53. Ал-мугIира ибн ШуIба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ламаз оьцучу хенахь цунна уллохь вара со. Со охьатаьIира цуьнан когара маьхьсеш дIаяхархьамма. ХIетахь цо элира: «ДIамаяха ахьа уьш, хIунда аьлча когаш а дилина тIейоьхна ю аса уьш»» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 206, Муслим: 274).
Ал-МугIира ибн ШуIба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) маьхьсешна тIехула а, бухахула а дира масхьа» (хIара хьадис, гIийла зIе а йолуш, далйинарш Абу Дауд: 165, ат-Тирмизи: 97, ибн Мажа: 550).
54. Iелас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Дин хетаршна тIедоьгIна делахьара - маьхьсешна бухахула масхьа дар хьекъале хир ма дара, тIехула тIе дечул а. Делахь а, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шен маьхьсешна тIехула масхьа деш гина суна» (хIара хьадис, дика иснад а ялош, далийнарг Абу Дауд ву: 162).
55. Сафван ибн Iассала (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Тхо новкъа даха девллачу хенахь Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), тхайн когара маьхьсеш кхаа дийнаххьий, кхаа бусий дIамаяха олий, омра дора тхоьга - жимачу гIуллакхна арадаханехь а, я доккхачу гIуллакхна даханехь а, я наб кхеттачул тIаьхьа а. Уьш (когара) дIаяха езаш яра, нагахь лийчар тIедоьжнехь» (ХIара хьадис далийнарш ан-Насаи: 127, ат-Тирмизи: 96. Ткъа хьадисан дIаяздар ат-Тирмизиниг ду. Ат-Тирмизис а, ибн Хузайма а: 1/13 бакъ хьадис ду аьлла хIара).
56. Абу ТIалибан кIанта Iелас (АллахI
реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а
хуьлда цунна) некъахочунна кхаа дийнахь-бусий
маьхьсешна тIе масхьа дан магийра, ткъа шен цIахь волучунна - дийнахь-бусий
(магийра)» (хIара хьадис далийнарг Муслим ву: 176).