منهج السالكين وتوضيح الفقة في الدين
МанхIаж ас-саликин ва тавдихь ал-фикъхIи фид-дин
Керла: Зуда ялоран бехкамаш - скачать |
40-ГlА ДАКЪА
[ЗАКАТАШ ДIАСАДЕКЪАР]
Закат сийлахьчу
АллахIа Шен ларамечу Къуръан чохь хьахийначу бархI тайпанна дала дезаш ду: (СагIанаш догIуш ду
пекъарашна а, мисканашна а, и (гул деш, дIасадоькъуш) цу тIехь болх
бечарна а, церан дегнаш (ислам динна) тIеозон луучарна
а, леш маьрша баха а, декхархошна а, АллахIан новкъахь харжаш ян а, (карахь хIума доцуш бисинчу) некъахошна) ат-Тавба: 60.
Хьахийначарех
болуш болучарна лур ду и, амма лаххара а дийцинчу хIора тайпанах кхааннан кхачо
деза, закат тIехь болх беш волу белхало воцучунна.
Пхеа тайпа нахана закат дала мегаш дац: Хьал долучунна: я бахам хиларца, я бан болх хиларца. Лешна. ХIашиман а, МуттIалибан а тIехьенна. Керстана.
Закат даккха догIучо напкха латтон дезаш болучарна я пекъарш, я мисканаш
хиларан бахьаница дала йиш яц и, ткъа царна дала мегаш ду иза - уьш гIазоташ я декхархой хилар бахьаница.
39-ГlА ДАКЪА
[МАРХИН
САХЬ ДАККХАР]
Мархин сахь
даккхар важиб хуьле тIедужу кхаа бехкамца: 1- Бусулба хилар. 2- Рамадан беттан
тIаьххьарчу дийнахь малх чубузар. 3- Шена а, шен доьзална а (марха достучу) цу
дийнахь оьшучул сов кхача хилар. Шен махкарчу кхачанах мархин цхьацца сахь
даккха декхар ву стаг шена тIера а, ша
напкха латтон дезаш болчу бусулбанашна тIера а. Сахьан барам Iиракъан пхи геркий,
геркан кхоалгIа дакъий бу.
38-ГlА ДАКЪА
[МАХЛЕЛОРАН БАККХАЛ ТIЕРА ЗАКАТ ДАККХАР]
Махлелоран баккхалан, шеран чаккхенгахь цунах деллачу (ахчанца) мах хIоттийна, цу тIера уьтталгIачу декъан доьалгIа дакъа даккха догIу (закат).
Дешин а, детин а маьIданашкара даьккхинчу мехала хIуман тIера
хене хьажийна ца латтош уьтталгIачу декъан доьалгIа дакъа даккха догIу (закат).
Ткъа карийначу хазнан тIера хене хьажийна ца латтош
пхоьалгIа дакъа даккха догIу (закат).
37-ГlА ДАКЪА
[ЯЛТАШНА А, СТОЬМАШНА А ТIЕРА ЗАКАТ ДАККХАР]
Ялташна а,
стоьмашна а тIера закат даккха догIу барам пхеа
вускъан тIера дIаболало. Ткъа иза - Iиракъан эзарий ялх бIе геркане нисло. Цул сов даьллачунна тIера (лакхарчу барамца лерина) дала
кхачош доллу дакъа дала деза. Нагахь и (ялта) догIанан хишца, я татолан хишца кхиъна
далахь – цу тIера уьтталгIа дакъа даккха догIу. Нагахь (ялташна)
хиш хи тухучу чкъургаца а, тIекхехьарца а дехкина далахь – уьтталгIа декъан ах дакъа дала догIу. Нагахь цунах ах (догIанан, татолан) хишца, ткъа важа ах
(тIекхехьна долу) хиш дохкуш кхиъна далахь – уьтталгIа декъан деа декъах кхоъ дала догIу.
36-ГlА ДАКЪА
[ДЕШИХ, ДЕТИХ ЗАКАТ ДАККХАР]
Дешина тIера закат даккха догIу барам ткъа мискъал(1) тIера дIаболало. Ткъа цу тIера уьтталгIачу декъан доьалгIа дакъа (2,5%) даккха деза, (мискъалашца аьлча) ах мискъал нисло и. Цул сов даьллачунна тIера (лакхарчу барамца лара а лоруш) цуьнах дала кхачош доллу дакъа дала деза. Детих закат даккха догIу барам ши бIе дирхIам(2) тIера дIаболало. Ткъа цу т1ера уьтталгIачу декъан доьалгIа дакъа даккха деза, (дирх1амашца аьлча) пхи дирхIам нисло и. Цул сов даьллачунна тIера (лакхарчу барамца лара а лоруш) цуьнах дала кхачош доллу дакъа дала деза. Адамашна лелон магийначу мехала хIуманашна(3) тIера закат ца догIу.
________
1.
20- мискъал: герггарчу хьесапехь 80-ткъа гарам дешица нисло.
2.
Ши бIе
дирхIам:
герггарчу хьесапехь 560-ткъа гарам детица нисло.
3.
Магийначу мехала хIуманех
ю: Стегаршна магийна детин мухIар, зударша кечлуш лелош долу хIазарш.
35-ГlА
ДАКЪА
[ЦХЬАЬНАТОЬХНАЧУ ДОХНАН ТIЕРА ДОККХУЧУ ЗАКАТАН БАРАМ]
Цхьаьнатоьхнчу шина дохнан тIера
закат даккха деза, цхьана стеган даьхнин т1ера санна, нагахь бархI бехкам кхочуш хилахь:
1. Божал цхьаъ делахь.
2. (Дежийле лахкале) дIагулден меттиг
цхьаъ елахь.
3. Дежийла цхьаъ елахь.
4. Боьршаниг (эра, айгIар) цхьаъ белахь.
5. Руьйта (химолийла) цхьаъ елахь.
6. Даьхни узург цхьаъ велахь.
7. Даьхнин уза меттиг цхьаъ елахь.
34-ГlА ДАКЪА
[УЬСТАГIАШНА ТIЕРА ДОККХУЧУ ЗАКАТАН БАРАМАШ ДУЬЙЦУ ДАКЪА]
УьстагIашна тIера даккха догIучу закатан юьхьанцара барам: шовзткъа корта бу. Ткъа цу тIера - цхьа шо
кхаьчна, шолгIа шаре баьлла стен уьстагI бала
беза, я ши шо а кхаьчна, кхоалгIа шаре яьлла стен цхьа газа яла
еза. Цхьа бIе ткъе цхьайтта уьстагIна тIера - ши
уьстагI бала беза. Ши бIе цхьана уьстагIна тIера - кхо уьстагI
бала беза. Биъ бIе уьстагIна тIера - биъ уьстагI бала беза. Цул т1аьхьа хIор бIенна тIера цхьацца уьстагI бала беза.
Страница 380 из 384