61. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), ламаз дIадоьхкучу хенахь, АллахI воккхаваран дешнаш ма-элли, Къуръан деша дIаволавалале хьалха йоццачу ханна соцунгIа хуьлура. Цул тIаьхьа Къуръан деша дIаволалора иза. Аса цуьнга хаьттира оцу хьокъехь дерг. Цо суна дийцира оцу хенахь ша доьшуш дерг: «Я,
АллахI! Гена ваккхахьа со сайн къинойх - Айхьа малхбале малхбузенна гена ма
яккхара. Я, АллахI! Сайн къинойх дIацIанвехьа со - кIайн бедар мIоданех
дIамацIанъярра. Я, АллахI! Вилахьа со сайн къинойх лайца а, хица а, къоранца а»
/АллахIумма баIид байни ва
байна хатIайайа кама баIадта байнал-машрикъи вал-магIриби. АллахIумма наккъини
мин хатIайайа кама йунаккъас-савбул абйаду минад-данаси. АллахIуммагI-силни мин
хатIайайа бис-салжи, вал-маи, вал-баради/» (ал-Бухари:
744, Муслим: 598).
62.
Жубайр ибн Мутlима
(Аллахl
реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а
хуьлда цунна) ламаз доьхкуш, АллахI воккхаваран дешнаш аьллачул тIаьхьа, олуш
гира шена: «Аллахl (дукха)
воккха ву, (кхин долчу) массо а хlумналла, боккха хастам а бу
Аллахlана,
Сийлахьалла а ю Аллах1ана 1уьйранна а, сарахь а! (кхузза алара и). АллахIаца
ларло со, Цо Шен къинхетамах генадаьккхиначу шайтIанах: (цо даг чу туьйсучу) цуьнан
кураллех а, цуьнан (х1умма йоцу, телхиначу) байташха а, цуьнан т1ех1усдарха а (цо
хьераволучу тIевоккхуш долу)» /Аллахlу акбару кабиран, вал хьамду лиллахlи касиран, ва субхьаналлахlи букратан ва асила! АIузу биллахIи
минаш-шайтIанир ражими, ва мин нафхихIи, ва нафсихIи, ва хIамзихIи/.
(Абу Дауд: 764, Ибн Мажа: 807, Ахьмад: 85/4).
63. lайшата а, Абу Саlида а, кхечара а (АллахI реза хуьлда царна) дийцина, Пайхамара
(Аллахlера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ламазан юьххьехь гуттара а олуш дара: «Я,
АллахI! Ала
х1ума доцуш ц1ена ву Хьо! Хастам а бу Хьуна! Беркате ю Хьан цIе а! Массо
хIуманал доккха ду Хьан сийлахьалла а! Кхин дела а вац, Хьо воцург! /Субхьанака
аллахlумма
ва бихьамдика, ва табарокасмука, ва таlа жаддука, ва лаилахlа гlайрука/»
(ат-Тирмизи: 243, Ибн Мажа: 806, ат-Тlахьави: 117/1, ад-Даракъутlни: 301/1, ал-Байхlакъи: 34/2).
64. lумара (Аллахl реза хуьлда цунна) дийцина: «(Пайхамара,
Аллахlера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, ламаз доьхкуш олу) акбар аьлла, тlаккха хlара доlа дийшира. (/Субхьанака
аллахlумма
ва бихьамдика, ва табарокасмука, ва таlа жаддука, ва лаилахlа гlайрука/)»
(Муслим: 52/399).