца, вай лахахь далон долу.
Кхинболучара аьлла:
«Цуьнан маьIна: берхIитта шаре (бохург) ду».
Вукхара аьлла:
«Цуьнан маьIна: шовзткъа шаре (бохург) ду».
Изза баьхна ал-Хьасан (ал-Басарис) а, ал-Калбис а, Масрукъа а. Цул совнаха, оцу кеппара ибн Iаббаса а элира аьлла а дийцина.
Иштта оцу хьокъехь дийциначарех ду: Меднарчу бахархошха, цхьаъ дезткъа шаре ваьлча, доллу гIуллакх дIа а тосий, (шен йиссина оьмар ша ерриге а) Iибадатна хьажош хилла хилар.
Иштта дийцина:
«Иза – кхиъна волу (гIеметтавоьду) хан ю»[1]
Сийлахь-Везачу (АллахIан) дешнех дерг аьлча: «(Цул а сов) шу лардеш хьехамча а ма веара шуьга» - ибн Iаббаса а, иштта дукхаха болучу (Iеламнаха) а аьлла:
«Иза – пайхамар ву (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)».
Иштта а дийцина:
«Цигахь дуьйцурш – къоьжа чоьш ду».
Изза Iикримас а, ибн Iуйайнас а, и шиъ воцучара а аьлла. Ткъа цуьнах дерг (массарначул а) дикаха хуург АллахI ву.
112. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIа стагана гечдеш ду кхузткъа шаре валлалц, цуьнан оьмар тIаьхьа а тоьттуш[2]» (Бухари: 6419).
Iеламнаха аьлла:
«Цуьнан маьIна: (Оцул тIаьхьа) АллахIа стагана бехкзало юьтур яц, хIунда аьлча Цо иза ерриге оцу ханчохь вехха ваха витинера».
(Iаьрбоша) олуш ду:
«Стеган бехказвийлар къобалдеш ду - билгалдиначу дозане кхаччалц».
113. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «(Мухха а цкъа) Iумара (АллахI реза хуьлда цунна) ша волучу дIакхайкхинера со[3], Бадран тIамехь дакъалаьцна хилла болучу баккхийрачу нахаца цхьаьна[4]. (ТIаьххьара а), хетарехь, и (гIуллакх), царех цхьанна цатайначух тера ду[5]. Ткъа цо хаьттина Iумаре: «Иза стенна вогIу тхьоьца цхьаьна хIокху чу, хIунда аьлча тхо цуьнан хеннара бераш а долуш (хенара нах ду)!?». Царна (жоп луш) Iумара аьлла: «Шуна ма-хаъара, ма дуй, ткъа, цуьнан хьал!»[6] Цкъа цхьана дийнахь, со схьа а кхайкхина, цаьрца цхьаьна чувигира цо. Суна хетарехь, оцу дийнахь цо (со кхайкхар) - царна гайтарна доцучу[7], кхечу цхьана а хIуманна дацара. Iумара элира: «Сийлахь-Везачу АллахIан хIокху дешнийн хьокъехь хIун эра дара аша: «АллахIан гIо а кхаьчча, толам а беъча»[8] (Оцу чохь хиллачарех) цхьаболучара элира: «(Иза) - вайга дина омра ду-кха: АллахIна хастамбе, Цуьнга шайна гечдар а деха аьлла, Цо вайна гIодиначуй, толам беллачуй хенахь». Ткъа важаберш, бист а ца хуьлуш, цхьа а хIуммаъ ца олуш, IадIийра. ТIаккха (шен хаттар) соьга делира цо: «ХIай, ибн Iаббас! Ахьа а боху цара аьлларг?». Аса жоп делира: «ХIан-хIа». Цо хаьттира: «Ткъа, хIун олу ахьа оцу хьокъехь?». Аса жоп делира: «Кхузахь юьйцург - АллахIан элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) оьмар ю, (иза чекхъяла гергаяхана хилар хоуьйтуш, АллахIа) цуьнга хаам бина. АллахIа аьлла: «АллахIан гIо а кхаьчча, толам а беъча» - иза хьан оьмар чеккхъяла гергаяхаран билгалонах хир ду хьуна. Ткъа оцу хенахь: «…Хастам беш сийлахьве хьайн Дела, гечдар а деха Цуьнга. Бакъдолуш, даима тоба къобалдийриг ву И» («ан-Наср»: 3). (Сан жоьпе ла а доьгIна) Iумара (АллахI реза хуьлда цунна) элира: «Суна хууш-м дац оцу суратан хьокъехь цхьа а хIума, ахьа аьлларг доцург» (ал-Бухари: 4970).
114. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хIара сурат доссийначу хенахь: «АллахIан гIо а кхаьчча, толам а беъча…»[9] - АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьа а ламаз деш ма дацара, (ша и дечу хенахь) хIара доIа ца доьшуш[10]: «Сийлахьалла Хьан ю, тхан Дела, хастам а Хьуна бу! Я, АллахI! Гечдехьа суна!» («Субхьанака, роббана, ва бихьамдика, игIфирли!») (ал-Бухари: 4967, Муслим: 484).
Оццу хьадисан шина а «Сахьихь» жайнахь долучу кхечу ривайатехь далийна (Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна)) элира аьлла: «АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шен рукуIашкахь а, сужданашкахь а (хIара дешнаш) дуккхазза а олуш вара: «Сийлахьалла Хьан ю, тхан Дела, хастам а Хьуна бу! Я, АллахI! Гечдехьа суна!» («Субхьанака, роббана, ва бихьамдика, игIфирли!»).
Цо иза - Сийлахь-Везачу АллахIа КъурIанахь (хIокху аятехь) шена тIедиллинарг кхочушдархьама деш дара: «Хастам беш сийлахьве ахьа хьайн Дела! Гечдар а деха ахьа Цуьнга».
«КъурIано тIедиллиначунна тIаьхьавозуш» бохучуьнан маьIна: КъурIанахь Сийлахь-Везачо Шен дешнашкахь тIедиллинарг кхочушдеш: «…Хастам беш сийлахьве ахьа хьайн Дела! Гечдар а деха Цуьнга».
Оцу хьадисан Муслима далийначу ривайатехь (Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна)) аьлла: «Кхалхале хьалха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) кест-кеста олура: «Сийлахьалла Хьан ю, тхан Дела, хастам а Хьуна бу! Я, АллахI! Гечдехьа суна, тоба до аса Хьоьга!» («Субхьанака, АллахIумма, ва бихьамдика, астагIфирука, ва атубу илайка!»)
Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Аса хаьттира: «ХIай, АллахIан элча! Суна хьоьгара хезаш долу и керла ала долийнарш хIун дешнаш ду ахьа?». Цо жоп делира: «Сан умматехь билгало йина суна - сайна и гича, со уьш баха хIоттавезаш». (И билгало Сийлахь-Везачуьнан дешнаш ду): «АллахIан гIо а кхаьчча, толам а беъча…» - кхиндIа и сурат дерриге чекхдаллалц.
Оцу хьадисан кхечу (Муслима далош долучу ривайатехь Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) элира аьлла) дийцина: «АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) (цхьана ханна тIера дIа) кест-кеста (хIара дешнаш) баха вуьйлира: «Сийлахьалла АллахIна ю, хастам а бу Цунна! АллахIе гечдар доьху аса, тоба а до аса Цуьнга!» («СубхьаналлахIи, ва бихьамдихIи, астагIфируллахIа, ва атубу илайхIи!»).
(Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Аса элира: «ХIай, АллахIан элча! Ахьа кест-кеста дешнаш олуш ма хеза суна: «Сийлахьалла АллахIна ю, хастам а бу Цунна! АллахIе гечдар доьху аса, тоба а до аса Цуьнга!». Цо жоп делира: «Сан Дала хаам бина соьга - суна сайн умматехь цхьа билгало гур йолуш ю аьлла, ткъа сайна и гича, аса хIара дешнаш кест-кеста баха дезар долуш. Ткъа и билгало хIара ю: «АллахIан гIо а кхаьчча, толам а беъча…». Оцу дешнийн чулацам – Макка яккхар ду[11]: «…Хьайна нах а байча - тобанашкахь АллахIан дине боьрзуш, Хастам беш сийлахьве ахьа хьайн Дела, гечдар а деха ахьа Цуьнга. Бакъдолуш, даима тоба къобалдийриг ву И».
115. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «Боккъалаъ, доллучунна ницкъ кхочуш, Сийлахь-Веза волучу АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), иза кхалхале хьалха дукха хан йоццуш, тIаьхьий-хьалхий хаамаш биссийра. Хьалхачул а дукха хаамаш биссочу хенахь кхалха а кхелхира иза» (ал-Бухари: 4982, Муслим: 3016).
116. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ХIора (АллахIан) лай денвийр ву - лечу хенахь хиллачу хьолехь» («Муслим»: 2878)[1] Кхечу дешнашца аьлча, иза – стаг ша мел дечух дуьззина жоьпаллехь хуьлуш волу хан ю. Имам аш-ШафиIис гIеметтахIоттар - пхийтта шо кхачарца ду аьлла къастийна, ткъа имам Абу Хьанифас – берхIитта шо кхачарца ду аьлла.
[2] Вуьшта аьлча, оцу хене вахана стаг, гIиллакх-оьздангаллица дуьстина аьлча, ала йиш йолуш вац: «Нагахь АллахIа суна сан дахар дахдахь - аса дика гIуллакхаш дийр ду». ХIунда аьлча и гIуллакхаш дан а, дика Iамалш ян а тоъал еха оьмар яра Цо цунна елларг.
[3] Пачхьалкхан а, динан а коьртачу гIуллакхийн хьокъехь тайп-тайпанара сацамаш тIеэцаран декхарш кхочушдеш хиллачу кхеташонан декъашхо а вина.
[4] Вуьшта аьлча, пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) уггаре а лоруш болучу асхьабашца цхьаьна.
[5] Цигахь вуьйцург - Iабд ар-Рохьман ибн Iавф ву (АллахI реза хуьлда цунна).
[6] Iумар (АллахI реза хуьлда цунна) царна дагадоуьйтуш ву - IабдуллахI ибн Iаббас (6I9-686) (АллахI реза хуьлда цаьршинна) пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо ахуьлда цунна) доьзалан гонан уггаре уллерачу гергарачарех верг хилар, сел жима воллушехь, динан Iилманаш довзарца къаьстина хилар а.
[7] Вуьшта аьлча, царна гайтархьама: ша со сел ларамечу нахаца ша волучу эрна кхойкхуш цахилар.
[8] Сурат «ан-Наср», 1.
[9] Вуьшта аьлча: «ан-Наср» сурат.
[10] РукуIашкахь а, сужданашкахь а бохург ду и.
[11] Бусалба нах Макки чу бахана 630-чу шеран 12-чу январехь.