• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт

Матну абу шужаI: махлелоран баккхал тIера закат даккхар

Опубликовано: 21 ноября 2014

38-ГlА ДАКЪА

[МАХЛЕЛОРАН БАККХАЛ ТIЕРА ЗАКАТ ДАККХАР] 

Махлелоран баккхалан, шеран чаккхенгахь цунах деллачу (ахчанца) мах хIоттийна, цу тIера уьтталгIачу декъан доьалгIа дакъа даккха догIу (закат).

Дешин а, детин а маьIданашкара даьккхинчу мехала хIуман тIера хене хьажийна ца латтош уьтталгIачу декъан доьалгIа дакъа даккха догIу (закат).

Ткъа карийначу хазнан тIера хене хьажийна ца латтош пхоьалгIа дакъа даккха догIу (закат).

Матну абу шужаI: ялташна а, стоьмашна а тIера закат даккхар

Опубликовано: 19 ноября 2014

37-ГlА ДАКЪА 

[ЯЛТАШНА А, СТОЬМАШНА А ТIЕРА ЗАКАТ ДАККХАР]

Ялташна а, стоьмашна а тIера закат даккха догIу барам пхеа вускъан тIера дIаболало. Ткъа иза - Iиракъан эзарий ялх бIе геркане нисло. Цул сов даьллачунна тIера (лакхарчу барамца лерина) дала кхачош доллу дакъа дала деза. Нагахь и (ялта) догIанан хишца, я татолан хишца кхиъна далахь – цу тIера уьтталгIа дакъа даккха догIу. Нагахь (ялташна) хиш хи тухучу чкъургаца а, тIекхехьарца а дехкина далахь – уьтталгIа декъан ах дакъа дала догIу. Нагахь цунах ах (догIанан, татолан) хишца, ткъа важа ах (тIекхехьна долу) хиш дохкуш кхиъна далахь – уьтталгIа декъан деа декъах кхоъ дала догIу. 

Ламаз шен хеннахь дар къайленийн хазна 10 шайх вахьийд Iабдуссалам балий

Опубликовано: 13 ноября 2014
Новая страница 3

скачать

 

Матну абу шужаI: деших, детих закат даккхар

Опубликовано: 06 ноября 2014

36-ГlА ДАКЪА 

[ДЕШИХ, ДЕТИХ ЗАКАТ ДАККХАР]

Дешина тIера закат даккха догIу барам ткъа мискъал(1) тIера дIаболало. Ткъа цу тIера уьтталгIачу декъан доьалгIа дакъа (2,5%) даккха деза, (мискъалашца аьлча) ах мискъал нисло и. Цул сов даьллачунна тIера (лакхарчу барамца лара а лоруш) цуьнах дала кхачош доллу дакъа дала деза. Детих закат даккха догIу барам ши бIе дирхIам(2) тIера дIаболало. Ткъа цу т1ера уьтталгIачу декъан доьалгIа дакъа даккха деза, (дирх1амашца аьлча) пхи дирхIам нисло и. Цул сов даьллачунна тIера (лакхарчу барамца лара а лоруш) цуьнах дала кхачош доллу дакъа дала деза. Адамашна лелон магийначу мехала хIуманашна(3) тIера закат ца догIу.

________

1. 20- мискъал: герггарчу хьесапехь 80-ткъа гарам дешица нисло.

2. Ши бIе дирхIам: герггарчу хьесапехь 560-ткъа гарам детица нисло.

3. Магийначу мехала хIуманех ю: Стегаршна магийна детин мухIар, зударша кечлуш лелош долу хIазарш.

Матну абу шужаI: цхьаьнатоьхначу дохнан тIера доккхучу закатан барам

Опубликовано: 06 ноября 2014

35-ГlА ДАКЪА

[ЦХЬАЬНАТОЬХНАЧУ ДОХНАН ТIЕРА ДОККХУЧУ ЗАКАТАН БАРАМ]

Цхьаьнатоьхнчу шина дохнан тIера закат даккха деза, цхьана стеган даьхнин т1ера санна, нагахь бархI бехкам кхочуш хилахь:

1. Божал цхьаъ  делахь.

2. (Дежийле лахкале) дIагулден меттиг цхьаъ елахь.

3. Дежийла цхьаъ елахь.

4. Боьршаниг (эра, айгIар) цхьаъ белахь.

5. Руьйта (химолийла) цхьаъ елахь.

6. Даьхни узург цхьаъ велахь.

7. Даьхнин уза меттиг цхьаъ елахь.

Матну абу шужаI: уьстагIашна тIера доккхучу закатан барамаш дуьйцу дакъа

Опубликовано: 31 октября 2014

34-ГlА ДАКЪА

[УЬСТАГIАШНА ТIЕРА ДОККХУЧУ ЗАКАТАН БАРАМАШ ДУЬЙЦУ ДАКЪА]

УьстагIашна тIера даккха догIучу закатан юьхьанцара барам: шовзткъа корта бу. Ткъа цу тIера - цхьа шо кхаьчна, шолгIа шаре баьлла стен уьстагI бала беза, я ши шо а кхаьчна, кхоалгIа шаре яьлла стен цхьа газа яла еза. Цхьа бIе ткъе цхьайтта уьстагIна тIера - ши уьстагI бала беза. Ши бIе цхьана уьстагIна тIера - кхо уьстагI бала беза. Биъ бIе уьстагIна тIера - биъ уьстагI бала беза. Цул т1аьхьа хIор бIенна тIера цхьацца уьстагI бала беза.

Матну абу шужаI: бежанашна тIера доккхучу закатан барамаш дуьйцу дакъа

Опубликовано: 31 октября 2014

33-ГlА ДАКЪА

[БЕЖАНАШНА ТIЕРА ДОККХУЧУ ЗАКАТАН БАРАМАШ ДУЬЙЦУ ДАКЪА]

Бежанашна тIера даккха догIучу закатан юьхьенцара барам: Ткъе итта бежана ю. Ткъа цу тIера - цхьа шо кхаьчна, шолгIа шаре яьлла таргIа яла еза. Шовзткъа коьртан тIера - ши шо кхаьчна, кхоалгIа шаре даьлла цхьа шинар дала деза. Кхи дIа цу барамийн хьесапца нисдан деза даккха догIучу закатан барамаш.

Матну абу шужаI: эмкалшна тIера доккхучу закатан барамаш дуьйцу дакъа

Опубликовано: 31 октября 2014

32-ГlА ДАКЪА

[ЭМКАЛШНА ТIЕРА ДОККХУЧУ ЗАКАТАН БАРАМАШ ДУЬЙЦУ ДАКЪА]

Эмкалшна тIера даккха догIучу закатан юьхьенцара барам: пхи эмкал ю. Ткъа царна тIера цхьа уьстагI бала беза. Иттанна тIера – ши уьстагI бала беза. Пхийттанна тIера – кхо уьстагI бала беза. Ткъанна тIера - биъ уьстагI бала беза. Ткъе пхаьанна тIера – шо кхаьчна, шолгIа шаре яьлла йолу стен цхьа эмкал яла еза. Ткъе ялхиттан тIера – ши шо кхаьчна, кхоалгIа шаре яьлла стен цхьа эмкал яла еза. Шовзткъе ялханна тIера – кхо шо кхаьчна, доьалгIа шаре яьлла стен цхьа эмкал яла еза. Кхузткъе цхьанна тIера – диъ шо кхаьчна, пхоьалгIа шаре яьлла стен цхьа эмкал яла еза. Кхузткъе ялхиттан тIера –  ши шо кхаьчна, кхоалгIа шаре яьлла стен ши эмкал яла еза. Езткъе цхьайттан тIера – кхо шо кхаьчна, доьалгIа шаре яьлла стен ши эмкал яла еза. БIе ткъе цхьанна тIера – ши шо кхаьчна, кхоалгIа шаре яьлла стен кхо эмкал яла еза. Цул тIаьхьа хIора шовзткъа эмкална тIера - ши шо кхаьчна, кхоалгIа шаре яьлла цхьацца стен эмкал лур ю. Ткъа хIора шовзткъе итт эмкална тIера - кхо шо кхаьчна, доьалгIа шаре яьлла цхьацца стен эмкал лур ю.

Къинойн бохаме тIаьхьенаш

Опубликовано: 19 июля 2014

КЪИНОЙН БОХАМЕ ТIАЬХЬЕНАШ

«Делера гIо доцуш висар, ойла талхар, бакъдолчух цакхетар, дог бехдалар, вуьйцу ца хезаш вар, пусар доцуш хан яйар, нехан дог далар, цунний-Далний юкъа хийро йолар, доIана жоп цадалар, дог дакъадалар, рицкъера а, хенера а беркат дIадаккхар,Iилманах ваккхар, сийсазалла хьарчар, мостагIчунна хьалха юьхьIаьржа хIоттар, некхехь хорам латтар, дог а талхош, хан а йойуш болчу накъосташца бале лацар, хаддаза сингаттам а, гIайгIа а латтар, хала дахар а,  бодане кхоллам а – ткъа и дерриг хих дегI хоьцу ялта санна, цIаро йохку цIераш санна, схьадуьйлуш ду Аллах1ан Iеса хиларх а, АллахI хьехорах херваларх а. Ткъа цу дагардинчунна дуьхьал мел дерг схьадолуш ду - АллахIана муьтIахь хиларх а, Цо бохург дарх а».

(Хьажа. «ал-Фаваид» агIо: 67. Ибн ал-Къаййим)


Подробнее...

Закат даккхар дуьйцу дакъа

Опубликовано: 13 июля 2014

31-ГlА ДАКЪА

[ЗАКАТ ДАККХАР ДУЬЙЦУ ДАКЪА]

Закат даккхар тIехь ду пхеа тайпа бахамна тIера:

1. Хьайбанаш.

2. Мехала бахам (в.аь. деши, дети).

3. Ялташ.

4. Стоьмаш.

5. Механ лело товараш.

 

Ткъа хьайбанашха дерг аьлча, царех кхаа тайпанна тIера закат дала деза:

1. Эмкалш.

2. Хьелий (бежнаш).

3. УьстагIий.

Подробнее...
  • Матну абу шужаI: велларг верзор
  • Матну абу шужаI: духарах хьарам дерг
  • Матну абу шужаI: кхераман ламазан куц-кеп
  • Шайх мухьаммад ал Iарифийс са дегIах дIа муха къаьста дуьйцу
  • Дайша шайн берашна ден зулам!
  • Къаьркъа молучуьнан ирча чаккхе!
  • Мисар пачхьалкхера дешархо
  • БахIауддинан кIант аслан
  • 200 хаттар-жоп Iакъидатах лаьцна
  • Шархь ал-манзума ал-хьаиййахl
  • Цигаьркаийзар дIатаса деза ахь!
  • Шайх хьувайнин жовхIаре жоьпаш
  • Нийса тоба даран некъ
  • Суннатхочуьнан бакъо юй шиитхо кериста ву аьлла, бехке ван
  • Никъабан хьукма хIун ду?
  • 420
  • 421
  • 422
  • 423
  • 424
  • 425
  • 426
  • 427
  • 428
  • 429

Страница 425 из 429

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2025, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft